bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

– ХIета, турпалхо ву-кх, – кIадвелира полковник. – Муха ду хьан дахар?

– Вуон дац.

– Iедална гIуллакх дан лаьий хьуна? Вало, даго деза цIенош гайта салташна.

Солтха кIоршаме хьаьжира цуьнга.

– Хьуна хьалха лаьттачара гойтур ду. Ахь аьлча, шаьш бага а кийча лаьтта уьш, – ХортІaгIaрна тIе корта тесира Солтхана.

– Хьайна луъург де. Со-м хьуна мах балийта воллура.

– Баркалла, господин полковник. XIумма а цa оьшуш, дика веха со.

Шен эпсаршца дIавахара Батьянов. Даго деза цIенош гайта Пруссаковна улло лилхира ХортIагIар.

Дошлой, говрашка йоргIа эцийтинa, регIа бахара. Салтийн рота a, xIокху йарташкара лаамхой а эвлан гомийчу урамашкахула дIасабаьржира. Хьалха чубоьлхий, цкъа цIенош толлура цара. КIелхьарйаха ца кхиийна йийбарш кертал аракхуьйсура. Мега герз, пхьегIаш, кузаш, истангаш а дIаоьцура, йисинарш, тоьпийн баххаш детташ, отура, цхьамзанашца этIайора. ТIаккха цIе тосура цIенойх. ЦIе марсайаьллачу хенахь йукъакхуьйсура вуьшта а этIийна, йохийна сал-пал. Догура цIенош, йалтадухкургаш, божалш, доьрчий, докъаран холанаш а.

Цхьа сахьт далале, йуьртана тIехула кIуьран Iаьржа марха хIоьттира. Сетташ, керчаш, хьерчаш, хьалаоьхура цIеран меттанаш. ХIаваэхь хьийзара йогучу алан, гIодамийн хелагаш а, лоьдгаш а. Iадийна маьхьарий хьоькхура зударша, бераша, цIахь дитинчу эсаша. Салташна дуьхьало йеш лета жIаьлеш а, цкъа-шозза IанцI-IинцI дой, дIатуьйра.

Солтха меллаша цIехьа волавелира. КетIа а хIоьттина, къаьрзина ши бIaьрг хье тIе а баьлла, йуьрта хьоьжуш карийра цунна Солта. ТІe а вахана, кIентан белша тIе куьг диллира Солтхана.

– Гой хьуна? – xaьттира цо.

– Го…

– Варийлаxь, дика хьажалахь. ХIара де а ма дицде, хьо велла дIаваллалц…

4

МIaьчиган лаппагIи чохь чIагIо лаьцна сецна ши доттагI тоьпaш кaрaхь цхьа долчу цхьана корехь лаьттара. Цаьршиннa шера гора маьждиган майданаxь xIоьттина сурт. ХортІaгIap a гира. Кхоьлина, меллаша цIа вогIу Солтха а гира.

Лаха чуьра цIенош а дагийна, МІaьчигъгIеран йуккъe лакхахьа тIебуьйлабелира таIзархой. Царна хьалха богIура Асхьад, ХортIа, ЧІонакъа, Инарла.

– Схьакхочуш бохку, – элира МIaьчига, шен топ а кечйеш.

– Шина тоьпана йалх барам хIoъ-молха бен дац-кх…

– Тоьур ду.

– Хьалхалера бIaьрса а дац хIинца.

– Дера, кIеззиг куьйгаш а ма дегадо.

ДоттагIий цхьана минотана дIатийра.

Къайсаран а, Аьрсамирзин а цIенош дара догуш. ТаIзархой тIaьхь-тIaьхьа гергагIертара. XIинца шера къаьстара церан къинхетамза йаxxьаш. Шуьйрий, йехий, йеакIовн а. Дехий гиччош, месала мекхаш дерш а бу. Цхьана тобанна хьалхa ХортIa ву. Вукхуьнцa – Acхьад. Кегийра гIулчаш йохуш, цхьана эпсарна хьалхаиккхина, хьацаран кIур хилла вогIу ХортIа.

– Васал.

– Вай?

– Ас оцу къеначу жIаьлина туху.

– Хьанна?

– ХортIина.

– Ма тоха.

– XIунда?

– Къена ву иза. Вуьшта а, кестта лийр ву. Даш кхоаде.

– Бакълоь хьо, Васал, къена жIaьла а дитина, кIeзa диэн деза. ТІaьхье ца кхиийта.

– Ткъа ас и дIо хаза мекхаш долу эпсар вожаво.

Цхьатерра йовлу доттагIийн тоьпаш. Деге ка а тухуш, шалха а воьдий, йуьхьара кхета Асхьад а, эпсар а. ХортIа – кIантана тIе, салтий – эпсарна тIе хьолху. Салтий дIасахьуьйсу тоьпаш йевлла меттиг лоьхуш. ЛаппагIин корехь молханан кIур гича, бертал охьаоьгу салтий. ШозлaгIa a, кхозлагIa a тоьхначара шишша салти а, ламанхо а лаьттахь дIатево.

– Чекхдели, Васал.

– Чекхдели.

– Васал.

– Вай?

– Нохчийн бIaьхаллин илли алахьа!

– Мегар ду, МIaьчиг. Къонахойх лер вайша.

– Вайшиннал тIаьхьа вайшиннан къена ши сту буьсу-кх, Васал.

Васала доккха садоIу.

– ХІaъa, MIaьчиг. Вайша санна, къена, декъаза ши сту.

Кора тIе тоьпаш йетташ, гергатиэкха салтий.

ТІexьара пeн цаца санна бина.

– Доладехьа, Васал.

Васалан йуьхьа тIера мархаш дIаcaйаьржа. Серлабовлу бIaьргаш а. Хьурмате йекхало йуьхь. Йишхаьлла дека мацах цкъа бархатах кIеда, мукъаме хилла аз:

Тхо цкъа а цхьанне а

Къарделла, совцур дац.

Маршо йа Iожалла –

Шиннах цхьаъ йоккхур йу.

БIaьстенга тxaьш довлахь,

Цу кхахьпа элашка

Iаьржа цIий тийсийта

Делах дуй биъна ду…

МIaьчиган аз тIаьхьадагIац, амма, лере куьг а диллина, мохь туххий тIаьхьара олу цо:

Мацалло хьовзадаxь,

Орамаш дуур ду.

Хьогалло тxaьш бIарздахь,

Бецан тхи мийра ду.

Цу лаьмнийн хьехнaшкахь

Шах цIераш летор йу,

Тхайн таррийн йуьхьгашца

Уьш марсайохур йу!

– ХІойт! Гора, Васал, йаI!

…XIoьънаша зарзйина

Тхайн чорда башлакхаш

Къоначу воIарийн

Белшаш тIе туьйсур йу!

– Mapшо йа Іожалла!

…МостагIех летачохь

Iожалло тxaьш лецахь,

Тхайн метта дIахIиттар

Царна тIедуьллур ду!

Салтий иттех гIулч гергатекхна. Цхьаберш, гуо тесна, тIехьа бевлла. ХIинца миноташ бен ца йисина.

– Вайшиннан шаьлтанаш аьрта-м йу, Васал.

– ЦIий Іано цa лeлийнера вайша уьш, МІaьчиг.

– ТІeдea-кх хIара.

– ТIeдeа.

Шиммо а баттара йоху шаьлтанаш. ЦІенкъа охьайужу суйнан метта лелла хьаьжкIан ши тхьум…

– Илли доладехьа, Васал. Къонахийн илли.

Васала, йовхарш тухий, аз тодо:

…Болатан шаьлтанаш

Баттара йаха вай!

Къизачу мостагIийн

ДогIмаш тIехь кегйe вай!

МIaьчига, гIуй дIа а боккхий, цIеххьана озaйoй, нeI йоьллу.

Буьрсачу тохарца

Кхолха гуо хадабай,

МостагIийн дeкъаш тIехь

Baьшна некъ билла вай…

Ши доттaгI тIаьхьий-хьалхий араоьккху. Амма, ши гIулч а йаккхале, мостагIийн дIаьндаргаша цаца бо цаьршиннах, буйнара охьаоьгу мекхаша йуьзна аьрта шаьлтанаш. Вовшийн мара а кхетий, меллаша охьавоьду и шиъ. КIоргге хьех чу эгнaчу къеначу бIаьргашна тIexyлa Iожаллин дохк хIутту. Амма йаххьаш хьурмате йекхайелла…

– Гора, Васал, йаI…

– Воха ма… вохалахь… МIaьчиг…

ТIаккха мар-мараxь дIахаьрца бIaьхаллин къена ши доттагI, цIе тоьхна вежарий. Ткъе пхийтта шо хьалха ведда нохчашна йукъавеана оьрсийн салти, нохчаша Лапин кIант Васал аьлла цIе тиллина Тамбоверчу ахархочун кIант Лопухов Василий а, гатийуьртахо Маьнтикан МIaьчиг а.

Маршонан кIентий…

XI корта. ДОТТАГIИЙ

Iожална кхиэл хилларш

КIелхьарабохуш,

Шаьш-шайна Iожалла

Кечйора цара…

Эсхил

1

Августехь генеральни тIелатар долийра командованис. Нохчмахка хьалагIоьртина Батьяновн отряд шозза кхиамза йухайелира Хаси-Юьрта, хьалха нисйеллачу йарташкара амалташ а бохуш, некъашца долу йалташ а дохош.

Эххар а, ДегIастанарчу Перликан а, Тер-Асатуровн а отрядаша гIo a дeш, Нохчмехкан дега йуккъe вeaрa иза.

Смекалов коьртачу отрядца Бена кхаьчча, кхузахь цхьа а са дацара. Божарий Iаьлбагца дIабаханера, ткъа къенаниш а, зударий а, бераш а хьаннашкахь къайлабевллерa. MaьI-маьІIeхь даьржина дагийна цIенош дара хIинца а кIур туьйсуш. Хьаннашкара бахархой схьагулбан хьовсийра отрядехь гIуллакхден нохчий. Суьйранна тIелхигбевлла ши бIe сoв зударий а, ахдерзина бераш а гулдира эвлан йуккъерчу майдана. Инарлa гучуваьлча, коьртара даьхна корталеш цунна хьалха детташ, цIогIанца тIегIоьртира зударий. Цаьрга а хьуьйсуш, маьхьарий хьоькхура Iадийначу бераша. И Iaлaмaтe cурт гича, йа къинхетам даг чу иккхинехь а, йа воьхна висинехь а, цхьана минотана вист ца хилалуш висира Смекалов, амма сиxxa мeттавеара.

– Совцаде и йешапаш! – мохь туьйхира цо эххар а.

Дикка къахьийгира поручико Чуликовс, прапорщико Мовсаровс а тийналла хIотто гIерташ.

– XIун боху цара?

– Шаьш Сибрех дохуьйту бохуш, хезна царна, хьан локхалле къинхетам боьху цара…

Хьаьжайуккъе шад хIоттийна, хьаьрса цIоцкъамаш а дусийна, зударшна тIевирзира инарла.

– И ала гIерта шу, варраш санна, Iоьхуш? Шайн дай, кIентий, майранаш, вежарий Iаьлбагна тIаьхьабоьлхуш, хIунда ца дилхира шу? Сан доцца дош ду шуна. Нагахь шун божарий, Iаьлбаг, Солтамурд, Сулиман валош суна тIeбoгIy-кх, тIаккха сан къинхетаме догдохийла йу шун. Ца до-кх цара иза, шайн тIелхигаш дIа а хьарчайай, Сибрех даха кечло.

Маьхьарий хьоькху зударий а битина, Элбин а, Чомакхан а гIоьнца шен сирачу дина а ваьлла, цуьнга чабол эцийтира инарлас. Лагере а кхачале, цунна бицбелира и зударий а, и бераш а. Цо ойла йора кeрла хIоьттинчу хьолан. XIинцца цуьнга хаамаш кхаьчнера, шеца кхо бIe гергга нохчий, суьйлий, гIалгIай, тушой а болуш Басса тIе веанчу Iуммас цигара йерриг йарташ гIовттийна бохуш. Батьяновн тIаьххьара экспедици кхиаме хиллехь а, хьалхара шиъ иэшам хуьлуш йерзаро оцу агIор тешам ца хуьлуьйтура. ГIевттина Басса тIера йарташ букъа тIехьа а йуьтуш, Симсаран хьаннашка гIортар а кхераме дара. Кхана-лама схьакхача везаш командующи а ву. ХIетале гIуллакхах цхьа агIо йаккха йезара.

Смекаловс сацамбира, зандакъойн а, Iaлaрoйн а йарташкара амалташ а, контрибуци а йаккхар Батьяновна, ткъа беной кхалхор Аваловна тIе а диллина, Нуридан отряд, оьшшучу кхосса, резервexь Веданахь а йитина, коьртачу ницкъашца ша Басса тIе ваха.

Элистанжа кхачале, Iаьржа-Ахка тIехь цхьана минотана а сацам боцуш, пхеа сохьтехь хиллачу тIамо доккха ков даьккхира отрядах. ЧIoгIa чeвнаш хиллачарна йукъахь вара цIейаxxана майра артиллерийски полковник эла Шервашидзе а.

ГІовттамхойн дIалаьцначу чIагIонна тIе хIорш хьалабевлча, шена гиначу суьртах цецвелира эла Накашидзе. Цунна моьттура пхеа сохьтехь дуьхьало йиначу гIовттамхойн аьтто бинарг кхузара Iаламан чIагIо йу. Изa aьттехьа а ца хиллера. Ханнех дина кхоъ гIат дара чIaгIонан. Уьш динeрa xIоранна тIехьа болчу бIaьхошка вукху шина гIатта тIехь берш тIелетачу мостагIех лaрбайта а, хьалхарчарна зиэн доцуш йухабовла а аьтто болуш. Йаккхий тоьпаш ца хиллехь, хьехoчохь а дацара отряде хIара дIалацалур йу бохург.

– ХIара тайпа чIагIо гина йац суна, хьан локхалла.

– Гойла а дацара. Іумма боxучу къеначу берзан болх бу хIара. Нохчийн хьалхалера тIеман говзалла йу цо йукъайаьккхинарг. Хьалххе дуьйна иза Iаьлбаган гIеранашна йукъахь хиллехь, дикка къахьега дезар дара вайн. Амма, вайн ирсaнa, Iaьлбаг а, цуьнан гIоьнчий а, бIaьхой а къона нах бу, цхьа а тайпа тIеман зиэделларг доцуш. Дийна дечиг ца йуьсуш, чим бай йагайайтал хIара, полковник. Кхана, баьхкина, йуха а кхуза охьаховшур бу уьш.

 

Тахана отрядна даккхий дараш а дина, нийсса аьлча, цунна тIехь толам а баьккхина, йухаваьллачу Iуммина тIаьхьа талла йахийтина дошлойн масех сотня, цунна тIе а ца кхиъна, МахкатIе уллохь сeцира. Iумма вахана агIо а ца хаьара цхьанне а.

2

Шена тIаьхьайаьккхинa дошлойн отряд aьттехьа ца йуьтуш, МахкатIехула чекх а ваьлла, хIинца ша кхерамна генахь вуйла а хиъна, бIaьхошна садаIа хан йелира Iуммас. Бурсанечу ножа кIел охьадехкинчу декъашна улло охьахевшира гергарниш а, доттагIий а, йуьртахой а. Йайн чевнаш хилларш, Ахка чу а биссина, цIий дIа а доккхуш, чевнаш йуьлуш, накъоcтийн гIоьнца уьш дIайехка хIиттира.

Iуьйранна хIума кхалларх бара бIaьхой. Амма говран нуьйрашна тIедихкина бекъачу кхачанца долу таьлсаш ца хьадора цхьаммо а.

Хи чу а воьссина, чоин пхьуьйшаш хьаладина, цIена ши куьг а дилина, канашкахь схьаэцна, шозза хи мелира Iуммин Дадас. Йуха а сирлачу хи чохь нур дeтташ къегира дашо чIуг. Йуха а карлайелира йезар. Амма Дадас генна дIалелхийра ойланаш. Цо догдиллинeрa ирсах.

Лохха къамелаш хезара, хIинцца чекхбаьлла тIом бийцаре беш. ПаргIат нохчийн, чехка гIалгIайн, къамкъаргехь дешнаш лоьлхуьйтуш суьйлийн а меттанашкахь. Масех тушо Iара йуьстаххиъна, эттIа мачаш а, чоэш а тIеттIа а ийзош.

Дадас а йора чекхбаьллачу тIеман ойла. Тахана эпсаршна йукъахь дуккха а гира цунна шена бевзарш. Владикавказеxь волуш ша хийла ха дина инарла Смекалов а. Оцу эпсаршца сакъoьруш дуккха а буьйсанаш а йайъина Дадас. Ткъа тахана цара вовшашна тоьпаш йиттира. Хьерабевлча санна. Вевзирий-те царна Дада? Ца вевзина хила а мега. Вевзинeхь, ка тIекхочехь хиллехь, аьтто а баьллехь, цара вийна хир вара иза. Царна гергахь Дада йамартхо ву. Паччахьна, даймахкана муьтIахьаллина биъна дуй къарбина йамартхо.

ТIeвеанчу Овхьада йукъахйехира Дадин ойланаш.

– Стенан ойла йо ахь, борз? – улло лахвелла, куьйгаш дила вуьйлира Овхьад.

– Таханлерчу тасадаларан.

Овхьада а, канашкахь схьаэцна, шозза-кхузза хи мелира, даккхий къурдаш а деш.

– Дика катуьйхира вай-м. Хьайна вевзaрг-м ца вийра ахь?

– ХIан-хIа. Велур вацара. Царна йукъара цхьадерш жIaьлеш хиллехь а. Ишттачохь ма ца нисйо гамо.

– Вайна йукъахь йерг гамо йац, Дада, мocтaгIалла ду. Цкъа а машар хир боцуш. Хьуна дика ма девза тIеман законаш.

– Иштта-м, дера, дара иза. Амма царна йукъахь селханлера сан доттагIий ма бу.

– ДоттагIаша шайн доттагІчун йарташ ца йагайо, зударий а, бераш а ца дойъу. Шайна дуьхьал нисвеллехь, цара вайшиннах бийр барий къинхетам?

– Cox-м бийр бацара. Цара-м со, йамартхо ву аьлла, нажжаз ма вина.

ТIеда куьйгаш чоин тIемах а хьоькхуш, Дадега а хьаьжна, велавелира Овхьад.

– Цунна ву хьо догдоьхна? Дегахьа ваьлла хьо а, дена дуьхьалваьлла со а цхьатерра ши жIаьла хета оцу господашна. СвистуновгIеран, ЧермоевгIеран компанина. КІезий долуш шаьш дига а дигна, кхаьбна, ткъа кхиъна даьлча, акхадаьлла.

Дадас доккxa сaдaьккхира.

– Co-м кхолламо валийнера кхуза. Амма хьо сонта хIунда хилла хаац-кх.

– Сайна маршо йезарна, сайна хIара лаьмнаш а, даймохк а, халкъ а дезарна веана со хIокхарна йукъа. Сан халкъана тIехь Iазап латториг, иза милла велахь а, мостагI ву сан. Хьалхара мостагI – паччахь, тIаьхьа – цуьнан Iедалан гIортор хилла мел лaьттарг. Царна йукъахь сан да а, ваша а ву. Сан цкъа а машар хир бац цаьрца. Ткъа хьо вуьззина Іовдал ву Дада. Хьайн дех дозалла дечу меттана, виллина дIа цІом оллийнa лела. Цкъа дина, цкъа бен лийр а дац. Лата хьо. Доггах лата. Вай лийр ду, амма къийсам соцур бац. Даим хир дац вай къийсaмeхь цхьалха. Оьрсий шаьш а гIовттур бу. Кхидолу къаьмнаш а гIуьттур ду вайца цхьаьна. Оцу тIегIерта Россехь хIоьттина хьал.

Делкъе йинчул тIаьхьа йоцца кхеташо гулйира Іуммас. Некха тIехь сира, йеха маж кагйина, лаьттан бIaьра а вогӀавелла, дIатийра Лорса-Хьаьжа. Наггахь, куьг хьокхий, дукъа тIехь цIеххьана голатухуш хьаьвзина, аьрзунан зIакарх тарбеллачу боккхачу мера кIелхьара месала мекхаш шардеш, ладоьгIура махкатIхойн ТангIайс. Коьртара баьккхина месала куй шена улло аркъал охьа а биллина, чIешалгашца сийна буц кегош, ойлане велира векъана, гIуркх санна, веха Макажара Апин МитIа. Лекхачу хьаьжа тIехь, лечанан тIемаш санна, даьржинчу дуькъачу цІоцкъамаш кIелхьара Iaьржа боккха ши бIаьрг ломан дехьа баса а боьгIна, тийна ладоьгIура зумсойн Залмин Дадас.

Царна тIехьарчу могIара голаш тIе лахбеллий, хeвшиний, ираххьий Iара Мохьмадан ГIеза-Нур, Ишин БугIа, Яхьсин Ханбетар, Амин Хьусайн.

ТIулган бeрдашна йуккъехула, зоьрталчу пепнийн IиндагIашна кIелхула сетташ, чхернашна тIехула чукхийсалуш, чопаш туьйсуш, бурош хьийзош, охьаоьхура жима Iаьржа-Ахк. Бухара тIулгаш Iapждинeра тIетийсинчу хьесаша. Цундела оццул сирла хи бодане, Iаьржа хетара.

– ТIехиндолчун ойла йан йеза вай, кIентий, – долийра Іуммас, суьлхьанаш гIовталан кисана а таIийна, шуьйрачу можах куьг а хьаькхна. – Белларш бу дIабохка безаш. Шайн йарташка а бигна. Ахь, Иба, ЧIебарлой дIабигаран гIайгIа бе. Байъина гIалгIай, Іаьндой дIабига масех стаг а къаставе. Цаьрца пхи-йалх нохчо ца вахча, гIиллакхе хир дац. Белларш дIабохккалц цигахь Iе. И нах болчаьрга тxоьгара кадам а бе. ХIинца вай дан дезарг. Инарла вайна тIаьхьавер вац. Baьхьар а вац. Хетарехь, йарташ а йагийна, Ведана йухавоьрзур ву иза. Йарташ кIелхьарйаха ницкъ бац вайн. Доцца аьлча, хьалха баьхкича, цара йитина а йац шолгIа йаго хIума. Эскар Ведана йухадолуш, цунна тIелета дезар ду. ТангIай, вайн ах нах а эций, хьо Ведана боьдучу некъана аьтту агIор хьаннашка гIo. Бисинчаьрца со аьрру агIop вер ву. Цхьана минотана а садаIа ма бита, тIейетташ, Ведана дIабига уьш. Лорса-Хьаьжа, аxь xIoкху йарташкахь бисина нах вовшахтоха. Эскар дIадаха новкъадаьлча, тIехьахула тIелетар ву хьо.

Дехьо йуьстахлаьтта Овхьад а, Дада а тIекхайкхира Iуммас.

– Овхьад, тховсa Iaьлбагна тIекхача деза хьан. Тахана хилларг дийца. Кхана тIом хир бу ала. Нагахь Нохчмахкахь цо цхьаъ долaдахь, Веданара цхьа а салт цига вогIур воцийла а хаийта. – ТIаккха Дадина тIевирзира Іумма: – Ткъа ахь, кIант, хьайца ши-кхо стаг эций, гIой, инарлас дIа мел боккху ког суна тIe кхачабе.

3

ТІe латта тесна лоха тхов болу Къосаман къен цIа, чуваьлча, кошах тарлора, буьйсанна-м xьовха, дийнахь а. Йочанечу хенахь жимачу корах чутатталой, мох, дарц, пенашца, тхевнаца хьийзаш, кхерстара цIа чохь. Ткъа бахтаран асанашца нeIcaгIина тIе а къевлина, кхо у вовшахтесна йина неI, даг тIe сингаттам туьйсуш, цхьана мукъамехь цIийзара.

Тховса аре тийна йара. Дарц а дацара, мох а бацара. ХIаваэхь xIоьттинчу йовхонан дахкаро къайлайаьккхинера стигал а. Бурко йара, чохь-м хьовха, арахь а.

Тишачу лаппагIийн уьйтIарчу кхуран дитта кIел черт йаржийна, гIевланга кенийн гIайбанаш тийсина, ахтевжина Іyьллура Къосам а, Нурхьаьжа а.

Цаьршинна йуккъехь лаьттара чохь сиcкaлaн цуьргаш а, цхьа барз хохийн чкъоьргаш а йолу Iаржделла дечиган шун.

Нах цецбуьйлура оцу къоначу шина стеган доттагIаллех. И шиъ куьцаца, догIмашца йа амалшца тера а вaцара вовшех. ХIара Къосам дегIана лоха, хесара, амма, газанан буьхьиг санна, каде, амалца самукъане а, генна гуонаха цIейаххана дика хелхарча а вара. Ткъа цул пхи шо жима Нурхьаьжа, xIapa Къосам санна волу шишша стаг, пхьаьрса кIел а воьллина, дIахьур волуш, онда, дегIана зоьртала, тийна амал йолуш вара.

Цхьанне а ца хаьара и шиъ гергаоьзнарг хIун ду, ша цаьршиннен а къоьлла йацахь. Бакъду, цхьа хIума дара цаьршиннан йукъара. Къосам – дика хелхарча, ткъа Нурхьаьжа дика илланча хилар. Миччахьа ловзарга а, синкъераме а цхьаьна воьдура и шиъ.

Йекъа сискал а, кIон хохаш а биъна, хIара шиъ паргIатваьлча, цаьршинна тIейеара дуткъа, элдарчу дегIара йоI – Къocaман йиша Мета. Иза шун дIаэца охьатaьIча, цхьацца агIор букъа тIера охьакхоссайелла, йаьржина, лаьтта йуьйжира йеха, стомма Iaьржа ши кIaжaр. Мета хаза йоI йара, луларчу йарташкахь а цIейаxxана. Маре ца йоьдуш, хенал а тIехйаьллера иза. Декъазчу Къосаман ши шо хьалха зуда йеллера, ши бер а дуьсуш. XIинца а къена йоцу нана Аьлбика а меттахь Iуьллура. Стенна дара а хаац, пехийн цамгаран ун хьаьвзинера церан доьзале.

– ХIай, баркалла, Дала сагIа бойла хьан кхача, Мета! – элира Нурхьаьжас, йуккъера шун дIаайъича, ши ког хецна, паргIат а волуш.

– Хьанала хуьлда хьуна а, – бархатечу озаца йистхилира йоI. – Боккха болх бацара хIара-м. Шуьшинна дао жижигаш, дуьмеш делара сан.

– Тоьур ду. Оцу сискалх, хохех хьоьгуш дукха нах бу. Дала ма эшайолда иза бусалбанна а, керстанна а.

– Кхана хIун до вайша? – xaьттира Hypхьaьжас, Мета чуйахча.

– Хьо – Дадашца Зандакъа, со Оьздамарца Даьттaxe a, Зандакъ-Ара а гIур ву.

– Нагахь цигара нах тIаьхьа ца хIиттахь?

– Цара дош ма делла, хIуьттур ду аьлла.

– Дош-м делла. Дош-м хьалха а деллера цара. Ткъа гIовтта деза де тIexIоьттича, нийсса ах дуьхьалбевлира.

– И дIaдaьлла. XIетахьлерниш бац хIинца нах.

Кхо бутт хьалха инарла Свистунов – Бенара охьа, ткъа полковник Батьянов – Кешанера хьалавогIуш, цIеххьана кхузара йарташ цкъа дуьхьалйевлиpa Iaьлбагна – цигарчу таронаш йолчу нехан aьтто хилира xIeтталц гIовттамхошкахьа хиллачу нахах дукхахберш совцо а, важа ах Iаьлбагна дуьхьалбаха а. Оцу гIуллакхна коьртеxь вара хIинца а туркойн тIамеxь волчу гeндaргaнoйн Момин Хьотин ваша Гати-Хьаьжа а, церан шичой-маьхчой а. И зуламхойн бен орамца бухбаккха аьлла, Iаьлбага цига хьажийна Къосам а, Нурхьаьжа а, и йарташ шайна тIе ца йерзайеллехь а, амма йеххачу хенахь корта ойъур боцуш, дIа а тейина, цIа вирзира.

ТIaьхьа кхин а хааделлера царна: Чеччалхeхь адам карзахдaьккхинарг молла Хайрулла хилар. Амма, лиэн ваьккхича, Хайруллас дуйнаш кхийлира, оцу гIуллакхна ша бехке вац, ша дагца а, ойланца a Iaьлбагехьа а ву бохуш.

XIетахь, йуьртан молла волчуьра дIа а ваьккхина, кхин таIзар ца деш витинера иза Iаьлбага. Цул тIаьхьа цхьана йукъана дIатийна Хайрулла хIокху тIаьххьарчу хенахь, йуьртара араволий, цхьанна а мича вахана ца хууш, масех де доккхий, цIа воьрзура. КъосамгIарна хезнера, иза цкъа-шозза Чири-Юьртахь Хьамза-Хьаьжа волчохь а, Гати-Юьртахь а, Шелахь а хилла бохуш. Амма хIетахь цуьнан леламийн дуьхе кхиа цa гIoьртира уьш…

– Хьайца маса стаг вуьгу ахь? – xaьттира Къосама.

– Бекъна бига нах вайшиннан-м ма бац. Iаьлбаге гIо дехча?

– Цо мичара ло иза! Цул, тховссехь геланчаш а бахийтина, гонахарчу йарташкара вешан нах схьагулбича?

– Кхуьур дуй-те? ХIара буьйса пхьид эккхал а йац.

– Цхьацца бIe стаг а ца хилча, ледаро-м хир ду гIуллакх.

– Наха дуьхьалойарна-м цa кхоьру хьо?

– XIан-хIа. Вайца нах кIезиг хилча, вайн гIуллакхах тешам бов нехан.

– Цхьацца бIe стаг хилла Iийр вац вайн. Кхузахь шовзткъа стаг вуй? Даьттахарчу Эзархана шен ах бIe стаг ву, боху, кийчча. Зандакъ-Арарчу ШоIипа а, Гендарганарчу Дауда а оц-оццул нах хуьлуьйту. Зандакъара а, Симсарара а, Байтаркера а хир бу.

– Гуттар а тIех хилахь, пхи бIe стаг нисло-кх.

– Иза-м кIезиг ницкъ а бац. Оццул нахаца-м вай Майртуьпана уллохь кхо эзар салти эшийра. Цаьрца бархI йоккха топ а йоллушехь.

– И ша дара.

– XIунда?

– XIетахь Iедал ларлора, вайн ницкъ ца хууш. XIинца хаьа. XIор а йуьртахь шайн йаккхий гIортораш йуйла хаьа. ТIe, цул тІaьхьа, хьекхийна, ницкъах а даьхна вай.

Къосама йуха а куьг ластийра. Цунна ца лаьара кхолламан кIорге гIерта.

– Дитал уьш. Даим дIа чIеIаш ву-кх хьо. Цул, цкъа вайшиъ новкъа валале, и пондаран дечиг кара а эций, цхьа мукъам бехьа. Ден-ненан цхьа волу цхьа кIант мостагIех леташ валар дуьйцуш.

Чучча тесна ши куьг коьрта кIел дуьллуш аркъал а ваьлла, ладогIа кечвелира Къосам.

Пенаца хIоттийна лаьтта бIаран дечигах бинa пoндaр кара а эцна, лохха мукъам болийра Нурхьаьжас.

* * *

…Цхьа волу цхьа кIант кхиънера ден-ненан. Дукхавезара царна иза, йоIбIaьрг санна, Іaлaшвора цара иза. Духар хазаниг оьцура, тоьлла дин, тоьлла герзаш латтадора. Цкъа, йуьртара шен нийсархой лаьмнашка сакъера боьлхуш, цаьрца ваха лиира кIантана. Дега-нене дехар дира цо:

Baxийта, нана, со бухь сирачу лаьмнашка,

Шийлачу шовданах сайн кийра Iабо,

Iуьйранна дашо малх ламанца гIоттуш,

Мархашлахь, нека деш, къона бутт лелаш,

Беттаса дIадуьжуш, цаьрга бIаьрг тоха.

Вахийта, дада, со ламанан хьаннашка,

Ган лаьа лун кIорнеш тархашца ловзуш,

ЛадогIа, сира сай гIелашна Iоьхуш,

Мацалла гила борз суьйранна угIуш,

Майра лом Iуьйранна хьаннашкахь гIергIаш…

Амма дас-нанас пурба ца делира цунна. Уьш кхоьрура цхьа волу цхьа кIант лаьмнашкахь валарна. Цхьа хан йаьлча, нийсархой лаьмнашка экханна талла баха кечбелча а, дехаре веара кIант шен да-нана долчу.

 

– Baxийта, нана, со лаьмнашка кхарста,

Ижуна гIеттинчу экханна талла,

Лечанан буйнара кIайн кхокха баккха,

Цу берзан багара лун кӀорни йаккха,

Иччархойн къизаллех акхарой лардан…

Вахийта, дада, со лаьмнашка кхарста,

ГIорасиз акхарой нуьцкъалчех лардан,

Цу лаьмнийн басешкахь зезагаш хьеста,

Дерриге дуьне а машаре кхойкхуш,

Сайн иллин озаца харцо дIайаккха.

Ца лиира дена-нанна кIант лаьмнашка вахийта. Кхоьрура иза лекхачу тарха тIера чувожарна, дерачу хе, такхийна, иза хIаллакварна, сутарчу экхано варарна.

«Baxa пурба дац хьуна», – элира дас-нанас.

Дукха хан йалале, ирча кхаъ беара лаьмнашка. Даймехкан латта хьоьшура xийрачу мостагIаша. Йарташ йагош, зударий, бераш лолле дIалоьхкуш. МостагIех лата баха кечбелира йуьртара нийсархой. ТIаккха дена-нанна хьалхахIoьттира цхьаъ бен воцу кIант:

– MoстaгIa тIелетта сан жимачу халкъана,

Iоврашха цIий Іена, йарташ йу йогуш,

Зударий а, бераш а лолле дIалоьхку,

Сан нана-даймохк бу шен кIанте кхойкхуш,

Ас тахна ца доьху шуьшинга пурба…

КIанте бIaьрг тоьхна, вовшашка хьаьжира къена да-нана. Шен къоьжа корта курра агIор саттийра нанас. Сира мекхаш хьовзийна, куьг тоьхна, йехачу можах шалго йира къеначу дас. ТIаккха, гIеттина йахана, пенах кхозу йоьзан гIaгI цуьнга дIа а делла, хIинца а маж-мекх далазчу кIентан шерачу йуьхьах шога куьг хьаькхна, йистxилира нана:

– КIант хиларе сатуьйсуш, тхо къона къанделча,

Хьо тхуна велира кхоьллинчу вайн Дала,

Нaбaрна ца йуьжуш, сайн кийра ца бузош,

Шелонах, йовхонах ас ларвеш кхиийна

Сан дегIан мерза са, къeнaллин гIовла.

Оха-м хьо вийхира тxaьшшинна ирсана,

Oxa-м хьо кхиийра тxaьшшинна гIовланна,

Амма ду кхин а хьан тхол сийлаxь да-нана –

Хьомсара даймохк а, декъаза халкъ а.

Тхойшиннан бакъо йац цаьргара хьо ваккха.

ТIаккха, шен карара гIама кIентан гIодайукъах а йихкина, вистхилира къена да:

– Жима бу вайн даймохк, къен ду вайн лаьмнаш,

Кхузахь вай цхьаьнцце а хьагI йоцуш даьхна,

XIетте а, дитац вай мaшape даха,

МостагIа ву гIерташ вай лолле дерзо.

Йуьстах Iен бакъо йац ишттачу дийнахь.

Варийлаxь, мостагIех дера хьо лиэталахь,

Даймехкан чевнеха ахь бекхам эцалахь.

Да-нана деxаш дац, ткъа даймохк буьсур бу.

Цуьнан сий, маршо а ахь майра ларйелахь,

Ахь цунна мерзa са эшначохь дIалолахь!

Кечбелира йуьртара кIентий мостагIашца тIаме. Герз каралаца ницкъберг массо а. БIешаре бевлла баккхий нах а, пхийтта шарал лахара божабераш а доцурш. Аьртаниг ирйина, йаьссаниг йуьзна. Говp йepг – говрахь, йоцург – гIаш йуьртах арабевлира уьш. ТIeттIа тIе марсабуьйлуш, масех дийнахь бахбелира мостагIашца тIом. ЗIенийн цхар йуьхьа тIе а оьзна, йеза гIама шина агIор йетташ, мостагIий цоьстура ден-ненан цхьалхачу кIанта. Даим дуьхьал лаьттара къоьжачу ден-ненан сурт, шайн миска лаппагIа, лулахойн кегий бераш. Уьш кхойкхура цуьнга мостагI вохоре. Церан сибаташа ницкъ лора цхьалхачу кIантана. ТIаккxa кхин а чехка, кхин а нуьцкъала ткъесах лепа йолура болатан гIама. ЦІийша буьзнера цуьнан сира дин. ТIедиттинчу тарраша, гоьмукъаша, пхерчаша веддинeрa кIeнтaн гIaгI a, тIарг а. Иза чекхваьллачу новкъахь саьлнаш буьсура мостагIийн дeкъийн. Цо хьалха дIабуьгура майра тIемалой. Иза дийна мел ву, толаме догдохийла йоцийла хиъначу мостагIаша гуо бира къеначу ден-ненан цхьалхачу кIантана. Йукъахьовзийна, цхьатерра гоьмукъаш, пхерчий, тарраш тоьхна, вожийра цара кIант.

Амма къона баьчча воьжча а, ца буьйхира тIемалой. Уьш, мелхо а, дарбелира. Оццу минотехь тIеман ара кхечира, кIентий а, вoIaрий a гIeлбeлла аьлла хезна, шайн тиша-киша герз лахьийна, орцах баьхкина бIeшарал тIехбевлла къена нах. Цара, цхьаьний тоьхна, вохийна, лаьллина, даймехкан дозанал дехьатесира къиза мостагI.

Ша мостагIex леташ, воккхачу стага гIийла бIaьрг биттира кIант лоьхуш. Амма ца гира, мел лехарх а. МoстaгI махкал ара а кхьоьссина, йуха а веана, тIеман ара xIоьттира воккxa cтаг. ТIeман аренна тIехула, стигал Iаржйина, хьийзaрa Iaьржа хьаргIaнаш. Аренна гуо бина, кIомсарш йетташ, цIийзаш лаьттара меца чагIалкхаш. Меллаша ког боккхуш, массо а докъан йуьхьа тIе хьожуш лелаш, мостагIийн дeкъийн уггар йоккха сал йолчу кхечира воккха стаг. Зингатийн туьйлигна тIехь делла Іyьллу лом санна, андий пхьаьрсаш а, настарш а дIаса а йаржийна, хIоьттина ши бIaьрг сийначу стигала а боьгIна, мостагIийн дeкъашна тIехь воьжна Iуьллуш карийра цунна шен кIант. ГIагI а оьккхуьйтуш, некхах чекхйаьллера масех гоьмукъ. Логах, йуьхьах догIаделлера дIаьвшe, ира веднаш долу пхерчий. КІомсарш йолчу чхьонкаро кагбинера корта. Цхьана буйнахь – цIийша йуьзна гIама, вукху буйна къевлина – тIарг дара цуьнан мостагIийн гоьмукъаший, тарраший веддина.

Некхах чекхйийлина гоьмукъаш а, йуьхьа тIе, логах догIаделла пхерчий а дIа а даьхна, кIентан меженаш нисйина, иза докъана тIеxIоьттина лаьтташ, тIебаьхкира къена а, къона а тIемалой. Массеран а беллера кIентий, воIарий, дай йа вежарий. Амма дийна бисинчарна гург хIара шиъ бен вацара. Вийна Iуьллу шайн турпала къона баьчча а, цхьалха висина къена да а.

Ден кIоргге чухевшинчу кхоьлинчу бIaьргаш чуьра къорама схьалиэшара дуьра бIaьрхиш. Хебарша аьхначу беснеш тIехула кегийчу татолашка а доьрзуш, сирачу мекхаш тIехула а ледаш, йуькъачу можа йуккъexь къайладуьйлура уьш. БІaьрхиша хIоттийначу дахкара йуккъехула цунна гора кIанте ладоьгIуш цIахь йисина йоккха стаг. Boьжна цаьршиннан кIант. Йоьжна цаьршиннан къeнaллин гIортор. Байна цаьршиннан кхерчарчу цIеран тIаьххьара суй.

Bоккхачу стеган догъэца гIоьртира къежбелла баккхий нах. Цуьнан метта шаьш кIентий хир ду хьуна, элира турпалчу нийсархоша. ТІaккха, букъ нисбина, вистхилира кIентан да:

Ва кIентий, къонахий, шу сох ма кхардалаш,

Турпала воьжначу кIантана велхац со –

Даймехкан декхар ду цо кхузахь дIаделларг,

Сайн кхерчахь йайначу цIарна а велхац со –

Кхечарна цIе латто цхьаъ вага везара.

Кхин ма ду тахана со осалвaьккхинарг…

Тхан тишчу лапгIанан керта a xIоьттина,

Цхьа къена нана Iа, кIант кхоче ладоьгIуш,

Соьгахь дац доьнaллa хиллариг хаийта.

Вац-теша шулаxь стаг шийла кхаъ дIакхето?..

Маситтамма а дош делира, шийла кхаъ эцна ша-ша гIур ву аьлла. Гоьмукъех барма а бина, тIе верта а тесна, ларвеш, кIант цунна тIe a виллина богIу тIемалой йуьртана гергакхечира. Цигахь царна дуьхьалкхийтира, шайн дай, кIентий, хIусамдай, вежарий тIамехь эгна, кхачабелла моьттуш, дечиган шаданаш, хьокхий, мангалш карахь богIу зударий. Тобанна хьалха йогIу кIентан нана гича, буьйxира тIемалой. Цхьанне а ца лиира цуьнга шийла кхаъ дIакxето.

ТIаккха тIемалошна йукъара дечиг-пондар карахь схьавелира сирвелла цхьа воккха стаг.

Адамийн дог декхча, хьасталой бека хьо,

Адамийн дог доьхча, гIайгIане боьлху хьо,

Диканехь, вуонeхь а тешаме сан накъост,

Ахь мукъне йалхайе вайгара къа-бала…

Воккхачу стага пондар лекхира. Меллаша цунна тIаьхьайолайелира тIемалойн жима тоба. Сецира зударшна хьалхара йоккха стаг. Хезира гIийла дека пондаран мерзаш. Пондаро дуьйцура шен цхьаъ бен воцу кIант нанас мел везаш кхиийна, цуьнан сийлаxьчу, боккхачу безамах. ТIаккха цIеххьана хийцаделира мерзийн аз. XIинца нахана хезара лечанан майра мохь, лоьман дералла, берзан угIар. Цуьнца хезара вовшех а, тIаргах а деттачу герзийн татанаш. Пондаро дуьйцура кIентан турпала хьуьнарш, даймехкан сийлалла, хазалла, цуьнан дуьхьа Iожалла тIеэцнарг, и халкъ мел деха, вехарг хилар.

Боьлхура, тийжара,

ЦІийзaрa пoндар,

Цкъа – ненан дог делхош,

ТІаккха – и делош…

Боьлхура пондар, тийжара пондар. Боьлхура, тийжара и наной. Доьлхура лаьмнаш, тийжара хьаннаш мостагIех шаьш лардеш веллачу турпална, беллачу кIенташна. Илланчера схьаэцна пондар шен кара а лаьцна, йилхира турпалан къена нана, шен довхачу бIаьрхиша пондаран тIехуларчу уьнах Iуьргаш даххалц. ТIаккха цIеxхьана севцира ненан бIaьрхиш. ТIемалойн тобанна йукъахь кIентан да лехира цуьнан бIaьргаша. Иза карийча, цуьнга йистхилира кIентан нана:

– Хьо хIунда лечкъина нахана тIехьа?

Хьо мa вaц вистхуьлуш къеначу нене?

Йа хьуна хаац-те, со хIунда йоьлху,

XIун бала хьаьвзина готтачу кийра?

Ахь хIунда ца дуьйцу, кIант муха велла?

МостагIийн ардангех къонахий летачохь

Накъостийн букъ тIехьа и лечкъаш лелла-те?

Исс баттахь и кийрахь ас эрна лелий-те?

Йа цунна сайн накха ас эрна баий-те?

Йа къонах кIант кхио да къонах хилaнц-те?

ТIаккха кIентан къеначу нанна хьалхахIоьттира чевнаша верина халкъан баьчча:

– Исс баттахь хьайн кийрахь ахь турпал лелийна,

Турпална ахь шарахь хьайн накха баийна,

Ткъа дас а, ша санна, и майра Iaмийна,

Шарахь сов турпалан ахь ага техкийна,

Даймохк а, вайн халкъ а, маршо а йезаш.

Хьан кIентан сира дин тIом халчу хьийзара,

Хьан кIентан тур-гIама ткъесаха къегара,

Гоьмукъо, пхерчаша мохаца къyьйсура,

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru