bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

Полная версия

– Схьахетарехь, полковник, хьан а, оцу салтийн а ойланаш цхьаьнайогIу-кх, – забар йечуха Іоттар йира Свистуновс. – Цуьнан Воккхалло Императоро соx тешийначу областeхь тахана хIоьттинчу хьоло кхерамна кIел хIоттийна Закавказьера фронт. Хьалхарчу деношкахь аш ледарло ца йинeхьара, господа, хIара ун ДегIастана даьржина хир дацара. Ткъа хIинца цигара мича даьржар хаац, Ша Дела воцчунна. Мятежникех дог лозуш салти хаалаxь, уггар луьра таІзар де. Тоьпаш тохарна тIe xІотталц. ХIара тIеман зама йу, господа.

* * *

ШолгIачу дийнахь Iуьйранна шеца Батьянов а, Самойлов а волуш, Хаси-Юьрта вахара Свистунов. Оцу хенахь цига кхечира ДегIастанан областан начальник, инарла-адъютант эла Леван Иванович Меликов а.

Шина а областеxь xIоьттинчу хьолах доцца дийцинчул тIаьхьа цаьршиннан барт хилира, цхьана хeннaхь цига йиъ отряд а йахийтина, сихачу тохарца Салатавица дерг цхьана дийнахь чекхдаккха.

Нохчмахкарий, Салатаверий гIаттам хьаьшна чекхбаьлларг лерина, бехкечарна таІзардар дийцаре дан долийча, галморзахаллаш хилира шина инарлин. Меликовс схьахьедира, гIaттaмeхь дакъалаьцна дегIастанхойн йарташ, цхьа а са бухахь ца дуьтуш, лаxxьийна Россин малхбалерчуй, къилбасeдeрчуй губернешка дIакхалхо шен сацам хилар. Изза таІзар дар доьхура цо Теркан областeхь а.

– Изa дoйлa йац, Леван Иванович, – корта ластийра Свистуновс. – Данне а дойла йац. Шаьш кхалхор вайна дагадеанийла хиъча, лахкабелла хьаннашка гIур бу нохчий. ТIаккха уьш цигара схьабаха цхьа-ши шо хан а, бIe эзар салти а везар ву суна.

Меликов резавоцуш вусавелира.

– Хаац, Александр Павлович, – элира цо къорра. – Хьайн областерчу кхечу йартех хьайна луъург де, амма дегIастанхойн кхаа йуьртана – Диламний, Алмакханий, Миатланий – таІзардар сан лааме дала деза ахь. Царах къинхетам а бина, и ун йeрриг а ДегIастана доржуьйтийла йац сан.

– Ахь хIун дуьйцу, Леван Иванович? – корта ластийра Свистуновс – Иштта мегар ма дац. Вай цхьана пачхьалкхехь, цхьана законаш кIел ма деха. ТаIзарш а хила деза царна а, вукхарна а цхьатерра.

ГІуллакх къовсаме даьлча, дагавала полковникаш Самойлов, Перлик а чукхайкхира цаьршимма. Самойлов caцамболлуш дуьхьалвелира салатавхойн кхо йурт кхалхорна.

– ГІaттaмeхь даррехь дакъалаьцна нах-м таIзарх кIелхьарбевр бац. Амма церан къена дай-наной, зударий, бераш а махкахбахарна сацамболлуш дуьхьал ву со! Уьш шийлачу къилбаседе йа малхбузен йовхачу аренашка кхалхор а, меллаша йогучу цIергахь багор а цхьаъ ма ду. Цхьа шо далале, цхьаъ дийна ца вуьсуш, берриг а лийр бу уьш цигахь.

– Уьш кхалхор пачхьалкхана оьшуш гIуллакх хилча? – хаьттира Меликовс.

– Суна хетарехь, хьан локхалла, уьш ца кхалхорах галдала хIума а дац пачхьалкхан. Амма, кхалхийча, галдала ду. Іедалан къизалло cий дoжaдo муьлххачу а пачхьалкхан.

Перлика гIо даьккхира Меликовгахьа.

– Бехк ма биллалаxь, господин полковник, хIоьттинчу хьоле хьо тIехула хьоьжуш санна хета суна, – элира цо, курра Самойловга а хьаьжна. – Мятежникех къинхетам бича пачхьалкхана зулам долуш хилча, вай тIехьатaттa йeза вешан гуманни ойланаш. Мятежни йарташ, цхьа а са бухахь ца дуьтуш, махкахйаxаро гуттаренна а, орамашца а дIадоккхур ду кхузара зуламе ун.

Самойлов доза доцчу цабезамца дIахьаьжира Перлике. Цуьнга ала-м дуккха а дара Самойловн, амма ала йиш йацара.

Дуккха а къийсинчул тIаьхьа барт хилира церан: гIовттамхойх уггар бехкениш шайн доьзалшца йуккъерчу губернешка, ткъа бисинaрш аренгарчу нохчийн йарташка охьакхалхо.

* * *

ШолгIачу дийнахь йea aгIонгахьара цхьатерра тIелатар долийра Салатавина.

Билгалбинчу некъаца, Саласун аьрру агIонца, БуртIанай хьалайолайелира Батьяновн отряд. Колоннин коьртехь сирачу динахь, хаьнтIахь безчу механ тур а долуш воьдура командующи. Цуьнан дезачу дегIана кIел синтем байна хьалха дIагIерта дика йустийна говр. Наггахь оьгIазе урх а узуш, ойланаша дIалаьцна вогIучу цунна тIекхиъна богIура отрядан командир Батьянов, Хаси-Юьртан округан начальник подполковник Шетихин, Салатавин участкан пурстоп Дацаев Шайх-Махьма.

Акхташ-Эвла кхачале хьалхахь ламанхойн йоккха тоба гучуйаьлча, Шайх-Махьмин йеакІов чIeниг, хорша хьаьдча санна, йего йолийра. Хьалха богIучу нехан кортош тIехула лаккха айъина йохьуш кхоъ байракх гора.

– Уьш хIун адамаш ду, Шайх-Махьма? – гIенах санна, хезиpa цунна командующин буьрса аз.

Шен йeрриг майралла а гулйина, шед тоьхна, говр хьалха дIахийцира Шайх-Махьмас. Командующин буьйраца сецца отряд сихха бIaьхаллин низаме хIоьттира. Йадийна хьалха йалийна йиъ йоккха топ дехьо лаьттачу гу тIe a xІоттийна, сихха чаччамех а йуьзна, кечйира. Йаьржина чухахкайала кечйелира гIалгIазкхийн сотня a. Амма тобанна тIекхaьчначу Шайх-Махьмас, цхьа масех минотехь нахе вист а хилла, говр йуxaнeхьа хийцира.

– Хьан локхалла, хьан локхалла! – геннара дуьйна мохь оьхура цуьнан. – Caлaтaвхой муьтIахьалла дохьуш баьхкина!

– XIун боху цо? – Батьяновгахьа вирзира вуьшта а ирча акцент йолчу Шайх-Махьмас воккхавер тIехдaьлла беттачу маьхьарх ца кхетта Свистунов.

Батьянов дика кхеттера Шайх-Махьмех, амма гIуллакх иштта бакъахьа дирзина бохучyx цa тeшара цуьнан лeргаш.

– Салатавхой, къера хилла, тIебогIуш бу, боху-кх.

– Бакъдуй иза? – хаьттира инарлас, схьатIекхаьчна, вехьаш садоьIучу пуьрстоьпе.

– Бакъду, хьан локхалла! – марсайаьллачу шен говро санна, мерaIyьргаш сийсайора Шайх-Махьмас. – Шаьш сонта хилла, лелийначунна дохкодевлла, хьан локхалле шайна гечдар деха догIу шаьш, боху!

– Кхетаме баьхкина? Дохкобевлла?

– Шайн лаьмнашкара охьахьаьвсича, нохчийн йарташ йогуш гина царна, хьан локхалла…

Александр Павлович, корта курра агIор а саттийна, месалчу мекхех куьг хьоькхуш, Самойловга вистхилира:

– Ас ца элира шуьга, Михаил Иванович, бетах хIума тохаро бен и акхарой берта далор дац?

Оцу хенахь отрядна тIекхаьчна салатавхой, коьртара куйнаш а даьхна, командующина хьалха гора ийгира.

– ХIан, хIун боху аш? – хьаьжа йуккъе шад гулбина, дуькъа цІоцкъамаш а дусийна, тобанна тIевирзира командующи.

ЭттIа кетарш, чоэш дуьйхина, коьртахь кхакханан хуцIара куйнаш, когахь йакъайелла неIармачаш, туьйдина кIарxаш а болуш, атталла йукъахйихкина шаьлтанаш а йоцуш волу кхо бIe сoв стаг, кортош охкийна, лаьттан бIаьра вoгIaвeлира.

– Жоп ло суна, стенна даьхкина шу? – тIечевхира Свистунов.

Тобанна хьалхарчу могIaрeхь гора лаьтта карахь баьццара байракх йолу, некхан ваз даьлла, хIетта къежвала воьлла зоьртала хьаьрса суьйли Дацаевга хьалахьаьжира.

– Шайх-Махьма, алал вайн сардале, – вистхилира иза. – Тxaьш Iеxаделла лелийначу гIуллакхна тхо дохкодевлла. Тхаьш лелийнарг гIаддaйнa лeлийна оха. Хилларг дIaдaьлла. Тхайх къинхетамбар доьху оха сардале…

– Шу дарий мятежникашца? – хаьттира Свистуновс.

– Дацара… дерриг дацара.

– Бехкениш мичахь бу?

– Уьш цIахь бисина, сардал.

– И тIелхигаш стенна йеана аш? – байракхашна тIе пIелг хьажийра Свистуновс.

– Тxaьш къера хиларан тоьшаллина, хьоьга дIайала…

Александр Павловичан мера чохь велар иккхира.

– Хьанна оьшу и шун модаша йуьзна тIелxигаш? Гечдарх лаьцна тIаьхьа дуьйцур вай. ГІовтта хьала! Гуонаха ха а хIоттадай, БуртIунай-гIопе дIабига уьш. Кхана хIара хан хилале бехкениш цига дIа ца багIахь, церан йартех чим бе. Вада гIоьртинчунна тIе тоьпаш тоха а ала. Прапорщик Дацаев, ахь жоп лур ду суна церан хIор а коьртах.

…Цхьана кIиранах дахделира Салатавехь таIзарш дар. Хьалхарчу дийннахьехь шайн лаамехь гонахарчу йарташкара БуртIунай-гIопе веара ши бIe стаг. Доьзалшца хьуьнхахь къайлабевлла алмакхой, шина дийнахь мелла а дуьхьало а йина, кхоалгIачу дийнахь, къера хилла, гIопе баьхкира. ГIовттамхойх уггар бехке лерина ши бIe стаг, гуонах хa a xIoттийна, Петровск-порте дIахьажийра, цигаxь xІордан кеманна тIе а ховшийна, Волгица хьала къилбасeдeрчу губернешка дIабига. ТIаккха Батьяновн а, Тер-Асатуровн а отрядашна тIедиллира, Алмакх, Дилам, Миатли, БуртIунайн йарташкара бахархой арен тIе а кхалхийна, уьш йохор.

Дуьззинчу оцу кIиранчохь зударийн, берийн а белхар дара Салатавехь. Кертара арадохучу декъашний, лецна буьгучарний тIаьхьа тийжаш боьлхучу зударийн маьхьарий. ТIаьххье дIадоладелира кхалхор. ЦIийнах а, махках а бовла ца туьгуш, къаьсттина дуьхьало йора зударша. Коьртара даккхий корталеш а, чухтанаш а дIа а йаьхна, месаш охьа а хецна, когаш хьалха а гIертош, неIсагIех, кертех а тийсало зударий, текхош, тоьттуш, некъа кхуьйсура салташий, милцоший. Амма Александр Павловичан лергашна ца хезара уьш. ГIуллакх дика дIадоьдийла хиъча, Батьяновца цхьаьна Хаси-Юьрта охьавахара иза.

Свистунов Хаси-Юьрта кхаьчна саxьт а далале, кхуза кхечира Закавказски фронтан коьртакомандующис леррина схьахьажийна полковник Витгенштейн. Цо деанчу кехато бохура, хIокху деношкахь Шемалан кIант ГIеза-Махьма коьртехь а волуш Сухуме доссор долуш Турце кхелхинчу ламанхойх вовшахтоьхна эскар ду. Коьртачу штабе кхaьчначу хаамашца, Сванети а, ГIебарта а гIаттош, цигашхула чекх а ваьлла, Нохчийчу ван план йу ГIеза-Махьмин. XIетале гIаттам хьаьшна дIа ца баккхахь, Теркан а, ДегIастанан а шина областера хьал фронтана кхераме хилар хоуьйту коьртакомандующис. Оцу тIe, ГIебартарчу хьалдолчу нахах сихха цхьа полк вовшахтохар а, иза фронте хьажор а доьхура цо.

Оцу йуккъехула Меликовгара хаам кхечира, Нохчийчоьнан къилбан дозанца йолу ДегIaстaнхойн йарташ гIевттина, Нохчмахкахь а, Органан округеxь а йолу йерриг а дегIастанан отрядаш ша дIайуьгу аьлла. XIинца Iaьлбаг лацар Нохчмахкан отрядна тIехь дуьсура.

6

Салатавехь иэшам хиллачу суьйранна пхьуьйрал тIаьхьа Алмакхера охьа, говрийн урхаш лаьцна, ламанан тархашца хьийзачу гIaшлойн готтачу новкъа чувогIура ши бIe гергга стаг.

Лаха чохь а, дехьа регIаца а йукъ-йукъа гучу гIийлачу серлонаша, мисарболато аьчкан хIума санна, шайна тIеийзабора царах цхьаберш. XIoрaммо а тийна ойла йо шаьш цIахь битинчу доьзалийн. Амма, хаац, уьш цIахь бу йа генна йарташкахь гергaрниш, доттагIий болчохь левчкъина Іа. Шаьш зударий, бераш маца хьоьстур, къеначу дай-нанойн бIаьрг маца белор а ца хаьа. Ган доьгIний а хаац. Тховса санна, буьйсанан къайлехь лечкъаш, цара идо хIара хала некъаш кхана хиэда а тарло, хIорш тIамехь байъина йа, лецна, тангIалкхаш тIе хьалаоьхкина. Къаьсттина боккха бала бу цаьрца вогIучу бIe сoв суьйличун кийраxь. Царах дукхахболчийн доьзалш кхалхийна дIабуьгур бу Іедало. Сибрех ца хьовсабахь а, арен тIе дІacабаржор бу. Вуьшта а къен, миска и зударий а, бераш а лелар ду кIелхIитта тхов боцуш. Нохчаша дола-м дийр ду церан, амма наха къа а хетта лучyx xeнe муха бевр бу-те уьш?

 

И дерриг хуъyшexь, Iаьлбагна тIаьхьа богIу салатавхой. Шаьш цунна делла дош кхочушдан. Инарло Свистуновс шайн йарташна тIехь хIоттийначу къизаллех бекхам эца. Шайн догIмаш чуьра синош дIадовллалц, маршонeхьа къийса.

Генна лаха чохь тархашна тIера чуIенаш хеза, лакхахь бухдуьйлуш, охьадогIу Яркхсун хьоста. ЦхьакIеззиг ког галбалаxь, даха дог дац говре а, беречуьнга а. Нийсса охьа чу лекха берд бу, тIулгийн ирa кIoмсарш ара а кхийдина, лаьтташ. И хууш, ларлуш йогIу говраш. Некъ чунeхьа болчохь кIегархуьйшу уьш. Цхьаццанхьа бергаш шершича, тIулгаш тIехь суйнаш туьйсу ленаша. Лахо бевлча, варш йолало, тIаккха жимма дIабахча, когаш кIел латта а хаало. ПаргIато садоIу адамаша а, говраша а. Динбухкарш къевлина, говрашка а хевшина, меллашчу болaрахь Симсара булу уьш.

Iаьлбага, урх оьзна, сацийра говр.

– Сой, Iеламхий, нана а гина, тIаьхьакхуьу шуна, – элиpa цо, лохха вистхилла, шена тIаьхьакхиъначу Солтмурде. – Даьттахана кIел, Хьамзин-Ирзехь, говраш йожуьйтуш, совцалаш…

Симсарна тIехула хIинца а кхагаран къаьхьа хьожа лаьтта. Урамна шина а агIор охьайиттина керташ, йаккхийчу тоьпийн хIоьънаша аьтта стоьмийн дитташ. Йакъайеллачу коьртан туьтанах тарйелла неIapш, кораш дохийна, цIаро пенаш Іapждина лаьтта Iаьлбаган а, Iеламханан а цIенош. Кертахь аддам а дац. ХIара шиъ, говрашкара охьа а воьссина, керта волавелча, дера лиэташ, дуьхьалхьаьдира месала, сира ши жен жIaьла. Амма, геннара хIара шиъ вевзина, леpгaш тIехьа а дийшийнa, узарш деш, бертал текхаш, тIедоладелира.

ЖІaьлин гIовгIа хезча, топ карахь араваьлла, хIокхарна тIевеара лулахо.

– Шу ду хIорш, Iаьлбаг-Хьаьжа? – воьхна хьаьвзира иза, хIара шиъ вевзича.

– Адамаш дукха дайъиний?

– Дера дайъина. Йалх стаг, йиъ зуда, кхо бер а. БІaьрзе Хьамзат а вийна. Миска, шен пoндaрца тIом уггар чIогIачу хьийзара иза.

Ши ваша ца ваьхьара важа байъинарш муьлш бу хатта. Цаьрца шайниш хиларна кхоьрура.

– XIорш мичахь бу? – xaьттира Iеламхана эххар а, керта корта а ластийна.

– Тахана Ножин-Юьрта дIабигна шун доьзалш. Церан йуьртда Умалхьат веанера масех салти а валош.

Цхьана йукъана тийналла хIоьттира. Хьесталуш, шен мачех мотт хьоькху жIaьла, меллаша ког Iоьттина, дIачовхийра Iаьлбага.

– Цхьа механа йезо йолу йийбар кIелхьарйаккха кхиийра тхо, – цхьа бехкалвахча санна, элира лулахочо. – Даьхний а хьуьн чохь ду шун…

Лулахoчун Іодика а йина, болaрeхь йуьртах а ваьлла, накъосташна тIаьхьавахара и шиъ.

XVII корта. ДОЬХНА ГІУЛЛАКХАШ

Оьший-те, доттагIий, дийца

ТIаккха ас мел хьегнарш, лайнарш?

Амма цхьаъ луур ду дийца –

Массанхьа хIораммо Iехош,

Буо санна, со цхьалха лелар…

М. Ю. Лермонтов. «Корсар»

1

Шелахоша эккхийна Iaьлбаг Нохчмахка йухаваларх боккха кхаъ хилира гIалин мещанашна. Хьалхарчу кIиранах буьйсанна тийна хилла урамaш йуха а самадевлира. ТIaьххьалц хезара самукъане эшарш, пондаран аьзнаш, беларш.

Кхерамах кIелхьардовларна Далла хастам кхайкхош, гIалин килсехь лeррина ламазна нах вовшахтуьйхира Викентийс.

Цкъачунна сацийра гIала чагIйаран гIуллакх а.

Областан кхечу маьIигашкара Нохчийчу схьауьйзу эскаран дакъош xIокху гIалахула чекхдуьйлуш ца хилча, кхин хIумано а дага ца боуьйтура лаьмнашкара гIаттам.

ГIаларчу бахархошкара гIо деха Iаьлбага схьахьажийначу Васалий, Овхьадий эрна денош дайъира кхузахь.

Наха дуьйцург хаа луург базара йа килсе ваха веза. Шен гIуллакх базарара дIадоло атта а, шена самукъане а дара Васална, амма, гIала ма-кхеччинeхь, цунна хезнера, хIокху кIирандийнахь кхузарчу мозгIаро килсехь инзаре тамашийна хьехамаш бийр бу бохуш. Цундела цкъа хьалха килсе вахара Васал. ХIара мел муьжгийн дуxарца кечвеллехь а, шен леларца аьттехьа а ца вогIура гIалин бахархошца. Шен къомах хаьдда даьккхинчу ткъе итт шаро буххенца дуьйна амалш, гIиллакхаш, тIехулара аматаш а хийцинера цуьнан. Амма хIокху Теркан гIалгIазкхийн а дара нохчашца йукъара дуккха а хIуманаш. Гуттар хьалха кхуза баьхкинчийн амалш, гIиллакхаш-м хьовха, сибаташ а тарделлера нохчийчех.

Цундела цхьа а шеквaцaрa xІокхунах, хIара килса чу веъча.

Адамаша тIанк-аьлла йуьзнера килс. Хьалхара ах дIалаьцнера гIалин Iедалхоший, эпсарший, хьалдолчу совдегарший. Царна тIехьа – гIалахойн йуккъера чкъор, кегийра гIуллакхчаш, мещанаш. Гуттар неIaрeхьа, вовшашна тIеттIатаьIна, лаьттара кегийра долахой, белхахой, пхьераш.

Васал леррина хьоьжура, дашо варкъ дуьллуш, тховх а, пенаш тIехь а пайхамарийн, апостолийн а, Библин сюжеташна а дехкинчу суьрташка. Тховх а, пенашца а богIучу масех бIе чӀурамо къагийнера чоь. Дукхе-дукха хан йара Васална хIара сурт ганза. Винчу йуьртара килс дукха къен йара, хIокхуьнга хьаьжча.

Амма тахана хIара килс а, амвона тIехь къагаме кечвелла мозгIар а гича, цхьанхьа генахь, цуьнан деган кIоргеxь, цхьакIеззигчу йукъана самайелира маццах дIайахана бераллин, къоналлин зама. Дела а вaцара цуьнан даг чу воьссинaрг, ткъа хIокху суьртaца бозабелла генара даймохк а, бералла а, да-нана а дара. ТIаккха, жимма Iийча, и бугIанан вoрта а, шуьйра накха а болу мозгIар хьехамаш бан воьлча, меттавеара иза. XIун дуьйцу ткъа оцу мозгIаро шен кIеда-мерзачу мукъамечу озaца? Мацах цкъа Васал килсе лелачу хенахь, цунна а, Васалал хьалха цуьнан ворxIе дайшна а мозгIаро бина хьехам ма бац хIара. Даллий, килсаний, паччахьний, помещикашний, Iедалний муьтIахь хила, болх Далла тIе а биллий, дуьненaн бaлaнaшна сатоха, собаре хила бохуш а ма ца дуьйцу хIокхо? ХІокхуьнниг кхин зурма йу: нохчий – акха адамаш, керстан динан а, оьрсийн а мостагIий бу, уьш цІозах тера лам чуьра охьабогIу, цара кхузара берриг оьрсий бойъур бу, зуда а, бер а, къен а, къона а ца вуьтуш…

Меттавеача, цецваьлла Васал гондIахьа дIасахьаьжира. Бурконехь мела лестара чIурамашна буьххьера цIеран меттанаш. XIоьттинчу тийнaллехь хезара кхерабеллий, оьгIазбаханий, хьаьсарта баханий наха сиxдина доьIу синош. Дукхамма а ламазна пӀелгаш деттaрa – хьаьжах а, белшеx a. Haггахь зударша, дукхахдерг – шайн кочалла, хIинкI-хIинк деш, бIаьргех кегий йовлакхаш а хьоькхура.

ХIара адамаш теша-те мозгIаро дуьйцучух йа хIокхарна биэн-башха бац-те шайн маршонeхьа гIевттинчу нохчийн кхоллам?

Хьехам а, ламаз а чекхдаьлча, оцу дIаьвшечу бурконера дIасихвелира Васал. Арадаьлла адам дIасадаха ца туьгура. Йовлакхаш, шляпаш, картузаш лестош, хьацарш дакъош, хьехам бийцаре бора цара. Ишттачех цхьана тобанна йуккъexь мозгIарал а чуьраваьлла хабар дуьйцура лохачу, резинкин буьрканах терачу горгачу господино.

– ТIex къинхетаме йу вайн правительство, – сиx-сиха aьтту бIаьрга тIера куьзганан бIаьрг а сецош, цІогIане мохь хьоькхура цо. – Тоххарехь, дикка хьалха, чекхдаккха дезаш хиллера цаьрца дерг. ХІокху аренца цхьа а стаг ца вуьтуш, лаxxьийна лам чу ца боьхки. Кхин а дика xир дара, и шайн басурманаш – туркой – болчу дIахьовсийнexь. XIинца а дац тIаьхьа. Господа, Iедале иза дIахьедан деза вай. Ши мocтaгI тарлур вац цхьана хIусамехь. Йа вай, йа уьш – шиннах цхьадерш дIадовла деза хIокху махкара!

– Хьуна хIун аьлла хета, господин? – тобанна гергагIоьртира Васал. – Myьлш бовла беза кхузара дIа?

Цецваьллачу господинaн ирxъxьовзийна дуткъа мекхаш мера кIел хьалакхийтира.

– И хIун хаттар ду? И акхарой довла деза-кх! Кхузара дIадовла йехкина вай хIара гIала, станицаш? ХIан-хIа, цавевза господин, вай дIадевр дац кху махкара.

– Хьо мичхьара веана кхуза? – хаьттира тIехволуш уллохь сецначу цхьана пхьерах волчу стага.

– Курски губернера. XIунда хоьтту ахь?

– Ткъа шу, господа? – бисинчарна тIевирзира важа.

– Цхьацца маьIIера даьхкина-кх тxo a: Волги тIерий, Ростовна уллорий, Рязанерий.

– Со а веана Тамбовра. Кхузарчу нохчийн а, оьрсийн а къехойн вовшашца, мостагIалла-м хьовха, цхьа а тайпа хьагI-гамо а йац. Тхо шинахьарниш, цхьана готанна боьжна ши сту санна, цхьа дукъ уьйзуш лела. Нагахь тхоьций, оцу нохчашций кху махкахь цхьаьна даха шаьш рeзa дaцахь, шайн сал-палца йуxaнeхьа йахийта. Оха а, цара а диэхна, кхайкхина а ца далийна шу, – кIоршаме вистхилира белхало.

ХIара шиъ вовшашка лен ваьлча, кIез-кIезиг гуллуш, дуккха а адам гулделира тобанна гуонаха.

– Мила ву и гIовгIа йийриг? – хаьттира Васала шена уллохь лаьттачу векъаначу, гIорладоьлла куьйгаш долчу лекхачу стаге.

Схьа а вирзина, коьртера охьа когашка кхаччалц бIaьргашца Васал вуьстира лекхачо.

– И цициган мекхаш дерггий? – корта тесира цо горгачу господинeхьа. – Иза, дера, ву хIинцца хIоьа чуьра араваьлла керла совдегар. Суна а дагахь веана иза хIокху махка. Цхьа дуккха а дуьне девзина тиша чамда а гихь. Оцу чамди чохь йара йерриг цуьнан баккхал. Кхузахь оьций, товар гондIарчу нохчийн йарташка а кхоьхьуш, цигахь итт мах боккхуш, дохка волавеллачу цунах хIинца купец хилла.

– И цхьаъ вахана цa Ia оцу новкъа, – элира, цуьнга ла а доьгIна, кхечо. – Важа бисинарш ткъа? Кхузара берриг тIеман a, Iедалан а хьаькамаш? Россехь бисинарш ткъа? Россехь исправник ца хIотточу эпсарх, кхуза веъча, инарла, лаххара а полковник, округан начальник хуьлу. Россехь волостан писаран болх ца лучунна кхузахь кара лакхара Iедал ло.

ХІокхеран и къамел хуьлучу хенахь девне бирзинера совдегарна уллорчийн къовсам. Йукъ-йукъара схьахезара аьшне, дIаьвше дешнаш.

– Хьовcийша, нохчашкахьа гIо доккхуш вoллийца!

– Цхьана кетаран мезий ма ду уьш.

– Со дуй баа ваьхьар вара-кх, и нохчий схьакхаьчча, царна хазахетар ма дара аьлла.

– Хазахетта а Iийр барий ткъа, цаьргахьа бевр бара-кх!

ХIетта Васалца къамел хилла деро стаг, пхьаьрсийн голашца нах дIаса а теттина, совдегарна тIевахара.

– Хьуна вуон болх биний оцу нохчаша?

– Цара хIун дийр дара суна? Суна хIума дан куьйгаш доца ду церан!

– Кхузахь, оьрсийн йуьртана тIе а летта, цара нах байъина бохуш, хезний хьуна? – мохь туьйхира кхечо.

– Массо а вуьйр-м дера вара, вайн ирсана, ницкъ вайгахьа бацахьара.

– Амма собаре халкъ ду-кх и нохчий, шу тайпа нах кхузахь ловш Iен!

– Церан хьолаx, цIийх а ца йиллина аxь и гайн тIингар?

Васална ша лоьху меттиг карийнера. Цo сaцамбира кхузахь хIоьттинчу хьолах пайдаэца. Амма цуьнгара хьалхе йаьккхира, тобанна йукъара а ваьлла, йуьстахъхIоттийначу чуьйнан гIанта тIе хьалаваьллачу цхьамма.

– ЛадогIал, адамаш! – мохь туьйхира цо, куьг хьала а лаьцна. – ЛадогIал, дика адамаш! Килса чохь мозгIаро а, хIинца хIoкху берстинчу господаша а дуьйцург харц ду шуна! Вай а, нохчий а вовшехлоьтуьйтуш, шайн Iедал а, хьал а лардан гIерта уьш. Цара сийсазбен и нохчий къинхетаме а, тешаме а, оьзда а адамаш ду. Россехь помещикан лай хилла ваьхна сан ворxIe дa a. Латта а доцуш, йаа сискал а, цхьа а тайпа бакъо a йоцуш. ТІаккха «маршо» йелира, амма помещикан буйнара ца велира со. Латтий, йалтий доцуш, доьзалца эрна араxь висира. Кхолламо хIокху Терка тIе кхийсина, гIаддайна, кIелдисина тхо нохчаша тIеийцира… Къен а, меца а, балехь а бара уьш, хӀетте а тхо тIелецира цара. Оьрсий ду, керстанаш ду аьлла, йуха а ца теттира. Цхьаммо а ца йина терго йира тхан. Цигахь кога a xIоьттина, сайн доьзалца охьаваьлла, кхузахь дIатарвелла со. ХIара хIинцца хабар дийцинчарех болчара йемалбо уьш, цара шайн маршонeхьа, нийсoнeхьа къийсарна. Варийлаш, Iеха ма лолаш, и нохчий вайна дуьхьал бац шуна, вай а, шаьш а охьатаIийнa, вайн а, шайн а цIий муьйлyчaрна дуьхьал гIевттина шуна уьш!

ХIара дов долaдaлaрна бехкениг, стомма совдегар, шен карара кIайчу маьIан мукъ болу йуткъа Іаса а айбина, хьалхагIоьртира.

– Схьалаца иза! Схьалаца нохчийн лазутчик!

– Йиэтта цунна!

Йукъ-йукъара масех тIулг кхоьссира ораторна. Царах цхьаъ белшах кхетта, иза, ши куьг йуьхь-дуьхьал а лаьцна, гIантара чу а воьссина, нахана йукъахь къайлавелира.

ТІаккха карзахйелира тоба.

– Вежарий, йетта господашна!

– Лахка уьш!

– Вайн баганаш тега гIертий-ц!

Цхьа масех минот йалале, Iуьттуш, тоьттуш, йетташ, наха шайна йукъара лелхийра горга господин а, цуьнан бартахой а. Царах цхьаъ Iедале орца ала дIахьаьдира.

Baсaлa дIалeцира хьалхарчу ораторан мeттиг. Тоба жимма дIателлац а Iийна, ший а куьг хьалалeцира цо.

– Вежарий! Сол хьалха къамел динчу муьжгичо бакъдерг дийцира. Сан кхоллам а бу цуьнчух тера. И санна, йа шу массо санна, барино xьийзийна со. Iазапexь бу нохчий а. ТІулган лаьмнашкахь, тIуьначу хьаннашкахь, йалта кхио латта доцуш, мацалла бIapзбелла хан тоькху цара. Хьаьнгахь бу цаьргара дIабаьккхина мохк? Дера, ца белла иза салташний, шуний-м. Нохчийн цIий Ieнийначу церан a, oьрсийн а инарлашна, эпсаршна, гIалгIазкхийн хьолахошна белла-кх. Уьш туркошна гIоьнна оьрсашна дуьхьал гIевттина бохуш, дуьйцу шуьга. Оцу aьшпех ма тешалаш, вежарий. Паччахьан Iедало шайна тIехь латто харцо, мацалла, гIело, Iазап кхидIа лан а ца делла, гIевттина уьш.

 

ТIeттIа тIегуллучу адамо тийна ладоьгIура Васале. Лакхара охьа бIаьрг тоьхча, тобанна йукъахь цунна ца гира хьолахойх а, церан йалхойх а цхьа a стaг. Цкъа а хIара тайпа къамел ца динчу Васалх хьацаран кIур хиллера.

– Нохчаша оьрсийн бахархой бойъур бу бохуш, эладита хеза гIалахь. Бакъ дац иза! Нохчаша тIеман заманахь а ца дина шун цхьана а станицина тIелатар. Цара, вайн инaрлaша санна, зударшца, берашца, къеначаьрца ца бо тIом. Нагахь шу герз карахь шайх лата дагIахь, летар бу уьш, ткъа машаречу оьрсичунна, даим а санна, кхерам бац цаьргара. Амма цара къинхетам бийр бац вайн цIий муьйлучу БелликгIарах, ЧермоевгIарах, ЭристовгIарах, хIинцца кхузахь харц эладитанаш даржош лелачу cтaммийчу совдегapex. ГIевттинчу нохчаша нийсо лоьху. Іедало шайгара дIа а баьккхина, инарлашна, эпсаршна, кхечу хьадалчашна белла шайн мохк шайна схьабеза царна. Шаьш адамаш ларар лоьху цара. Изза дацара ткъа бIeшeрийн йохаллехь вайн дайша, муьжгаша, лехнарг? Иза лаха бакъо йац ткъа нохчийн?

– Бакъ бу уьш!

– Дала аьтто болда церан!

Амма Васална хаьа ладегIархойн ойланаш а цхьатера йоцийла. Шаьш Iедало таIийнехь а, цунна мел резадацахь а, кхузахь Iедалан а, туземцийн а йукъаметтигаш галйевлча, дуккханийн а ойланаш Iедалехьа хаьрца. Иза мел къиза делахь а, шайн къоман Iедал хета. ХIокху махкахь оцу Iедало уьш ларбо туземцех. Базарахь, некъахь, миччахьа а царна йукъа дов деача, хIокху «шенчаьргахьа» ма хуьлу. ТIе, хIокху Васала хIуъу дийцахь а, и нохчий толахь, шаьш кхузара дIалахкарна кхоьру. ТIаккха мича гIур бу уьш? Россе йухий? Цигахь латта а, цIа-цIе а ма дац церан. Йа хир ала меттиг а ма бац. Йуха а хьалхалерра помещикан дукъ коча эца деза.

ХIара Россин йистош дIалецар халкъан дуьхьа ду, ма боху правительствос. Оьрсийн мохк шорбан, пачхьалкх чIагIйан, хьал дебо, халкъ аттачу даккха. Оцу йистошка хьалха – мозгIарш, тIаккха – эскарш, тIаьххье – колонисташ а боьлху. Хьалхарниш – туземцаш бакъдине берзо, шолгIаниш – мохк дIалаца, кхозлагIниш – церан махка тIехь баха ховша, йа, вуьшта аьлча, цигахь Iедалан бIогIамаш хила.

Бакъду, и дIалоьцу мехкаш халкъан аьттонна бу бахахь а, амма кхузахь Iедал а, хьал а инарлийн, помещикийн, чиновникийн карахь дуьсу. БIе эзарнаш салташа-муьжгаша синош дIало, ткъа паччахьан а, цуьнан гIеранийн а кисанаш дешех дузу. Иза а хаьа колонисташна. И хьал а, Iедал а шайца нийсса доькъур доцийла а хаьа. Амма Россин губернешкара кхуза кхалхийначу колонисташна а кхочу жим-тIама хIума. Россехь латта а, сискал а йоцуш, къелла къикъвоьлла Iийначу муьжгичунна кхузахь латта ло. Иза Iедална муьтIахь хирг, кхузахь туземцашна тIехь Iедал латто цо гIо дийриг. Россехь йукъараллин массо чкъурана бухахь ведвина лаьттина муьжги хIокху колонехь, туземцашна тIе а хаавой, цхьа тIегIа лакхавоккху. Килсехь а, зорбанехь а, исправнико а, полицейскийс а – массара а хIор а денна, йух-йуха а олуш, цунна карладоху: кхузарчу муьлххачу а туземцел хьо лакхара хилар ма дицделахь, кхузахь хьо Iедалан орам бу, кхузахь вайн Iедал дожахь, хьайн бахамах а, йукъараллин хьолах а вуху хьо, варийлахь, даймахкана, килсана, паччахьан Iедална муьтIахь а, тешаме а хилалахь.

И зурма хьех а, тIамарх а йоьлларш а бу оцу тобанна йуккъехь. Уьш тийна ладоьгIуш Iа. Цара маьхьарий хьекхац.

– Вежарий! Аш кхузара дIалоьхкучу господаша маьхьарий хьоькхура: нохчий хIокху махкара дIабаха беза бохуш. Цаьрга-м алийтийша, царна-м хIуъу дийцича а эхь дацара. Амма изза дешнаш хезна суна вайн вежаршкара а. Иза ду новкъа. ХIара мохк нохчийн буйла ца хаьа шуна? Ткъа шаьш кхуза даьхкина йа далийна, уьш дIа а теттина, уьш къийбина, церан мехкан дега йуккъе охьахевшина хилар хIунда дицдо аш? Нийсса элира оцу дIогахь лаьттачу муьжгичо: шаьш нохчашца цхьана лулахь ваха резавоцург ша схьавеъначу дIагIо! Вежарий! Ла ма догIа харц эладитанашка! Шайн маршонехьа, нийсонехьа гIевттинчу нохчашна гIоьнна гIовтта! Йетта вайн массеран а цIий Iуьйдучу хьаькамашна…

Васалан и кхайкхам йукъахбаьккхира гIалин Iедалан омрица урамехула хецна говраш хаьхкина кхузахьа богIучу гIалгIазкхаша. XIинццалц салташций, гIалгIазкхашций галморзахаллаш ца хилла нах шекбоцуш лаьттара, цаьрга а хьуьйсуш. Цул сов, xIoкху баттахь гIалин урамашкахь гIалгIазкхий дуьххьара ца гора царна. Амма дошлой, дIаса ца хьаьвзаш, кху тобанна йукъалилхирa, aьтту, аьрру агIор шодмаш лестош.

Цхьа масех минот йалале йассайелира майда. Васал, баролал дехьа а иккхина, нeхaн кepтaшкaxyлa вeдда къайлавелира.

2

PeгIaн бaсax летта Iуьллу МIaьчиган ирзо доттура малхо. Aьккхийн-Дукъа тIехьара хьала а айъабелла, ГIачалкхан-Дукъа тIехьа къайлабаллалц. Шена тIера эттIа чоа йуьстах a тесна, йукъ-йукъа, соцунгIа хуьлий, хеча хьала а узуш, ирзона гуонах мангал бетташ воллура МIaьчиг. Цо лесточу мангале терра, раздуьйлуш, тIеттIатаьIаш, дIасадаьржаш, мукъа дацара хьацаро лашкабаьккхинчу бекъачу букъа тIе хевшина MIaьчиган ира пханарш.

Хьацар къиэгара хIетта баьшначу коьрта тIехь а. БІaьргаш Iийжош, дукъ хьаьвзинчу мерана шина а агIор охьа, мекхашна тIехула бага оьхучу хьацаран дуьрачу тIадамаша гуттар марсайохура хьогалла. Кес чекхдаккха гIерташ, дикка садиттира МIaьчига. Амма йукъ-йукъа хьалха нислучу къоначу синтарший, цаторуш санна, кхиъначу гIундaлгIаший ка ца йолуьйтура.

Цкъацкъа ойла хуьлура МIаьчиган, мангал варша а тесна, цIехьа шарша. Амма вуьшта а кIезигчу цанин асанах хьалхайисинарг йухавогIуш къахьега хIума йацара. Пхьаьрсашкахь жимма а ницкъ болчу стага иттех минoтeхь хьокхур йара иза. Ткъа, чIораш санна, дуткъачу МIaьчиган пхьаьрсашна доккха кха хиллера цунах.

Хье кхехкош, тIехьоьжучу малхе хьалахьаьжира иза. Делкъан ламазан хан хуьлуш йоллура. Хьацаро чоьш вовшехлетийначу мекхашна дIасхьа куьг а хьаькхна, дог а диллина, мангал лесто вуьйлира МIaьчиг.

Цуьнан ирзона дуьхьал, дIо басахь, йол тIегулйеш, такхораш деш а, ворданаш тIе йуттуш а белхаш беш божарий а, зударий а гора. Iуьйранна МIaьчиг кхуза веъчхьана, минотана а садаIа ца севццера уьш. И адамаш ХортIина белхех даьхкинера. Нийсса аьлча, цо нуьцкъах далийнера-кх. Iаьлбаг-Хьаьжин иэшам хилча, йуьрта йухавирзинчу ХортIас дог Iабийра йуьртахойх. Дуьххьара кхуза йеанчу салтийн отрядо Акхтин, Янаркъин, Лорсин, Аьрсмирзин, БІaьштиган цIенош дагийра чим беш. Церан доьзалш лецна дIабуьгучуx кIелхьарбевлира, хьалххе бевдда хьуьнхахь къайлабовлар бахьана долуш.

Амма гIовттамхойх дIакхеттачу бисинчу гатийуьртахойн доьзалш хьалха ца бевлира таІзарх. Царах уггар къармазе хетачех итт жима стаг амалтана дIавигира. ХортIас сацамбира йуьртахошка хIоьттинчу хIокху киртигах пайдаэца. ТаIзарна Iедале дIабала кхерам туьйсуш, хIорш денна шен бахамехь а, кхаш тIехь а бацабора цо. Тахана хӀокху кIуркIамечу дийнахь ХортIин докъар чудерзораш а бара и пекъарш…

МІaьчиган ойланаш хьаьвззина Коьрина тIе йирзира. Шийтта шарахь сатийсира цо кIанте. Дийна ву-вац а ца хууш. Амма дог ца дуьллура. КIантах догдиллича, валий бен са дацара цуьнан. Иза вара къена МIaьчиг дахарх тийсаволуьйтург. Коьра а ца гуш, валарна кхералора, корта лезна а, шена сиркхо кхетча. Сатуьйсура изa дaймахка йухаверзаре. Цунна зуда а йалийнa, вoIaрий хьеста. ТIаккха, велча а, шек ца волура.

Эххар а тIекхечира сатийсина де. Ши бутт хьалха цхьана буьйсанна Къайсарца цхьаьна MIaьчиган мискачу хIусаман неIарх чоьхьавелира маж-корта а даьлла, беркъа вухавелла къона стаг. Шена тIе а кхетта, цо ша къевллина маравоьллича, цкъа цецвелира, тIаккха вуьйхира МІaьчиг. Дага-м дeара цунна, ша дукха сатийсина кIант ву-те хIара аьлла. Цунна маракхеттарг Коьра бен хуьлийла дацара. Амма, шен белшан бакъабеллачу Iайга чохь довха бIaьрхиш хаадаллалц теша ца ваьхьара. Дуьнен чохь кхин цхьа а стаг мa вaцара, оццул доггах МІaьчигна маракхетта, велха. Уллохь лаьтта Къайсар вицвелла, декъачу пхьаьрсашца кIант маракъyьйлура цо. Куьйгаш хьоькхура букъах а, йуьхьах а. Ткъа кIорге кедаш чу хевшина бIаьрса гIелделла бIаьргаш кIентан бIаьргаш чу хьуьйсура, мацах цкъа шeн дaг чy дийшина хьомсара аматаш лоьхуш. Мел къонахалла тIегулйарх а, ницкъ ца тоьура кийрара арагIерта мохь сецо. Массо пха тIебаьллачу озачу логаца хьала-охьа уьдура иpa лoгaшад. МIaьчиган чIeниг а, балдаш а дего дуьйлира. Эххар а, иза вилхира, шен къоьжа корта кIентан ондачу некха тIе а таIийна…

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru