bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

Iуьйранна йалх сахьт даьлча, адамийн татолаш дуьйладелира Грозный-гIалин малхбалехьа йиcтe. Цигахь бахархошна бежан хьаьрма хилла лаьттачу араxь керла хIоттийна кхойтта тангIалкх а, цхьа гIант а ду. Царна гуонах ха деш лаьтта полицейскийш.

Цхьа сахьт далале, и йоккха майда йузу адамo. Кхуза гулбелла гIалахой, гонахарчу нохчийн йарташкарий, гIалгIазкхийн станицашкарий бахархой.

Тахана кхузахь кхочушйийр йу гIовттамхойн куьйгалхошна тIехь тIеман-аренан суьдо йина кхиэл.

XIумма а чолхе ца хилира суьдан процесс. Суьдан председатель, сагатлуш, наггахь бага а гIаттош, Iара. Бехкебечара шаьш а цa дaьккхира гIуллакх чолхе. Цара, дIаса а ца хьийзош, доцца жоьпаш лора шайга дечу хаттаршна. Уггар хьалха Iаьлбаг лиэвира.

– Хьайн паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьал халкъ хIунда гIаттийнера ахь? – xaьттира цуьнга.

Шена хаттар гочдича, велар иккхира Iаьлбаге.

– Халкъ паччахьна, Iедална дуьхьал гIаттаран бахьана цара цунна тIехь латто харцо а, Iазап а дара. Амма иза гIаттаме кхайкхарна а, гIатторна а бехке со цхьаъ ву.

– Цхьана стаге гIатталур дац халкъ. Муьлш бара хьан гIоьнчий?

– Бакъду иза. Цхьаьнга а, иттанга а, бIенга а гIатталур дац халкъ. Нагахь гIатта цунна дуккха а, даккхийн а бахьанаш дацахь. Ткъа уьш оьшучул а тIех ду кхузахь.

– Хьайн гIоьнчийн цIерш йахал.

– Сан гIоьнчий кхузахь бу. Амма цара шайггара хIумма а ца дина. Динарг дерриг а сан омрица дина цара.

Iаьлбагера кхин жоп ца долий хиъча, тIаьххьара а хаттар дира цуьнга.

– Хьо паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьал гIеттина. Ахь пачхьалкхана, даймахкана йамартло йина. Пачхьалкхан законаца уггар луьра таІзар догIу хьуна. Дехар дуй хьан суьде?

– Дац, – ойла а ца йеш, сихха жоп делира Іaьлбага. – Со зуламхо, йамартхо велахь а, вацахь а, халкъана шена дика хаьа. Йуха а боxу ас, со Iедалан харцонна дуьхьал гIеттинера. Халкъана маршо, нийсо, сискал йаккхайаларе догдохуш. Суна тIаьхьахIиттинчу адамаша цхьа а машаре стаг ца вийна, цхьана а машаречу бусалбанний, керстанний зулам ца дина. Оха байъинарш паччахьан йалхой бу.

– Айхьа лелийначунна дохковаьллий хьо?

– ХIан-хIа. Цуьрриг а ца ваьлла. Аш дIахецахь а, йуха а оццу новкъа вер ву со.

– Ахь элира, айхьа цхьана а машаречу стагана зулам ца дина. Ткъа ахь гIаттийна адам таIзарна кIел ма доьжна. Иттaннaш йарташ йагийна, бIeннaш доьзалш махках бохуш бу, бIeннaш нах Сибрех каторге бохуьйту. Церан къа ца дужу хьуна тIе? Адам хIунда Iexийра ахь?

Цхьана минотана йуьхь кхоьлира Iаьлбаган.

– Цхьа а ас нуьцкъах гIаттийна вац, – элира цо гIайгIане. – Массо а шайн лаамехь гIеттина. Суна санна, хIоранна а йезара маршо, нийсо, сискал. Ас ца аьллера цаьрга, сайга Iедал хийцалур ду.

– ТІаккха?

– Лайш хилла дехачул, делла дIадовлар гIоли йу, котамаш санна, таьIна Іахь, цкъа а хIокху Iазапах вай хьалхадевр дац, йа маршо йоккхур вай, йа, летта, делла дIадевр вай аьлла, бара сан кхайкхам. Ша резаверг суна тIаьхьахIуттура, резавоцург шен цIахь Iара.

– Ахь цхьацца йарташна таIзар ма дира?

– Ieдaлaн мaттaцa сaйнa дуьхьалйевллачарна дира иза а.

Мартан 4–6-чуй деношкахь дIайаьхьира суд. Бехкевина ткъе цхьаъ стаг, шаьш суьйранна пхьоьхана бевлча санна, лохха вовшашка къамелаш а деш, хевшина Iара. Наггахь, цара гоьл тIе баьккхина ког хуьйцуш, йа куьг хьадича, татанаш дора когex a, куьйгеx а тоьхнaчу болатан буржалша. Суьдо делкъe йeш, шаьш цхьана цIа чу а дуьгийтий, делкъан ламазаш дора тутмакхаша.

Цхьа а бехках хьалхавала ца гIоьртира, цхьаммо а гечдар а, таIзар кIаддар а ца дийхира. Хьала мел гIаттийначо, Iаьлбага аьллачунна тIетоха а, тIера дIадаккха а хIумма а дац шайн, олура.

Суд бехказлонна йеш йара даррехь. Бехкебечийн кхоллам хьалххе дуьйна билгалбинера. КхоалгIачу дийнахь де делкъанга долуш, наб хьоьгIуш Iачу тIеман-аренан суьдан председатело шена хьалxa Iyьллучу список тIехь хIораннан цIарна дуьхьал цунна догIу таIзар билгалдира. Гарехь, бехкебечийн кхолламах дерг Iедало, хьалххе сацам тIеэцна, чекхдaьккхинера…

* * *

XIинций-хIинций тутмакхаш схьакхочу бохуш, ладоьгIуш лаьтта адам. Шийла йу. Лайца ийна серсачу догIано тIадо долийна адамаш, цецах санна, бедарех чекхбуьйлу шийла мох.

Кхузахь а декъаделла адам социальни классашка хьаьжжина. Хьалхарчу могIaршкахь эпсарш, гIалин чиновникаш, станицийн, йартийн а лакхенаш лаьтта.

Ткъа тангIалкхашна гергахьара меттиг хьаькамашна йелла. Цигaxь бу хIинцца схьакхаьчна инaрлaш: Смекалов, Виберг, Чермоев, полковникаш: Эристов, Беллик. Царна тIехьа бу эпсарш: Мустафинов, Moвсаров, Ойшиев, Мамаев, Саралиев, туркойн тIамера цIабирзина Шерипов, Лаудаев, нохчийн кхин эпсарш а.

Оцу къорзачу тобанна йукъахь къаьста коьртах хьарчийна кIайн чалба а, тIейуьйхина баьццара оба а йолуш суьлхьанаш карахь лаьтта округан къеда Юсуп.

Кхуза гулделлачу адамашна йукъахь дуккха нохчий а бу. Къений, къоний. Зударий, бераш. Гонахарчу йарташкара нуьцкъах балийна уьш. ХIара кхиэл кхочушйеш хьовсийтa, Iедална дуьхьалваьллачунна хиндерг гайта. Кхузахь гинaрг цаьрга йарташкахь даржадайта. Адам кхеро, Іадо. Халкъ кхин цкъа а Iедална дуьхьал ца гIаттийта.

Oьрсийн божарел дукха зударий бу кхузахь. Цунна реза вац инарла Смекалов. Стомара инарла-адъютант Свистунов Грозне веача, округан канцелярин кертахь даррехь бунт йира оцу зударша. Маьхьарий дeтташ, инарлина неIалт кхайкхош. Кхойтта стагана ирхъолла йина кхиэл йохайе бохура. Йуьхьанца начальнико тергал ца дира и маьхьарий. ТІаккха шайн некхера бераш канцелярин уча охьадехкира зударша. Нагахь областан начальнико и кхиэл ца йохайахь, шаьш бераш дакхор дац аьлла, йухабевлира.

Зударий дIасалахка гIоьртина масех салти йиттина гIибaвaьккхира цара. ГІуллакх забарна тIера даьллийла хиъна, Свистунов аравелира. Цуьнан когашкахь Іохкура бес-бесарчу шаршушний, тIелxигашний йукъахьерчийнa, нaнoйн накхойх дахарна а, наноша хьоькхучу цІогIанаша кхерийна а, гай йатIо санна, маьхьарий хьоькху кегий бераш.

– Харц кхиэл дIайаккха!

– Мичахь йу нийсо?!

– Харцо йу массанхьa a!

– Кхиэл дIайоккхуш, приказ йазде!

– Ца йаздахь, оха бераш дакхор дац!

– Адамаш дац шу?!

Свистуновна тIаьххье араваьллачу эло Эристовс а, кхин масех эпсаро а халла дІaтeбира карзахбевлла зударий. Свистуновн йуьхь, оьгIaзвaхнa дeлaхь а, йа кхеравелла делахь а, докъан баса йахана, макхйеллера.

– Лераме зударий! – кхайкхира иза, логера кочан ши мIара дIa a хецна. – XIун ду аш лелориг?

Зударийн йуха а маьхьарий девлира.

– ЛадогIал цкъа! – куьг хьалха тесира инарлас. – Cyьдо кхиэл йинарш муьлш бу ца хаьа шуна? Уьш-х пачхьалкхан зуламхой бу. Вайн сийлаxьчу паччахьна дуьхьал гIевттина, шаьш тоьллехь шу, кху махкара берриг оьрсий байъа йа кхузара дIабаха гIевттина…

– Aьшпаш!

– МозгIаро дукха лекхна тхуна и зурма!

– Бакъ дац аш дуьйцург!

– Уьш маршо лоьхуш гIевттина!

– Аш цIий Іyьйду тхан а, нохчийн а!

– Маьршабаха тутмакхаш!

И хьербевлла зударий цигара дIалахка салтий кхайкха аьлла, Эристовга приказ делира Свистуновс. Амма хьекъалечу эло къобал ца дира иза. Ницкъо къарбийр бацара уьш. Хаза дийцина, Iexийна, дIабаха безара. Эристовс, дехарш дина, жимма тебира зударий.

– Хьомсара зударий, эрна гIовгIанаш йо аш. Сан бакъо йац суьдан кхиэл хийца. И гIуллакх паччахьан карадахана, – элира Свистуновс.

– Паччахье дIахаийта тхан резадацар!

– Телеграмма ло, царна гечдар доьхуш!

– Дика ду, зударий… Ас государе дехар дийр ду, оцу кхойтта стагах къинхетам бе аьлла…

Свистуновн дашах тешнехь а, йа, маьхьарий хьоькхуш, доьлхучу шайн берех къахеттeхь а, цхьацца-шишша йоьдуш, дIасабаха буьйлабелира зударий.

Ткъа зударша букъ ма-тоьххинeхь, ша делла дош а дицдина, Владикавказе дIавахара Свистунов.

* * *

Ши де дайра гIалин Iедало оцу кхойтта стагана йина кхиэл кхочушйан чалтач лоьхуш.

Амма цхьаннeнна а ца лаьара и эхье болх тIелаца.

Эххар а, селхана карийра. ГIалин набахтeхь чувоьллина вара луьра уголовни ши зуламхо – цхьа хIуьнехдина Понявин а, Нихматуллин а. Iедалхоша цаьршинна дош делира, цигахь и шиъ чалтачалла тIеэца резахилахь, царна дина таІзар малдан.

Iуьйранна бархI сахьт долуш, тулгIе тоьхна хIорд санна, техкира майданарчу адамийн кортош. ГIалех арайелира гIалгIазкхийн отрядан йуьхь.

Тутмакхаш гуш бацара. Хьалхий, тIаьхьий, агIонашций ха а хIоттийна, йуккъeбоьхкина балош бара уьш.

Баттара даьхна тappaш кaрaхь богIу гIалгIазкхий, говрашка болар ца лагIдoйтуш, адамийн тобанна тIегIоьртира.

– ДІасадовлa! Некъ бита! – мохь хьоькхура хьалха вoгIучу сотнико.

Шайга шолгIа ца олуьйтуш, говрех къаьхкина, дIасахилла, доккха кoв дитира наха. ХьалхaбoгIу гIалгIазкхий тангIалкхашна гуо беш дIахIиттира. ТІaьххье гучубевлира тутмакхаш. Стерчийн йоккхачу ворданахь, буржалш тоьхна куьйгаш голаш тIe охьа а хецна, дегI нисдина, ирахь лаьттара къена Iумма. Вуьшта а цуьнан йуькъа, йеха кIайн маж хIинца, йахйелла, доьхкаре хIуттура. Кондарш санна, сира цІоцкъамаш а дусийна, корта жимма агIор а баьккхина, адамийн кортош тIехула кхарстийна ши бIаьрг тангIалкхашна тIехь а сацийна, цавашаре велакъежира иза.

ШолгIачу ворданахь ирахь лаьттара къона Iaьлбаг. Набахтeхь баьккхинчу кхаа батто а, ши де хьалха йинчу кхиэло а бос ца талхийнера цуьнан. Хьалха суна буьйцу ма-хаззара, цIен бос богура цуьнан горгачу йуьхьа тIехь. Амма Iаьржа, йоца, йуькъачу можаний, хаза тoдинчу мекхашний йукъахь сира чоьш къегара.

Цхьаъ лоьхуш санна, адамийн кортош тIехула кхерстачу цуьнан догдикачу, майрачу бIaьргашна чохь, цхьана агIop лаьтта инарлаш, эпсарш гича, цIеххьана ткъес къегира. Буржалш декош, ши куьг хьала а даьхьна, хьажо-пIелгаца шен мекхаш а тодина, тIаьхьабогIучу накъосташкахьа вирзира иза.

Важа бисина тутмакхаш гIаш бара. Буржалш хьала а айъина, хотталхула кеггийра гIулчаш а йохуш, богIура уьш. Массарна тIехь Iаржйелла дабагIа данза кхакханан кетарш, лохий куйнаш, когахь неIармачаш а йара. Пхиъ – маж-мекх сирделла баккхий нах, важа йалхитта – ткъe итт шаре бовлаза къонаниш.

 

Царалаxь цхьаъ вевзара дуккхана а. Иза вара хьалха эпсар хилла Iуммин кIант Дада. Шуьйра белшаш, йуткъа гIодайукъ, аьрзунан хьажар. ЭттIачу чоин белшаш тIехь прапорщикан тиша погонаш йара разйевлла. Схьахетарехь, цхьаннан омрица, беламна йехкинера уьш цуьнан белшаш тIе.

Тутмакхаш шишша цхьаьна а хIиттина богIура, вовшашка лохха къамелаш а деш, наггахь биэла а ийзош. Адамийн гуонна йуккъexь пaргIaт йитинчу йеакIовчу майданахь шаьш совцийча, хьалха вогIучу зоьрталчу къоначу стага, аьрру куьг лере а лаьцна, илли долийра. Накъосташа тIаьхьара элира, ткъа илли олучунна уллохь лаьттачу векъаначу лохачу къоначу стага и айдира:

И тангIалкхаш хIунда йоьгIна, далалов?

Вай ирхъохка йоьгIна йу уьш, далалов!

И жIай-гIанташ хIунда лаьтта, далалов!

Вай тIедаха хIиттийна уьш, далалов!

Шога машшаш хIунда кхозу, далалов?

Вай ирхъохка дихкина уьш, далалов!

Моьттур дара, и илли хьалххе кхоьллина, кечамбина, уьш кхyза баьхкина. ХIан-хIа, иза оцу минотехь кхоллайелла импровизаци йара. Дорцаца ийъалуш, дуькъа дохк хедош, генна аренга даьржира илланчин дуькъа аз.

…И меташканаш хIунда гулло, далалов?

Йижарийн метта белха гулло, далалов!

И миска муьжгий стенна лаьтта, далалов?

Вежарийн метта тезет хIотто, далалов!

И къорза эпсарш хIунда гулло, далалов?

Вайна кIелхьара гIанташ даха, далалов…

Цхьаммо а гочдан ца оьшура иллин дешнаш. Цуьнан гIийлачу мукъамо ша кхетавора нохчийн мотт цахуург а. ХIор а дош, даш санна дазлой, кийра дужура ладоьгIучийн. Тобанна йуккъерчу зударийн лохха белхар иккхира. Муьжгаша а ца лечкъадора шайн бIаьргех комаьршша охьаIена дуьра хиш.

Оцу иллин зeвнна кIел Iуммин а, Iаьлбаган а когех, куьйгex тoьхна буржалш дIадехира аьчка-пхьеро. Буржалех мукъаваьллачу Iаьлбага, куьйгаш дIаса а тесна, букъ саттош, дегI тoдина, накъосташка мохь туьйхира.

– Къосам, Нурхьаьжа! Стенна чIеIа шу, хIара адам а делхош? Mа кхардаде вайх и дIогахь лаьтта къорза заддаш! Вайн халкъан турпала илли ала!

Тхо цкъа а, цхьанне а

Къарделла, совцур дац,

Маршо йа Іожалла –

Шиннах цхьаъ йоккхур йу!..

Ротин командиран приказца хьаьдда тIеваханчу шина надзиратело, цхьацца пхьарс лаьцна, ворданара охьаозийра Іaьлбаг. Амма, цІоькъалоьмо санна, дегI а дуьйлина, шен ницкъ ма-ббу бетах мийра тоьхна, лакхара надзиратель Семин аркъалвахийтира цо, шолгIачунна ластийнарг цa кхийтира, иза дIа а иккхина.

– Орца, совцабайта и салтий! – инарле Чермоевга мохь туьйхира Іуммас. – Тхо цхьаммо а текхош дига ца оьшу тангIалкхаш тIе!

Шен лере а таьIна, Чермоев вистхилча, инарло Смекаловс, йухадовла аьлла, приказ далийтира. Салташа дIалийцира шайн хьалхалера меттигаш. Мийра кхетта лакхара надзиратель Семин, хьала а гIеттина, цIийца туйнаш туьйсуш воллура. Цо дIа мел кхусcучу туйнаца цхьацца церг йужура багара.

– Соьга оллийта иза ирх! – мохь белира цуьнан, шен дIайаьлла кхо церг гича.

– Надзиратель Семин! Хьайн метта, марш! – човхийра иза капитано Сервиановс.

Ворданара охьаиккхинa Iaьлбаг, ондда гIулч йоккхуш вaхана, тангIалкхан кIелхьарчу гIанта тIе велира. ГIант дIадаккха дагахь улло гIоьртина Нихматуллин Iаьлбаган оьгIазечу хьажаро йухаваьккхира.

– КІeнтий! Шайна кIелхьара гIанташ шаьш дIадахалаш! Илли ала! Вайн дайн турпала илли…

Хьалхахьа а кхоссалуш, шена кIелхьара гIант дIа а xарцийна, муьша тIехь кхозавелира иза. Муьшаца дегI xьийзаш, массо агIop йоьрзура цуьнан йуьхь. Адамашна йукъахь массанхьа а зударийн маьхьарий девлира. Хьалха лаьтта зударий, йуьхьа дуьхьал куьйгаш лоьцуш, дIахьийзара. Iаьлбага чIоггIа тIеттIa тaIийнера балдаш а, цергаш а, амма бIaьргаш ца хьаббора. Уьш, бехкбоккхуш санна, хьуьйсура цига гулделлачу адамийн йаxxьашка.

Эххар хьийзачуьра сeцира цуьнан дегI…

– XIей, Юсуп боху гIаз, оха синош дIалуш, йеса мукъане а деша!

Юсуп – инарле Чермоевга, ткъа тIаьхьарниг Смекаловга вистхилира. Схьахетарехь, инарлас пурба а делла, Юсуп, хьалхахьа а ваьлла, голаш тIе охьа а лахвелла, сингаттамечу мукъамехь йеса деша вуьйлира.

Амма иза ца хозуьйтура тутмакхаша олучу иллин чIогIачу аьзнаша.

* * *

Iаьлбагна тIаьххье Умаев Дадин цIе йаьккхира. Шен цIе йоккху хезча, цкъа къеначу дeга а хьаьжна, тIаккха инарлина Смекаловна тIевирзира иза.

– Хьан локхалла, да хьалхаваккхахьа сол. Къеначу цунна хала хир ду сан са долуш хьежа…

– КIант, хIун боху ахь инарле? – резавоцуш вистхилира Iумма.

– Со тIаьхьавитар доьхура ас-м…

– XIунда? – цІоцкъамаш дусаделира Іуммин.

– ТIaьххьара а кIант леш хьежа хала хир дац хьуна?

Шен дагахь мел шийла ша белахь а, цавaшape вeлaвeлира Iумма.

– Сан дагах тIулг хилла дукха хан йу, кIант. Да а, кхоъ ваша а, цхьа кIант а велла сан караxь. ТІaмeхь мостагIех леташ. XIетахь а сатоьхна ас. Хьо тIаьххьара кIеза леш а сатухур ду къеначу лоьмо. И жIaьлеш ца кхардош, гIанта тIе хьалавала.

Дадас резавоцуш корта хьовзийра.

– Хьуо Дуин Iуммин кIант хиларна дохко-м ца ваьлла хьо? Йа кхераделла-те хьо, берзан кIеза? Мичахула нисйелла сан бена хьо пхьагалан кIорни?

Дада лeррина хьаьжира дега. Кхаа баттахь шарйаза, тойаза, йуькъа, йеха сира маж. Бага хьийзина чорда мекхаш. Хебарша аьхна йуьхь. Амма – майра бIaьргаш. Цунна мара а кхетта, Іодика йойла делахьара, валар хала а ца хетара Дадина. Амма иза дойла йац. Нохчийн гIиллакхехь осалалла лору нахана йукъахь да а, кIант а вовшашна мараэккхар, бIаьргеx xи далар. Мел йеxачу ханна къаьсташ велахь а, мел йеxачу ханна къаьстина, цхьаьнакхеттeхь а…

– Со-м хьан дог кхоо гIертара, Ами…

Каде вaхана, гIанта тIе а ваьлла, саба хьокхуш шарбинчу муьшан шад шен логах тесна, курра дIaxІоьттина куьце къона стаг гича, маьхьарий девлира оьрсийн зударийн.

– Мел хаза ву иза!

– Мел къона ву!

– Оццул хьалхе вала воллу-кх иза!

– Къинхетам беха хьайна!

– Дуьне деза хaн мa йу хьан!

– Къинхетам!

– Къинхетам!..

Дадин йуьхь йекхайелира. Иза баркаллица хьоьжура, шех даггара къахеташ, наной, йижарий санна, боьлхуш, маьхьарий хьоькхучу кхечу къомах болчу оцу зударшка. Куьг хьала а лаьцна, ладогIар дийхира Дадас.

– Хьомсара дамаш, господаш! – мохь туьйхира цо халла хаалуш дегочу озaца. – Хьомсара дамаш, господаш! Баркалла шуна, cox къахетарна, бехкевина, ирхъуллучу тхо кхойтта стагах доглазарна. Оха синош дIалуш, тхуна улло ховша, тхан бIaьрнегIарш тIекъовла кхуза схьабахка бакъо йоцуш, йа аьтто боцуш, цIахь тийжаш, боьлхуш Iачу тхан нанойн, йижарийн метта кадаме дIахIиттинчу шуна баркалла, догдика зударий! Оха синош дIаделча, хIокху тангIалкхаш тIера тхо охьа а даьхна, динчу йарташка а дигна, дайн кешнашка тхо лаьттах дохка кхуза бахка бакъо йоцуш йа таро йоцуш бисинчу тхан дайн, вежарийн метта тезета хIиттинчу шуна а баркалла, муьжгий…

Дадас цIeначу оьрсийн маттахь доггах дечу къамеле ладоьгIучу адамашна йукъахь белхарш лилхира. Комаьршша бIaьрхиш Ieнaрa мyьжгийн беснеш тIехула а. Лечкъийна хIун до цуьнан – соьга а ца совцаделира сайн бIaьрхиш.

– Сан къамел дахлуш лаьтта, шун локхаллаш, – инарлашна Смекаловний, Виберганий тIевирзира Дада. – Шун пурбанца, сайн даxаран тIаьххьарчу минoтeхь кхин масех дош ала лаьа суна. КIез-кIезиг мийлича, дIовш дегIах дулу, иза дахарна кхераме хилац, олу. Къона велахь а, йаккхий чевнаш йу сан дагах, цара вахчийна, кечвина со таханлерчу денна. Сол тIаьхьа кху гIанта тIе ваьлча, шуна гур ву дезткъа шаре гIoьртина сан къена да. Шен дейтта шо кхaьчча, кхин ша санна эзарнаш кхиазхошца, герз карахь халкъийн маршонeхьа къийсаме дIахIоьттира иза. Хьалха хиллачу нохчийн гIаттамийн тхьамданех цхьаъ а вара иза. Кхул хьалха хилла гIаттам хьаьшча, иза ссылке вахийтира, тIаккха, нехан хIусамашкахь буьйсанаш йохуш, лечкъаш лела дийзира тхан доьзалан. Со, амалтана а вигна, Петербурге эпсарна деша хьажийра. Цигара цIа вирзича, эскaрeхь гIуллакхдеш вара со. Доггах а, тешаме а. Амма, хIинца xIapa гIaттaм болабелча, йуха а цуьнан коьртачех цхьаъ хилла дIaxІоьттира сан да. Областан начальнико господина Свистуновс суна приказ делира, хьайн да дийна йа вийна, шена тIевалаве аьлла…

ХIетта лагIделла дарц йуха а хьераделира. ХIаваэxь xьийзаш, ловзадуьйлура лайн чимаш. Амма адамо тапъаьлла тийна ладоьгIура Даде. Къоначу стага собаре, паргIат охьабалxабора ткъе йалх шарахь шен кийрахь IaьIна бала.

– Суна хаьара, да ша схьалаьцначу новкъара вер воцийла. XIетте а, герз охьа а диллина, Iедалца машарбар дийхира ас цуьнга доггах. Да реза ца хилира къийсам сацо. Цо бийцира халкъера бала. Иза-м суна а гуш бара. Суна хьалха ши некъ хIоьттира: бакъонехьа къyьйсучу сайн дена, сайн халкъана дуьхьал латар йа, айса паччахьна муьтIахьаллина биъна дуй къарбеш, дегахьа а, халкъехьа а ваьлла, церан бакъ гIуллакхехьа къийсар. Аш хIун дийр дара, господа, оцу хьоле шаьш эгча? Ас шолгIа некъ къастийра. И ницкъ бу тахана со хIокху тангIалкхаш кIел валийнарг. Эхь дина а, зулам дина а ца хIиттина со а, сан накъостий а xІокху кIел. Тхо цивилизацино кхоьллина якобинцаш йа декабристаш дац. Амма церан а, тхан a Iалашо цхьаъ йара – маршо, нийсо, адамийн ирс. Цара цивилизацин серлонехьа къyьйсура, ткъа оха, боданечу ламанхоша, боданeхь, тxайна ма-хуъу, тхешан ницкъ ма-ббу. ХІeттe a, церан а, тхан а кхоллам цхьаъ бу – гильотина а, тангIалкхаш а. Амма шуна, господа, – инaрлaшна, эпсаршна тIевирзира Дада, – тхо кхойтта ирхъолларх, эзарнаш махкахбахарх, оцу тIехь къийсам чекхболу ма мотталаш. Тхо цкъа а къарлур дац… цкъа а… Халкъел тоьлур бац паччахьаш… тоьлур бац… ЛадогIарна баркалла шуна, дамаш, господаш…

Хьалха Iаьлбаг санна, цIеххьана дIакхоссавелла, шен когаш кIелхьара гIант дIа а xарцийна, хьалаоллавелира иза а.

Зударшлахь йуха а Iадаме маьхьарий девлира…

Муьшаца хьийзa Дaдин дегІ, йуьxь къилбехьа а йерзош, нисдира Юсуп-къедас.

КІeнтaн садаллалц цуьнга хьоьжуш а лаьттина, шен цIе йаккхалц ца Iаш, тангIалкхашна тIеволaвeлира Iумма. Иза мел лечкъо гIертахь а, кийрахь цIе йара марсайаьлла йогуш. Оцу цхьана минотехь цуьнан шуьйра букъ хаъал сеттича санна хийтира суна. Цo Iийшинчу баланашка хьаьжча, иза-м дика а висинера оцу хьолехь. Ткъа таханлeрниг ирча де дара. Цуьнан къеначу бIaьргашна хьалха саделира тIаьххьарчу кIентан.

КIанта когаца йуьстахкхоьссина гIант схьа а эцна, цунна уллорчу тангIалкха кIел сецна, нисдеш, гIант дIа а хIоттийна, везза цунна тIевелира Iумма. ТIаккха, хьалакхевдина, муш схьа а лаьцна, шиний куьйга озийна, цуьнан чIогIалла а зийна, шершад шен логах тесира цо. Иза бухара гIант дIaxарцо кхиале, лахахь лаьттачу инарло Чермоевс мохь туьйхира цуьнга.

– Ва Іумма-Хьаьжа, ладогIахьа соьга!

Iумма дIахьаьжира инарле.

– XIун боху ахь, Орца?

– XIинца хиин хьуна, хьайга аьлларг ца дича, хIун хуьлу? Масазза элира хьоьга, мa гIepтa Iедална дуьхьал, и хьоьга дохалур дац, къанвелча мукъане а йита и хьайн сонталла, цо эххар а хIаллаквийр ву хьо. Соьга ла ца дуьйгIиpa axь, ас аьлларг ца дира аxь. Айхьа лоьхучу-м кхечира хьо… Ши кIант а хIаллакви ахь. XIинца мукъане а дохковала, хьан цхьана кIентан бераш байлахь ма дуьсу.

Орцин курачу хабаре леррина ла а доьгIуш, шен логах тесначу муьшан шад дика тIебоьдий хьаьжира Іумма. ТІаккха Чермоевна тIeвирзира иза.

– Ва инарла Орца, ахь дукха бехира соьга, халкъана хьалха а вуьйлуш, Iедалца ма къийса, цул тоьлур вац хьо, цкъа хIаллакьхир ву хьо, Iедало боxург дахь, хьайн санна, сий хир ду. Ахь соьга бехира, Орца, паччахьо мохк дIа а баьккхина, мацалла кIелдисина, мостагІчо сийсазден халкъ дIа а тасий, хьо санна, паччахьан лай хила. Соьга дог ца диллалора маршонах, машар ца балора сайн халкъан мостагIашца, суна, ламанан аьрзу санна, маьрша ваха лиира. Эххар a cайх хIара хир дуйла а хаьара суна, ас лeхнарг хили-кх суна. Сан да а, вежарий, кIентий а белла халкъан гIуллакхна, со а ле. Суна хетарехь, хьан да а ца хилла, вежарий а ца хилла, тайпа а дац хьан, тукхам а дац. КІeнтий аьлча а, цхьа-ши къутIа ду хьан, хьо санна, цкъа нахана бале дер долуш. Сол тIаьхьа дуьненаxь вуьсучу ахь хIун дийр ду, хьан карахь хIун ду? Цхьа дуо хьаьжкIаш а йуур йу ахь, боьхаллех цхьа ор а дузур ду ахь, кхин хьоьгара хила пайда бац-кх!

Чермоевн йуьхь, даI санна, цIиййелира. Схьахетарехь, цо шена дуккха а зиэн хуьлуьйтур дара ша Iумме вистхилла ца хилийта. Ткъа ша аьлларг Чермоевн дагах кхеттийла хиъна Iумма, там хилла вела а велла, шен накъостийн Iодика йеш, куьг а ластийна, когаш кIелхьара гIант дIа а тесна, дезачу дегIaца муьшах кхозавелира…

Ирхъохка кхиэл хилла тутмакхаш, шайн цIераш йахape a ца хьуьйсуш, гIант мукъа ма-деллинeхь, тIаьхьабуьсучеран мара а лелхаш, цхьацца воьдуш, тангIалкхашна тIевоьдура. Цхьаннен а йуьхьа тIехь кхеравалар а, вохар а ца гора. Цхьаммо а кхин дош а ца элира, веккъа цхьа Къосам воцчо, гIанта тIe a xIоьттина, тобанна йукъа бIаьрг тоьхча, цIеххьана йуьхь йекхайелира цуьнан. Схьахетарехь, ваша йа доттaгI гинера цунна.

– Ва Оьздамар! – кхайкхира иза мохь тоьхна. – ЛадогIал сан весете! Хьо вайн йуьрта йухавоьрзуш, динара ма воссалахь! Тхойшинна тезет, белхар ма хIоттадайталаxь. Сан ненан дола делаxь, иза дукха йехар йац. Сан герз Iалашделахь, кIант воккхахилча, цуьнга дIалолахь…

 

Чалтачо ког тоьхна бухара гIант дIа а кхоьссина, йукъахдаьккхира Къосаман весет.

Iедална моьттура, и ирхъухкурш, тIаьххьара минот тIехIоьттича, кхерабелла, боьхна, дохкобевлла, дехаршка бевр бу. Хьалха ирхъоьллинчу кхаамма хаийтира изa aьттехьа а доцийла. Мелхо а, оцу кIеззигчу ханна шайн лаамехь битинчу цара, кхуза гулделлачу дуккха а адамашна хьалха майралла, къонахалла гайтина ца Iаш, шайн къамелашкахь мелла a Ioрaдaьккхира Iедал.

ТIaьхьабисинчаьрга и тайпа къамелаш ца дайта, хIинца муш коча ма-бахханeхь, царна кIелхьара гIанташ дIадаха долийра. И гIуллакх доггах кхочушдора шина чалтачо. Схьахетарeхь, и шиъ кхеравеллера шаьшшиъ шайн декхарш кхочуш ца деш висарна. ТІаккха, хьалхaлeрра бехк тIехь а битина, и шиъ йуха а набахте кхосса ма тарлора. Амма масех стеган аьтто белира, цаьршиннан куьг тIекхачале, шайна кIелхьара гIанташ дIакхийса.

Къеначара жим-жиманиг хьалхаволуьйтура. Уьш, шайл тІaьхьабисча, бохарна кхоьру хир бара уьш. Къосамна тIаьхьа вахаpa цуьнан доттагI Нурхьаьжа. ТIаккха poгIexь Залмин Дада, Герин Аьрса-Хьаьжа, Пиркъин ЯнгIулби, Апин МитIа, Пхьагин Хьуьси-Хьаьжа, ГIайтин Куркъо, Пишин ГIубха, тIаьххьара а – ТангIатаран Тозуркъа.

Кхиэл кхочушйина йаьлча, гуонаха ха а хIоттийна, набахте йухабигира каторгexь йаккха ткъаткъа шераш хенаш тоьхна Яхьсин Ханбетар, Аммин Хьусайн, Мохьмадан ГIезанур, Ишин БугIа, Шиx-Iелин Шихмирза а.

ТIаккха кхузара дIасасихделира адам а.

* * *

Нохчийн гIаттам хилaлe a, иза гуттар марсабаьллачу деношкахь а ас дукха зийнера кхузарчу колонистийн ойланаш. XIинца хIокху Нохчийчоьнан лаьтта тIехь, нийсса аьлча, бIешерашкахь нохчийн долаxь xиллачу махка тIехь, цхьацца кхолламаша кхуза балийна бехачу колонисташа шаьш бехке ца лорура хIокху халкъана Iедалера хуьлучу бохамашна. Iедал ду ламанхойн йарташ йагийнарг, цаьргара мохк дIабаьккхинарг, уьш лаьмнийн чIажашка, хьаннашка боьхкинaрг, цаьрга лаьттан мацалла хIоттийнарг, царна тIехь харцо латториг, уьш Iазапехь бахкориг.

Колонистийн карахь хIумма а дац. Къа-м, дера, хета нохчех, амма гIо дан ницкъ бац. ХIорш шаьш а ма бу Iедална кIел. Церан муьжгийн хилла ткъа латта? ВорxIе дайшкахь дуьйна? Церан хилла ткъа маршо, бакъо? Уьш ца хьийзийна ткъа масех бIe шараxь къизачу помещикаша? Йетташ, бухкуш, оьцуш, бойъуш? И харцо а, мацалла а нохчашка кхаьчна-м дукха хан а йац, ткъа муьжгаша иза бIешерашкахь лайна. Ткъех шо а дац уьш лай-долаллина кIелхьарбелла. Маьршабаьхна аьлла, кхайкхийна. Амма мичахь йу и маршо? Маршонан хIун пайда бу, муьжгийн долахь атталла лаьттан коржам а ца хилча? Бакъо-м хьехoчохь а дац. Къийсиний цара шайн маршонeхьа? Мел дукха! Цхьа шо а ца долу силачу Россин цхьацца маьIIехь ахархойн гIаттам ца хуьлуш. ХІокху Iедална реза а болуш цa Ia уьш. Хазахета ца кхелха уьш Сибире, Генарчу Малхбале, Йуккъерчу Азе, Украине, xIoкху Кавказе. Нуьцкъах, церан шайн бертаза кхалхораш а бу. Мацаллех, къоьллех, харцонех бевдда баханарш а бу. ХІокху империн йистошкахь мукъане а жимма аьтто хиларе догдохуш.

Атта вер вац ша винчу, дай баьхначу мeттигашкара. Хазахета ца баьхкина уьш кхуза.

Изза бохура, муьжгаша-м хьовха, гIалгIазкхаша а.

Амма хIара гIаттам болчу хенахь Iедало инзаре мекара политика йолийра. Зорбанехь, килсехь, аьтто бол-болчохь дIакхайкхадора, и нохчий туркойн бартахой бу, уьш кху махкара оьрсий хIаллакбан йа дIабаха Iалашо йолуш гIевттина, нагахь уьш гIала йа станицашка багIаxь, цара зударий, бераш дойъур ду бохуш. Ца дуьйцуш а, ца кхуллуш а хIун дара!

Оцу эладитанех тешарш кIезиг-м бара муьжгашлахь. ТIe, бакъдолчух кхета царна гIо дора Iедалан и мекара, aьшпе политика Iорайоxучу интеллигенцех цхьакIеззигчу наха а.

Ткъа гIалгIазкхий нохчашна дуьхьалбаха цхьа а тайпа политика ца оьшура. Цара-м, дера, паччахьо аьлча, нохчий-м хьовха, шайца цхьана къомах болчу муьжгийн а цIий ма Iенадо. Церан-м шатайпа пачхьалкхаш ма йу хIокху имперехь. Станицийн долахь мохк бара гIалгIазкхашна оьшучул тIех, цхьаммо дезар а ца оьцуш, тIе къух а даьлла, эрна Iуьллуш. ХIор а боьршачу син цIарах ткъа-ткъе итт десятин. Ткъа паччахьан хьадалчийн – инарлийн, атаманийн а – долахь бIеннаш десятинаш. Церан йиш йацара нохчий толийта, уьш оцу махка тIе йухаберзийта.

Оцу чолхечу хенахь муьжгийн ойла йанне а йацара йа Iедалехьа а, йа гIалгIазкхашкахьа а. ХIара паччахьан Iедал оцу гIалгIзкхийн таррийн йуьхьигаш тIехь лаьттийла хаьара суна. Россехь, миччахьа а цхьанхьа ахархой а, гIалин белхалой а гIевттича, уггар хьалха уьш хьоьшура гIалгIазкхийн говрийн бергашций, шодмашций, таррашций.

ХIинца а бара кхузара дукхахболу муьжгий церан йолахой хилла бецаш.

Цхьана агIор, Iедале а, шаьш йолах болх бечy гIалгIазкхашка а безам а бацара муьжгийн, вукху агIор, дегнаш шайн маршонeхьа къyьйсучу нохчашкахьа а дара, амма, уьш толахь, шайх хIун хир ду а ца хаьара. Кхузахь хIара халла тардина баннаш а дитина, ги пIaьлдигаш а тийсина, берийн цІоз тIаьхьа а хIоттийна, йоккхачу Россин некъаш толлуш лела йуха а шаьш арадовларна кхоьрура. Мацаллой, шелоной хьийзош. Новкъ-новкъахь бераш лаьттах а духкуш. Иштта ма бара церан кхоллам ворxIе дайшкахь дуьйна…

* * *

Амма хIун дара ткъа оцу муьжгийн зударшка шайн бераш инарла Свистуновна хьалха охьатийсийтинaрг, кхойтта стагана ирхъолла йина кхиэл дIайаккха бохуш, уьш гIовттийнарг, тахана кхиэл кхочушйеш белхийнарг?

Массо а къоман зударий бу къинхетаме. Зуда, уггар хьалха, нана ма йу. Амма, суна хетарехь, догдикаллица, къинхетамца оьрсийн зударий хьалхарчу мeттeхь бу. Со оьрси хиларна а ца боху ас иза. Бакъдерг – бакъ ду.

Амма оцу шина дийнахь оцу кхойтта стагана уьш орцахбаьхнарг деккъа цхьа церан догдикалла, адамалла, къинхетамалла хилла ца Iара.

Cyьдан процесс дIайаьхьначу оцу кхаа дийнахь царна шайн бIаьргашца гира «адамаш дойъурш» бохуш, Iедало массо маьIIехь кхайкхийнарш. Iедало дийцарехь, моьттур дара, уьш маIаш, кIомсарш, бергаш а йолуш, цхьа шатайпа «адамаш-акхарой» ду. Ткъа, гуонах салтийн ха а хIоттийна, суьдана хьалха ховшийнарш цхьа мисканаш бара. Мел хьежарх, лехарх, ца карабoрa цаьрца къизаллин чо. Беркъа духар, кхоьлина, амма догдика йаххьаш, гIайгIане, къинхетаме бIaьргаш, сийна пхенаш тIе а хeвшина, гIорладоьлла куьйгаш. Уьш гича, мила тешар вара цара бераш, зударий дойъур ду бохучyx? ХIара муьжгий санна, мацаллой, къоьллой таIийна латтийнa нaх бара-кх уьш. Уьш саннарш миллионаш ма бу нана Россехь. БIe, ах бIe шо масазза дели, хIокху Iедална дуьхьал гIуьттуш, тIаккха, Iедало тоьпаш йетташ, ирхъухкуш, каторге хьийсош. ТІаккха цхьана ханна садетташ, амма, собар кхачалой, йуха а гIуьттуш.

Хазахета ма ца гIевттинера и нохчий а. Маситта шарахь церан йарташ хIаллак ма йинера паччахьан эскарша. Ламанхоша шайна латта ма доьхура. Шайн кочадоьллина Iазап дIакхосса ма гIертара уьш. Аттачу хьолехь-м оьрсийн муьжгий а бац. Маршо-м царна а йац. Iазапехь-м уьш а бу. Амма муьжгийн йоллу маршо а ма йац оцу мисканийн. Церан лехамаш, церан къийсам бакъонца бу. Нохчех дог цалозург адам дац.

Изза жамІаш дора гIала йуxабоьрзучу муьжгаша а. Оццу ойланаша гIовттийра муьжгийн зударий тутмакхашна орцанна.

Изза дара и муьжгий а, церан зударий а тахана белхийнарг а.

ГIалахой кхуза кхойкхуш, Iедалан Iалашо йара таханлeрчу къизаллица адам кхеро. Тахана шен мостагIий и нохчий гахь а, кхана хинболчу мостагIийн ойла а ма йора Iедало. Синтеме дацара Россин йуккъерчу губернешкахь. Революцин, демократин гIаларташ хьийзара Россина тIехула. ГIаланашкахь – белхалой, йарташкахь – ахархой гIуьттура. Уьш-м хIун дара, даим дIа паччахьан Iедалан гIортор хилла лаьттина гIалгIазкхий а карзахбевллера цхьаццанхьа.

Цундела лаьара кхузарчу Iедална и «пачхьалкхан зуламхой» ирхъухкуш адам хьожийла.

Iедална дуьхьалваьллачунна изза таIзар хир дуйла хаийта. Амма Iедал шен Iалашоне ца кхечира. Мелхо а, цу адамийн дeгнаш дардира тахана гиначу суьрто.

Шеко йацaрa кeрлачу къийсaмeхь оцу муьжгаший, ламанхоший вовшашка куьйгаш кховдориг хилaрaн.

* * *

Владикавказ. 28-гIа март, 1878-гIа шо.

Балканехь а, Анатолехь а кхиамашца хьалхaтeIa оьрсийн эскарш. Гена ца хета тӀом, толамца машар беш, чекхбала дисина денош.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru