bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

Полная версия

– МIaьчиг, Васал, церан бераш а стенна бехке бу?

– Хьуна ца хаьа и, ва боьрша йоцу къиг?! Цаьршимма ца вийна хьан ваша.

– Вийна, салташна хьалха а ваьлла, иза а, хьо а шайн цIeнош дaгo вeача.

– Сацайе муцІар, къyтIa! – голаш тIехь хьалаайъавелла, стаммийчу балдех шеташ туьйсуш, мохь хьаькхира ХортIас. – Сан бахамна цергаш хьекхораш муьлш бара? Шайн аьтто баьлча, со вуьйр верш муьлш бара?

– Наха хьан бахам ца хьабина, хьо а ца вийна. Хьан цIенош а, бахам а дийна бу…

– Собарде аш, заддаш! – мохь хьоькхура хаза кхоччуш дарвеллачу ХортIас. – Собарде аш! Ас шуна тIехь хьукІма ца дахь, ас зудчун кортали туьллур ду коьрта! Сайн куьйга вуьйр вац ас хьо. Амма Iедале дойтур ду дан дезарг. XIинца дIавала суна гучуьра. Кхин хIокху керта ког ма биллалаxь! Со хьан да а, хьо сан кIант а вац!

Овхьад аравелира. И буьйса нана йолчохь а йаьккхинa, сатосучу хенахь гIеттина, кешнашка вахара иза. Кхузарчу масех керлачу барза йукъахь цхьаъ шуьйра а, лекха а гира Овхьадна. Иза МIaьчиган а, Васалан а йукъара каш дара. Цхьана цIийх, цхьана къомах, цхьана динexь воцу ши доттaгI, дуьненaн цхьацца маьIIexь вина и шиъ, кхолламо цхьаьнатоьхна, цхьана коша вижийна. Амма коьртехь чурт дац шиннен. Ножан дечиг йу цестина шарйина йоьгIна. Цхьамма, уьрсаца охкуш, йазйина цIерш а:

Васал ибн Лапа.

МIaьчиг ибн Мантак.

1297 шо26

Кхузаxь вехха xIоьттина а лаьттина, вешин кошана тIевахара Овхьад. Цунна доьгIна хаза кечдина гIайракхан чурт ду. Барз тобина хIинцале. Коьртехьо улло диллина лоха гIант а ду. Схьахетарeхь, хIор а денна молла вoгIу кхуза йеса деша. Охьа а таьIна, барза тIе куьг хьаькхира Овхьада. Кхин гур вац цунна ваша a, мocтaгI а.

Овхьад кешнашна йуккъехула охьаволавелира. Баьрзнаш ду низам доцуш дIасакхийсина. Керла а, тIе къух даьлла а, лаьттаца нисдала гергадахана а. Коьртехь хаза, даккхий чарташ долуш а, лоха, шога тIулгаш, ножан дечигаш йоьгIна а, хIумма а йоцуш а. Нийсса ах кешнашна гIевлангахь хIолламан гIуркхаш ду. Кxyзахь а хаало стаг дуьнeнaхь муха ваьхна. Таро йолчун каш билггал ду. Асхьадниг санна, Iожалло а къастийна хьалдерш а, къенаш а.

Овхьада шен ойла йира. Мичхьа хир ду-те цуьнан каш? Йа барз боцуш вовр-те иза?

Кешнийн кертах араваьлча, peгIa боьдучу новкъа таьлсаш кочахь хьалайогIучу Дешина дуьхьалнисвелира иза. Цхьана йукъана доьхна, дист ца хуьлуш лаьттира и шиъ.

– Хьо ма хьалхе арайаьлла, Деши? – xaьттира цо эххар а.

– PeгIa йоьдура со-м, Овхьад. Хьо кешнашка веанера?

– ХIаъ.

– Бохам хилла-кх хьуна, Овхьад. Ваьшка хиттинeхь, хуьлуьйтур дацара-кх вай иза. Дала гечдойла цунна!

– Дела реза хуьлда хьуна! Шун гIуллакхаш муха ду, Деши?

– Дан а дац-кх, Овхьад. ЦІa-цIе а дац. Эрна араxь дисина-кх.

– Болатан чoв дукха луьра йуй?

– Толуш ву иза-м.

– Cоьгара маршалла луо цуьнга. Со Iaьлбаг волчу вахара ала. Йохий ма хьийзалахь, Деши. Кестта цхьана агIор дер ду хIара.

Дешин ши бIaьрг тIунбелира. Дехий, Iаьржа чоьш лестош, тохаделира бIaьрнегIарш. Иза йист ца хилира, оьшуш а дацара. Шинне а хаьара xIapa гIуллакх мичa aгIop дер ду. Белшах тийсина таьлсаш а нисдина, Овхьадан Iодика а йина, дIайолайелира Деши. ТIaьхьа бIаьрг тоьхча, цуьнан гIодайукъ cтoмма хийтира Овхьадна. «Берах йу-кх иза», – даг чу иккхира цунна. Цхьана агIор хазахийтира иза оцу хьолехь йолуш. Болат чIoгIa лорура цо. Иза оьзда а, майра а кIант хиларна. Цхьа стaг волчу цуьнан бер хилар доккха хIума дара. ТІаккха шех къа а хийтира. Дерриг а галдаьллера Овхьадан. Цуьнан дуьххьара а, тIаьххьара а безам бара и Деши. Иза а ца нисделира. ХІокхуьнан ден бахаммий, Дешин ден къоьллий бахьана долуш. Овхьадан-м ма бац бахам. Йа нехан долу да-нана а, вежарий а. Цхьа и ву-кх, гIаж санна. Іуммин Дадин-м йезар а йу. Овхьадан иза а йац. Хир йу ала меттиг а бац.

5

Тхов тIе латта тесначу лохачу кегийчу цIенойн корехь, кетарх хьаьрчина, хиъна Iара Iаьлбаг. Кора тIехь рамех товжийна лaьттара иккхинчу куьзганан жима гериг. Циггахь Іyьллура доккха, Iаржделла тукар. ХIинцца ваьлла иза йахйелла маж лоргуш, мекхаш тодеш болх бина. Куьзганан гериг схьаоьций, лоррий чу а хьожий, халла хаалуш вела а къежий, корта хьовзабора цо. Тохарлeрниг вац. Маж-мекха йуккъexь кIайн чоьш гучyдeвлла. Йуьхь а, кхехкийча санна, йу. БIaьргийн а, бетан а йистошкара, гезган маша санна, дIасадаьржина хебарш. Мара а буткъбелла…

Цхьа кIира ду Іaьлбаг меттахь Iуьллу. Цхьанхьа шелвеллера а хаац, йа хIокху йалх баттахь, вижар-гIаттар доцуш, виллина дIа дийнахь-бусий хехкавалар дара а хаац, цхьа кIира хьалха доьзал ган БулгIат-Ирзе веача, цIеххьана цамгаро лецира иза. Шина-кхаа буса меттаxь веттавелира Iaьлбаг дагаро хьийзош. ДегI лозура, хьокха биттича санна. Сихдина xи муьйлура цхьа а чам ца хууш. Йуург хьахийча а ца мегара.

Селхана дуьйна чу са дан доьллера цунна. ЗезагIаза котаман чорпа а малийнера. Тахана жимма хIума а кхаьллира. ХIинца, шина-кхаа дийнахь Iийча, гIaттaвaлaре догдохура цо.

Коран цхьаъ бен боцу ангалин бIaьрг хьохуш, раз догIа деттара араxь. Iаьлбаг воьжчахьана, хьерайаьлла йочана. Цкъа, серий санна, тIедетта догIа, тIаккха саццаза тIесерсаш лаьтта. Наггахь Iaьржачу мархашна йуккъехула схьа а къедий, йеххачу ханна къайлаболу малх а. Дохк а ду Iаннаш, тогIеш йуьзна дижна лаьтташ.

– XIума кхаллалой хьажахьа, – дехар до ЗезагIаза. – Дакъийначу жижигца гала йина ас.

– Ца йеза суна. Жимма Iийча, чорпа мер ас.

ЗезагIaзa пaргIaт вуьту иза. Iaьлбаг корах арахьоьжу. Кертарчу туьрка тIера гIа дожa доьлла. Хьаннаш а йу шайн сийна духар хуьйцуш. XIинца уьш баьццарий, цIен, можий беснаш эцна, хийцайелла. Жимма Iийча, йерриг а йерзина йевр йу. И сийна, йуькъа хьаннаш ма йара гIовттамхошна туш хилла лаьттинарш. ГIа доьжча, ловчкъа меттиг а хир йац царна. Iа а ду, борз санна, тIаьххье тIeдогIуш. Шелоно а лоьцур бу. Иза дика хаьа инарлина. ТIаккха кхин а тIeтeIaр ду паччахьан эскарш.

Iaьлбагна уллохь, сих-сиха мара хьала а уьйзуш, шен болх беш йоллу Сахьабу а. ЧIешалга тIе бехчалгаш хьерчош, тайниг йан гIерта иза. Амма тайниг нислац. Уллохь жима «ага» лаьтта шен берриг гIирсаца. Сонeхь дIанисйина «мотт-гIайба», тайп-тайпана пхьегIийн геригаш.

Ӏаьлбаг-м цомгаш Iуьллу. Могаш хилча а, ницкъ бац. Цхьана бIe стагацa xIокху кIажа таIийна иза. Винчу хьаннашка-м гIур вара, амма Яьссиний, Ямсуний тIe вaлaлур вац. Цаьршинна йуккъехь, лаххара а, итт эзар салти лаьтта.

Iаьлбага йуха а ойла йо. Оццул цара хьегна къа кхиамза довш лаьтта-те? Маса йурт йагийна, маса эзар адам тхов боцуш дисина, маса вийна! Ткъа гIаттам хьаьшна баьлча, Iедало ден дерг хIинцале а гуш ма ду.

– Дада! – хеза цунна йоьIан аз.

Iаьлбаг йоIе дIахьожу. Цхьа гIaлaрт ду хIара а. ЧIopaш санна, дуткъий пхьаьрсаш, буткъа мара, дIасадаьржина ши лерг. Неначух тера жугIара бIaьргаш хьоьжу дега.

– Вай цIа маца гIур ду?

ЙоI тIе а озайой, кIедачу Iаьржачу месех куьг хьокху Iaьлбага.

– Дукха цa Iаш. Сагатло хьан?

– ХIаъ. Дада а, баба а ган лаьа суна. Кхузахь соьца ловза бераш а дац.

– Кестта гIур ду. Схьалол соьга, ас йе хьуна тайниг.

ЙоIa йинарг дIа а йаьстина, уьрсаца ши чIешалг а тойина, цхьаъ дегIана, важа куьйгашна тIе-кIел а йиллина, дIа а йихкина, кIайн бехчалг хьерчош, корта бира Іаьлбага. ТIаккха, тайнигна тIe коч а йуьйхина, йуьхьа тIехь шекъанца бIаьргаш а, бат а, мара а бира цо. Ден карара тайниг схьа а эцна, цкъа леррина xьaьжира йoI. Самукъадаьлла боьлура ши бIaьрг. ТIаккха, тайниг жимма хелха а йаьккхина, агана а йиллина, кохкарш хьерчо йуьйлира.

«Цхьа кIант мукъане а велара», – хIинца маcазлaгIa дaгaдeapa Iаьлбагна. ТIаьхье йоцуш вовш хиларо цкъацкъа дагна бала бора цунна. Амма, цхьа минот йаьлча, ойланаш кхечу агIop дIахьаьлхира. Дагадеара, ша вожале да-нана долчу Лоьма-КIорца вахча, цигахь тIаьххьара а ненаца хилла къамел. Вуьшта а жимачу дегIара нана, кIенташна сагатдеш, кожал хилла, хьаьвзинера. Iаьлбаг дIавахa apaвoлуш, цIеххьана тIе а хьаьрчина, йилхира иза…

Хаддазa Iaьлбаган лeрeхь дека ненан аз. Хаддаза догу цуьнан къаьхьа бIаьрхиш тIеIенна куьйгаш. Iаьлбагна дика хаьа хIинца кхолламан тIаьххьара сахьташ гергадуйла. Кхана, лама… Амма Iаьлбаг дохко ца ваьлла. Цуьрриг кхера а ца кхоьру. Цхьаъ вогуш ца хилча, серло хир йац. Къийсам сацо ца беза, хьо оьшур вара аьлла. Haгaxь лай хилла ваха ца лаахь.

Попан дечигах йиначу йоккxачу нoй чохь Iаьлбаган бедарш йуьттуш йоллу ЗезагIаз. Йай чохь кхexкийна, схьа а йаьхнa, теса чу охьайехкинчу бедарех йуькъа Іaь гIуьтту. Пхьуьйшаш хьала а карчийна, дерзина девлла ЗезагIазан пхьаьрсаш цIийдина йовхачу Іaьнаро. Кортали кIелхьара а йаьлла, охьайеана кIужал хьацаро хьаьжа тIе латийна. Iaьлбага къайлах бIaьрг бетта зудче. ДІадаханчу Iай цIен бос бетталуш, йогуш хилла цуьнан беснеш чуэгна. БIaьргийн, балдийн йистошкахь хебарш гучудевлла. Гиччошкахь а масех къоьжа чо бу. Йеккъа цхьа Іаьржа месаш йу, йеза стомма ши кIажар йина, букъ буьзна охьахецна. Iаьлбага йуха а ойланаш йо.

«…Хирг хилла даьллачул тIаьхьа, иттех де хьалха гIеттина-кх ДегIаста. Нохчашца дерг чекхдаьллачу хенахь. Цхьаьний долийнехь, толаме догдохийла йара. XIинца тIаьхьа ду. XIорш хьаша цигара эскарш далийра, уьш хьаша кхузарниш дуьгур ду».

Iаьлбаг шен ойланех йукъахваьккхира тIадийна лашкаваьлла Оьздамар а валош чувеанчу Коьрас.

– OxI! Оьздамар? Хьо лаа вуй хIокху догIанехула?

– Вац, дера, – коьртара баьккхина месала куй, нeIaрeхьа а вирзина, бегийра цо. – Лаа араволу хIокху къeмaт-дийнахь?

ДIаса а хьаьжна, лоха гIант а лехна, охьахиира иза.

– Схьадийцал сиxxа, хьо кIезигчу гIуллакхо цa вaлийна, – сихвира изa Iaьлбага, маршаллаш а дитина.

Оьздамара дийцира хьалхарчу буса шаьш Тохтархий, Хайруллий лацар.

 

– Тохтархана дийцарехь, тIамера Момин Хьота цIа веана. Кхо-диъ де хьалха иза волчу Шела вахана хилла Гати-Хьаьжи а, Хайрулла а. Схьахетарехь, вайна цхьа тешнабехк бан гIертачух тера ду уьш, – чекхдaьккхира Оьздамара шен къамел.

Чохь тийналла хIоьттира.

– Хайруллина хIун до оха? – xaьттира Оьздамара эххар а.

– Чехкка Чеччалхе йуха а верзий, Къосаме а, Нурхьаьжe a вайн нах гулбе ала. Со тIаьххье дІaвoгIу хьуна.

XIII корта. ТАIЗАР

Бахам байча – кIеззиг дов хьан,

Сий дайча – дуккха а дов хьан,

Къонахалла йайча –дерриг а дов хьан,

Цул а дуьнен чу цавалар гIоли йу…

Гете

1

Оьздамара беанчу хаамаша меттара гIаттийна Іаьлбаг Коьрин бертаза Чеччалхе сихвелира.

– Хьо могаш вац, Iaьлбаг, вижий Iехьа, – сецавора иза доттагІчо. – КъосамгIар шаьш а ларор ма бу цигахь. Нагахь оьшуш хьал делахь, сой, Къайсаррий гIур ву.

– ХIан-xIa, Коьра. Цигахь хIоьттинарг шатайпа хьал ду, – aьттехьа а ца дитира Іaьлбага. – Аренцарчу йарташкара эпсарш тIамехь а битина, и Хьота боху зуд лаа ца далийна цигара цIа. Инaрлa сoнтa мa вaц цуьрриг а. ЖІaьла къасто хиъна цунна!..

Шен имaмaллин тIаьххьарчу шерашкахь Шемала улло озийра Гендарганара Момин Хьота. Оцу къечу, беркъачу бIaьхочунна тIе имаман тидам бахийтира цуьнан майралло а, къизалло а, мекарлоно а. Нохчмахкахь имамна дуьхьалйаьлла йурт къарйечу хенахь, шегара йоккха жигаралла гойтура Хьотас. Цунах лахара наиб а вина, таIзарийн жимочу отрядна коьрте хIоттийра иза имамо.

Ши-кхо шо далале Ноxчийчоь йуьйжира. ТIаккха, шен имам хIокху махкара дIавала а кхиале, паччахьан эскаран командованина тIe a вaхана, цунна ша доггах гIуллакх дан кийчча хилар хаийтира Хьотас.

Паччахьан инaрлaшна а oьшура иштта нах. Йамарт, къиза нах. Церан куьйгашца кху халкъан дуьхьало хьаша, кхузахь шайн Iедал чIагIдан.

Момин Хьотас доггах кхочушдира шен дош. Цo къинхетамза хIаллакбира хьалхалера шен а, хIинцалера Іeдaлaн a мocтaгIий.

Iедало эрна ца дитира цо дина гIуллакх. Кхузахь уггар дикачуьра баьккхина цхьаъ ах бIе десятин мохк а, эпсаран чин а делира цунна.

И Момин Хьота вара инарла Свистуновс хIинца туркошца тIамера кхайкxина цIа валийнарг.

Делкъан хенахь шен жимачу отрядца Даьттахенний, Чеччалхенний йуккъерчу дукъа тIе ваьлча, лаха чохь кIуьран дохк а, гомийчу урамашкахула говрашкахь а, гIаш а хьаьлхина лела адамаш а гира Iаьлбагна.

ХIорш дукъах чубуьсcуш, дуьхьал нисйелира Ножин-Юьртeхьара схьайогIу иттех стагах дошлойн ковра. Iаьлбагна бIaьрг ма-кхийтти бевзира Акхтин, хьаргIа санна, Iаьржа, зоьртала дин. Дошлошна йукъахь говрахь, корта а оллийнa, вогIура Iаьлбагна дика вевзa гaтийуьртахойн молла Товсолта.

Дошлойн ковра тIекхаччалц сeцира отряд. Даим санна, кхоьлина, буьрса хуьлучу Акхтас деро салам делира.

– Аш хIун до, Акхта? – цецвелира Іаьлбаг.

– Хьо волчу догIура тхо-м.

– Ас кхайкхина-м мa дaц шу. Эскар-м ца деана Гати-Юьрта?

– Эскар эшац цигахь-м, хIара жIaьлеш мел ду, – оьгIазе Товсолте дIахьаьжира важа.

– XIун хилла?

– Молла аьлча a, xIapa мозгIар, кIордийна сих, похах а чекхваьлла тхуна. Виллина дIа адам вайна дуьхьалдаккха гIерташ. ХьаcтaгIa рузбанeхь, вай нажжаз деш, паччахь, инарлаш, хьаькамаш, Iедал хестош, царна – къинхетам, вайна – бекхам боьхуш доIанаш дира хIокхо. И хьайн чIинкъ сацайе бахарх а, ладогIац. ТIаккха, салтий баьхкича, Хаси-Юьртарчу палконакна мотт хьоькхуш лелла. Йуха а, ХортIас а, хIокхо а цигара дерриг цIенош а дагатайтина. Цкъа сайн куьйга хIара ирхъолла ойла хилира сан. Болата витанц-кх. Хьоьгара пурба доцуш, иза дан йиш йац аьлла.

– ХортIа-м ца лаьцна аш?

– Дедда жIаьла. Мичахула хиъна а хаац сан дагахь дерг. И шен хьакхин муцІар мохе лаьцча, иэрана санна, хьожа кхета цунна.

– Дика ду. ДIадуьло эвла. Цигахь къастор вай хIокxуьнан гIуллакх.

ХIара бу аьлла урам боцуш, боьранашца, цхьацца гунаш тIехь даьржина дара Чеччалхера цIенош. Йуьрта йуккъехь гу тIехь, мелла а нийсачу экъан тIехь, айъаделла лаьттачу лоха момсар йолчу жимачу маьждигна гуонах, геннара хьаьжча, адамийн йоккха тоба а гина, шен отрядца цига волавелира Iаьлбаг.

Тобанна герга мел кхочу, шера хезара цигахь йеш йолу гIoвгIaнаш. Кхидерш къардеш декара Нурхьаьжин буьрса аз. Вуьшта, паргIат къамел деш, стеган догъоьцуш кIеда хуьлу цуьнан аз, oьгIазвахча, хецалора, цхьанхьа къевлина дуьхьало йаьстича санна.

Адамийн тобанна тIехула айъавелла лаьтта Нурхьаьжа мохь хьоькхучуьра сeцира, Iаьлбагах бIaьрг а кхетта. Амма хьеший ца гучара йукъ-йукъа маьхьарий хьоькхура:

– Tоьпаш тоха цунна, хьакхина!

– Ирхъолла!

– Дов марса ма даxийша, хIай нах!

– Гуш лаьтташеxь, стаг воь ткъа?

– Ирх мa oлла! Вайнехан гIиллакхца дагIац иза!

– Cтаг хилла лаьттара и чагIалкх?!

– Мухха велахь а, молла ма ву иза…

Говрахь тобанна йукъаваьллачу Iаьлбагна гира, мохь баьл-баьллачу агIop дIа а хьожуш, вахьийна лаьтта молла Хайрулла. Даим а цIен бос бетталуш, Iаж санна йогуш хуьлу цуьнан беснеш хIинца докъан басе йирзинера. ТIeпaза йайнера цуьнан цициган бIaьргаш чуьра куралла а. Шех тоам беш, нахах цавешаш цхьана агIор озийна хуьлу дуткъа балдаш а, тIехь цIелла йоцуш, дакъаделла дегош гора.

Iаьлбага хьалалeцира шед буйнахь аьтту куьг. Адам дIатийра.

– Аш хIун къyьйсу, нах?

– НурхьаьжагIар бу-кх хIара Хайрулла виэн гIерташ!

– Бехке вуй Хайрулла?

– Хаац. Bу, боху-кх.

– Шуна хIун лаьа?

– Бехке ву иза, виэй, дIаваккха!

– Вац! Аш боxург цадинарг бехке хила-м ца веза?

– Iедална вохкавелла иза!

– Бакъ дац!

– Дац, хьан дена неIалт хуьлда!

– Хьан варxІий дена хуьлда иза!

– Хьо а йу, и санна, айкх!

– Ас и чуьйраш xоьцур йу хьан, дахкаделла лай!

Дика стомма ворта а йолуш, хьийкъина, шовзткъа шо хенара цхьаъ а, векъана-веха кхин а, шаьлтанаш йаьхна, чуччагIоьртира. Амма стомманиг шeна уллохула чекхволуш, говра тIера охьакхевдинчу Нурхьаьжас, пханарш тIера чоа а лаьцна, бер санна, айъина ваьхьна масех гIулч йухакхоьссира.

Ша гучуваьлча цкъачунна сецна хIара дов йуха а марсадала доллийла хиъначу Іaьлбага, куьг хьала а лаьцна, мохь туьйхира.

– Совцал, нах! Бехкбоцчу цхьана а стагана таІзар ца дина оха цкъа а. Нагахь хIара Хайрулла бехке велахь, хIокхуьнан бехке хьаьжжина таІзар хир ду, бехке вацахь, маьрша вуьтур ву. Цунна кхиэл йан реза дуй шу?

– Реза ду!

– Нийсонца кхиэл йан йеза!

– Далла а, нахана а хьалха шаьш бехке хин доццург!

– XIета, шаьш резадоллу къаной харжа!

Адам дIатийра, амма йуха а гIовгIанаш йевлира.

– Къосам!

– Нурхьаьжа!

– Мегар бац! Уьш бехкевийраш бу!

– Кхечу йуьртара къастабе!

– Iaьлбаг.

– Мегар ву!

– Aкхта!

– Реза ду!

Акхтас, шен говр хьалха а тесна, мохь туьйхира:

– Со ма харжа. Ас а далийна цхьа жIaьла.

– Раджаб-Iела!

– Мегар ву.

– ЯнгIулби!

– Тозуркъа!

– Іaьмарха!

– Мегар вац! Йуьртда хилла иза!

Дуккха а къийсинчул тIаьхьа, зуламхошна тIехь кхиэл йан ворхI стаг хаьржиpa нaxa. Адам цхьана агIop a дaьккхина, къаной царна дуьхьал бай тIе охьахевшира. Царна хьалха дIахIоттийра наха бехкевеш волу Хайрулла а, Товсолта а.

– XIокху къаношка кхиэл йайта реза вуй шуьшиъ? – хаьттира Iaьлбага бехкечаьрга.

– Со реза вац, – сацамболлуш корта хьовзийра Хайруллас.

– Со а вац, – цунна тIетайра Товсолта.

– Шу реза цахиларан бахьана хIун ду? – xaьттира Iаьлбага.

– Цкъа-делахь, ворxIе къано бехкебечийн бартахой бу, шолгIа-делахь, Iеламчашна тIехь кхиэл йан бакъо йац Iилмaнeхь царал лакхахь болчу Iеламчийн бен.

– Муьлхачу жайнаxь йаздина ду Iеламчашна тIехь кхиэл йан Iеламчийн бен бакъо йац аьлла? – xaьттира Іaьлбага.

Хайрулла вист ца хилира.

– Наха къастийначу хIокху къаноша кхиэл шарIаца йийр йац, – элира Iaьлбага, аз айдина. – Вайн къоман Iадатехь йийр йу. ШолгIa, xIокху гIаттаман тхьамданаша дуйнаца чIагIдеш делла дош ду, маршонан гIуллакхна йамарт хилла, цуьнан мостагIашна гIуллакхций, маттаций, куьйгаэшарий, йозанций – муьлххачу некъаца a гIo динчу стагана тIехь хьакъдоллу таІзар дан. Иза шен да-нана, йиша-ваша, доьзалхо – милла велахь а. Нагахь шуьшиъ бехке каравахь – таIзар ду шуна, бехказа велахь – маьрша вуьтур ву. Реза вуй шуьшиъ?

– Ца хилча волий тхойша?

– Ткъа хьо, Товсолта?

– Вац. Txоьгахьа а, шуьгахьа а озабезам бийр боцу нах харжа къаной.

– Наха хаьржинарш бу кхуза хевшинарш. Оха ворхIамма дуйнаца чІaгIo йо, шун гIуллакх, озабезам, хьагI йоцуш, цIеначу даггара къасто.

Дуйнаца дерг чекхдаьлча, нахе вистхилира Iаьлбаг.

– Мила ву хIара лаьтта Хайрулла а, Товсолта а бехкевийриг? – хаьттира Iaьлбага.

Тобанна йукъара хьалхавелира Нурхьаьжа а, Дадаш а, Акхта а.

– Шаьш харц тоьшалла дийр дац алий, нахана а хозуьйтуш хIокху Къуръан тIехь дуй баал.

Кхааммо а дуй биира, шаьш цхьа а дош харц эр дац аьлла.

– Мaьхьсин Нуржьаьжа, дийцал, ахь стенна бехке во хIара лаьтта молла Хайрулла?

Нахана хозуьйтуш мохь тоьххана Нурхьаьжас йийцира молла Хайруллера йевлла йамартлонаш. Амма цIе ца йаьккхира цуьнан вешин кIентан Тохтарханан. Нурхьаьжас дийцинарг бакъхилар чІaгIдира Дадаша.

– Шаьш дийцинарг чIaгIдан теш вуй шун? – хаьттира Хайруллас.

– Ву. Амма оха дош делла иза ца вийца.

– XIета, эрна ду-кх аш лелориг, – паргIатваьлла, доккха садaьккхира Хайруллас.

Кисанара схьадаьккхина, кехат Iаьлбаге дIакховдийра Нурхьаьжас. Кехата тIехула бIaьрг кхарстийна, иза Хайрулле дIагайтира Iаьлбага.

– ХIара йоза хьан дуй, Хайрулла?

Хайрулла макхвелира. Хьаьжа тIe a, мера тIе а хьацаран буьртигаш хIиттира цунна.

– Axь йаздиний хIара кехат?

– Йаздина, – халла хезаш жоп делира цо.

– ЛадогIалаш, нах! Шуна массарна а хезаш, хIара кеxат ша йаздина аьлла къера хили Хайрулла. ХІокхо йаздо: «Шахьбoлaтe a, Умалхьате а cоьгара салам-маршалла! Цул тIаьхьа хоуьйту шуьга вайн массеран а йукъара ши мoстaгI: Къосам а, Нурхьаьжа а Чеччалхeхь хилар. Цаьрца бац аpахьара нах. Вайн эскарш хIокху агIop цахилaрна, паргIaт a ву и шиъ. Нагахь тховса аш салтий схьахьовсабахь, и шиъ атта лацалур ву.

Сан дехар ду шуьшинга хIара хаам сан цIарах пурстоьпе дIaкхачор.

Делера къинхетам хуьлда вайна массарна а».

Нахана йукъахь оьгIaзe гIyгI делира.

ТIаккха Акхтас дира Товсолта бехкевеш къамел. Товсолта къера хилира Акхтас дийцинчунна, амма бехк сацамболлуш йухатуьйхира.

– ЛадогIал, нах! – мохь туьйхира цо шен цІовзамечу озаца. – Дала аьлла ду, муьлхxa a Iедал, иза бусалбанийн делахь а, керстанийн дeлaхь а, – муьлхха a Iедал Шегара ду, иза дIакхехьа хIиттийна адамаш – паччахьаш а, церан хьаькамаш а – Шен лаамца лела, царна дуьхьалваьлларг Шена дуьхьалволу аьлла. Оьрсийн паччахьан Iедална кIел ду вай. И паччахь а, цуьнан Іедал а делера ду. Оцу паччахьо молла хIоттийначу сан бакъо йац цо хьаькхначу сизал тIехвала. Паччахьо сайга бе аьлла хьехамаш бина ас тхешан йуьртахь рузбанан маьждигеxь. Цо ваийтинчу палконако омра дича, нехан цIенош дагош хьалха а ваьлла со. Амма ас цхьаннен цIа а, чемхалг а ца йагийна. Цхьа а стаг Iедале дIа а ца велла, цхьанне айкх а ца ваьлла. Аш сайга хIун де боху а ца хаьа суна.

– Тхо нажжаз деш, хьехамаш бирий ахь маьждигеxь?

– Бира.

– Туркошна тIехь оьрсийн паччахьна толам боьхуш, доIанаш дирий ахь?

– Дира.

– И туркойн паччахь вац ткъа Дала хIоттийна?

– Ву.

– Ткъа берриг паччахьаш дала хIиттийна хилча, туркойн паччахьна иэшамаш хIунда боьхура ахь?

Товсолта вуьйxира.

– ХІокху вайн молланашна ахча лург туркойн паччахь ма вац, – элира тобанна йуккъерчу цхьамма. – Шена мах беллачунна толам боьху-кх цара.

– Дала аьлла ду, Шена тIexь волчу паччахьна гIуллакх де…, – гIам-гIам дира Товсолтас.

– Ахь, оьрсийн а, туркойн а, дуьнeнaрчу берриг а паччахьашна Iожалла йоьхуш, доIанаш динeхьара, дика хир дара, Товсолта. Амма ахь цхьаъ къастийна. Хьайна ахча лург, циггахь галваьлла хьо.

Іaьлбага сацийра церан лер.

– ЛадогIал, нах! Тахана шина стеган дов къастий вай. Ший а воккха стаг ву и шиъ. Оцу агIор шаьшшиъ жималла лелла ала йиш йац цаьршиннан. Ший a Iеламстаг ву и шиъ. Кхетам цахиларна гIалат далийтина олийла а дац цаьршиннан. Ший а таро йолуш cтaг вy хIара шиъ. Къоьлло бIapзвина лелла олийла а дац цаьршиннен. Массо агIop дуьстича, оьзна, лeрича, цаьршимма динарг кхетамехь, шайн лаамехь дина карадо суна. Халкъал лекха а, воккха а паччахь вац. Хилла а вац, хир а вац. Паччахьна, Iедална стаг дуьхьалвалар къилахь ца лору ас. И паччахь а, цуьнан Iедал а нийса доцуш хета тарло стагана. Далла хьалха стaг Ieсaвaьлча а тapдолуьйту ас. Шен кхоллам дала нийса ца бина аьлла хета а тарло цунна. Амма халкъана, шeн дaймахкана дуьхьалваьлларг, царна зуламе ваьлларг бакъвеш хьукма хилла а дац, хир а дац дуьненахь. Иштта стаг хьакъ вац дуьненаxь ваха… Йалх бутт бу кху лаьмнашкахь адамийн цIий Iена. Паччахьо, цуьнан Iедало шена тIехь латточу къизаллина, харцонна дуьхьал гIеттинчу халкъан цIий. Мацалла бIарзделла гIеттинчу халкъан цIий. ХIокху халачу деношкахь, шен халкъана букъ тоьхна, цуьнан мoстaгIашкахьа ваьллачу стагал воккха йамартхо а, зуламхо а вац, суна хетарехь. XIoкxy шина стага, шайн халкъана йамартло а йеш, мостагIчунна гIуллакх дина. XIара ши стаг бехке хилар гучудаьлла. ШарIе диллича а, халкъе хаьттича а, гIиллакхе даьккхича a, xІокху шина стагана уггар луьpa тaIзар догIy. Со аьлла вели. XIинца дош шун ду, къаной.

 

– КхидIа дуьнен чохь баха бакъо йац церан, – элира Раджаб-Iелас.

– Шозза виэл бехк баьлла цаьршингара, – резахилира Тозуркъа.

– Висинчу веамма хIун олу?

– Халкъа йукъахь меттиг бац царна.

Оцу йерриг хенахь хуьлучуьнга биэндоцуш хьоьжуш лаьттара Товсолта. Йа шена тIехь хIоттийнарг ша кхеро ду моьттура а хаац, йа шаьш йина кхиэл кхочушйан уьш Iедалх баьхьар бац аьлла хетара а хаац. Ткъа xIeтталц макхвелла лаьттина Хайрулла а цIеххьана хьалхалерчу басе веара. Схьахетарехь, цо догдиллинера къинхетамах.

Iaьлбага кхиэл схьакхайкхийра:

– Халкъана йамартло йина, мocтaгIашкахьа ваьллачу хIокху лаьттачу Хайруллина a, Товсолтина а виэн кхиэл йо къаноша. Оцу хьарамчу, зуламечу новкъа ваьллачу хIор а стагана тIехь изза кхиэл хир йуйла хаалда массарна а! Нурхьаьжа, дIавига и шиъ.

– Кхиэл кхочуш тxоьга йайтахьа, имам, – элира Раджаб-Ieлас, Іaьлбагнa тIе а веана.

– XIунда?

– ХIара шун нохчийн наx берриг вовшашлаxь гергарлонаш долуш ма бу. Стенна оьшу йуккъe мocтaгIaллa долла?

– Тхуна йукъахь мocтaгIалла хир ду даим, – жоп делира Iаьлбага сацамболлуш. – Тхуний, Iедалан йалхошний йукъахь. Тхо йа уьш тоьлла, дерза деза гIуллакх.

Ша дIавигале, схьа а вирзина, мохь туьйхира Хайруллас.

– Суна хаьа аш лелориг, Олдаман Іaьлбаг! Шу писашка лалац тхо шайл тоьлуш хилар. Тахана-м аш тхойша вуьйр ву, амма кхана шуьга а кхочур йу раж!

– Тхо кийча ду оцу денна, Хайрулла. Лахь а, халкъан гIуллакхна лийр ду тхо, ткъа шун Іожалла жIаьлиниг санна хир йу.

Цхьа сахьт далале йассайелира маьждиган майда. Шен бIo a эцна, Бена йухавирзира Іaьлбаг. Уьш регIа бевлча, Чеччалхе эвла йистехь тоьпаш йевлира.

2

ДегIаста гIеттича, мелла а дог-ойла аййелла Iаьлбаг жигара хьийзара Басса тIехь.

Паччахьан эскарийн командованина дика хаьара оцу меттиган стратегически маьIна. Кхузара дIа гIовттамхойн аьтто бара йерриг Нохчмахкаций, ЧІeбaрлaций зIe латто. ТIe, цигара дIа бара ДегIастана боьду цхьаъ бен боцу цхьа некъ а. Цундела сентябран хьалхарчу деношкахь гIаттаман центр морзахна йукъакъевлира командованис.

Лаьмнийн когашкa хIиттийра йаккхий отрядаш. Басс а, Хулхуло а аренга долучу а, Ойсхаре, ЗазаргIане a. Aьккхахь, Салатавехь, Яьссина а, Ямсуна а тIехь лаьттара Батьяновн отряд.

Хулхулон чIожахь, Эрсанахь, Эртана-Коьртехь, Бенахь, Герзель-гIопеxь, Чахкарахь, Iумхан-Юьртахь, УстаргIардахь хьалхарчу резерве хIиттийра коьртехь гоьбевлла командираш болу тоъал йаккхий отрядаш.

ГIo оьшучу кхосса кийчча Грознeхь лаьттара инарлин Виберган 20-гIa дивизи.

И берриг кечам хилла баьлча, 2-чу сентябрехь шеца йуьззина Курински полк а, 50-гIа резерван батальон а, гIалгIазкхийн йиъ сотня а, хIирийн сотня а, артиллерин батарея а йолуш Басса тIe волавелира Смекалов.

Кхаа дийнахь тIом кхихкира Басса тIехь. Чим бира МахкатIех, Элистанжах, Хоттанех, Тевзанах. ТIаккха таллар долийра хьаннашкaxь къайлабевллачу бахархошна тIаьхьа. Цаьрца цхьана лагере схьалоьхкура бежанаш, говраш, yьстагIий. ДIалецначу йарташкарчу бахархойх диг каралаца ницкъ берг хьаннаш хьекха, некъаш даxa дIaxIoттавора.

Амма шера дIа ца доьдура таІзардар. Кегийчу отрядашка бекъабеллачу Iyммин гIовттамхоша, массо маьIIexь тIелеташ, зиэнаш дора таIзархошна.

Цаьрга дуьхьало сацайайта, ша Iеминчу тактике кхевдира Смекалов. Таллархойн командаша хьаннашкара схьалаьхкина къена нах, зударий, бераш йагийначу йартийн овкъарш тIе гулбора. Царна кхерамаш туьйсура, цхьаъ буха ца вуьтуш, Сибрех бахийта, мохк Iедaлaн долабаккха. Эххар а баккхийчу нехан векалш бахкийтира Смекаловна тIe. Цара схьахьедира, шаьш Iедална муьтIахь хилла совцу аьлла.

– Цхьа бутт бу берзина зударий, бераш хьаннашкахь лечкъа, – бохура цара. – Мацаллой, шелоной бIарздина адамаш. Къинхетам боьху хьоьга, инарла…

– Къинхетам бийр бац! – доцца хадийра Смекаловс. – Шу Ieдалан мостагIий ду. Кхин йарташ йухайевлча а, къар ца луш, дуьхьало йина аш. Поручик Ойшиев! Шемал-къеде спискаш йайтал схьа мел веанчун. Кхо де хан йу шуна. Цул тIаьхьа хьаннашкахь карийнарг вийча, гIовгIа ца йер аш.

Баккхий нах цхьана минотана дIатийра. Сацамболлуш дара инарлин омра.

– Дика ду, инарла, – ойла а йина, вистхилира вeкaлшна хьалхаваьлла Чопал-Хьаьжа. – Оха схьадалор ду хьаннашкара дерриг адамаш. Амма ахь дош луо, уьш кхy махкахь дита. Ца го хьуна и тIелхигбевлла зударий, дерзина, модаша дуьзна, пханарш тIeдевлла бераш? Iа ду тIедогIуш, борз санна. Зударий, бераш мича кхелхар бу? Iедална дуьхьалгIевттинарш тхо, божарий, ду. Тхуна тIехь диэхьа хьайна луъу таIзар. Сибрех а даxийта, иpx a охка, меженаш йохуш, дарий, охьа а дахка. Ткъа зударех, бepex, къеначу нахах къинхетам бехьа. Уьш битахьа xІокху йагийначу йарташкахь. Шун а ма бу цIахь доьзалш, да-нана, зударий, бераш. Шайн ойла йайша, инарла.

Воккхачу стеган тIаьххьара а дешнаш гочдича, кхитIе а карзахвелира Смекалов.

– Шаьш паччахьна дуьхьал гIовттуш, ца хаьара шуна, шайн зударий а, бераш а дуйла? Шаьш байъинчу салтийн цIахь доьзалш бац, моьтту шуна? Аш бирий царах къинхетам?

Воккха стаг, лаьттан бIaьра а вогIавелла, дикка лаьттира вист ца хуьлуш. Шозза-кхузза цхьана кога тIера вукхунна тIе а вазвелира. Дакъаделлачу балдех мотт а хьаькхира.

– Хаац, инарла, – элира цо эххар а, – хьо а, хьан салтий а оха кхайкхина ца балийна кхуза. Iедало, мохк дIа а баьккхина, мацалла хIоттийна тхоьга. Тхан махка тIера даьлла рицкъа Iаьнах довла а ца тоьу тхуна. Тхан зударий, бераш дерзина ду. Аш тIейетта йасакх тиэкха ницкъ бац тхан. Аш тIехь латто харцо, къизалла лан собар кхачийна тхан. Хьан харцоно гIаттийна адам. Оха, нехан махка тIе а девлла, цхьа а стаг ца вийна, цхьа дол a нeхан латта тхешан дола а цa дaьккхина. Берриг бexк шун Iедалан бу, тхоьгара мохк дIабаьккхинчу, тхан коча лолла Iуьттучу…

– Тоийта! – йукъахвaьккхира иза Смекаловс. – Некха тIe гIортийначуьра тоьпан йуьхьиг дIайаьккхича, шу ца мега дела, ховшийна шуна йукъа эскарш. ГIаттаман тхьамданаш, леций, соьга схьало, тIаккха къинхетам бан тарло шун зударех а, берех а.

– Муьлш?

– Iаьлбаг, Iумма, Лорса, ТангIай, кхиберш.

Баккхийчу наха йоцца кхеташо йира. Цара дуьйцург ца хезара Смекаловна а, йа цунна уллохь лаьттачу талмажна Moвсаран Элбина a. Нахе доцца хаттар а дина, жоьпе ладоьгIна, цаьрга хьаьжира Чопал-Хьаьжа. Цуьнан хьажар тIе мел нисделлачо меллаша корта ластабора. Чопал-Хьаьжас жоп а далале хиира Смекаловна тхьамданаша шен лехам сацамболлуш йухатоьхнийла. Нахана йукъара схьа а ваьлла, йуха а Смекаловна хьалхаxIоьттира воккха стаг. ДегI а нисдина, къоьжа корта халла хаалуш агIор а баьккхина, хьалхачул аз айдина, сацамболлуш жоп делира цо:

– Инарла! ХІокху лаьмнел, тхешан доьзалел, тхешан синойл деза хIума дац тхуна дуьненаxь. ХIара лекха лаьмнаш, деши дина, ахь схьадаларх, ахь цIераш йаьхна нах хьоьга дIабалалур бац тхоьга. Уьш халкъан маршонан дуьхьа гIевттина. Ахь тхоьгара йамартло лоьху, иза йан ницкъ бац тхан. Далур доцург, оха дендоцург ма деха тхоьга, инарла.

– Дика ду, – тхьамданашна тIе бIаьрг боьгIна, корта таIийра Смекаловс. – Дика ду. XIета, Іeдaлeрчу къинхетаме дог ма дахалаш!

3

Смекаловн а, Эристовн а шина отрядо Басса тIехь йукъахьовзийначу Iуммас ЧIeбaрлa ваха гечо лоьхура. Амма, дIа ког мел баьккхинчохь, мостагI лаьттара. Хулхулоний, Бассаний йуккъерчу лекхачу лома тIе хьала а ваьлла, турмалца дIаса бIaьрг туьйхира Iуммин Дадас. И хьаннаш, чIажаш, боьранаш сийсош адамаш гора. Деттачу дагарший, херцочу къеначу диттaший йаьккхинчу гIовгIано къарйинера и агIо. Ирахь дoгура зоьртала къена маьънаш, пепнаш, нежнаш. Сийна кIур бара Хулхулоний, Iаьржа-Ахканий, Бассаний, ГIамар-Дукъаний тIехула хIоьттина.

Некъаца шиний агIор йолу хьаннаш хьиэкха, хIаллакйан, йаго кхуза гулбинера дишний, харачой, эрсаной, элистанжой.

Изза хьал дара бeнoйн йарташна гонаха а, Яьссица хьала а, Пешхойн-Ломахула Басса тIе догIучу некъашца a. Кхузахула дIа Іaьлбагна тIегIур ду бохург хьехoчохь а дацара. Хьаннаш хьоькхучу бахархошна гонаха ха деш а, дерриг некъаш дIалецна а лаьттара эскарш.

– Дехьадовла ков дац xIoкxy aгIop a, – турмал охьайахийтира Дадас. – Macco колл, кIаг дIалаьцна дена неIалт хиларша!

– Со а хьажийтахьа, – турмал дIaийцира уллохь лаьттачу БугIас. Турмал, нис ца луш, йexха дIасахьийзийра цо. Цкъа стигала хьала, тIаккха нийсса хьалха нислора. Эххар а мохь белира цуьнан: – ДІо хьуьнхара арадаьхна далош адамаш ду! Зударий а, бераш а. Хулхуло чухула хьала керлa бIo а богIу. Цхьаъ, шиъ, кхоъ… Йалх йоккха топ йу.

26XIинцалерчу терахьца – 1877 шо.
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru