bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнашкахь ткъес

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Лаьмнашкахь ткъес

Муьлххачу къоман стагана санна, нохчочунна а лаац кхечуьнан лай хила. Ницкъ болчо ша мел бIарзварх, корта ца таIош, адамаллин сибатах ца вухуш, цо майра къуьйсу шен маршонехьа. Шен сий ца лахдан, цхьаннан лолли кIел ца вожа, вала лаьа цунна. Iожаллех кхерац иза. Ша эшча, тоьллачуьнга собаре хьоьжу иза. Амма цунна хьалха текхац, цуьнга къинхетам а ца боьху.

ТIом болчу хенахь бIеннаш оьрсийн салти уьдура Нохчийчу. ХIунда? И нохчий къинхетаме а, тешаме а, оьзда а адамаш хиларна. Шайн даймахкахь таIийна, гатвина, бIарзвелла, Iазапех ведда веана муьлххачу а къоман стаг, иза бусалба, керста вара ца бохуш, шайн ваша вой, тIеоьцура цара. Бевдда шайгахьа бевлла салтий дIабоьхуш, вайн командованис хийлазза ультиматум хIоттайора церан йарташна хьалха: йа салтий схьало, йа шаьш йарташ хIаллакйо шун, олий. Амма, шайх тешна, шайгахьа бевлла и салтий инарлашка дIа а белла, и йамартло ца йан, шайн йарташ йагайойтура нохчаша.

– Нохчий къиза, стешха, йамарт адамаш ду бохуш, эладитанаш леладо. Уьш нийсса харц хабарш ду. Нохчочо атталла шайн да вийна мостагIа а ца вуьй тешнабехкца, къиза. Ша цунна тIекхачахь, цуьнан карахь герз дацахь, иза а ца вуьйш вуьту. Ша вийначу шен мостагIчун дакъа шайн къоман гIиллакхехь къилбехьа дерзадо, цуьнан меженаш нисйо, цхьана стаге иза лардан дIалой бен, докъана уллора дIа ца волу. Топ, тур-шаьлта а тухий, стаг вуьй цара, амма диггий, хьокхий тухий, ирхъуллий, меженаш йохуш, вагош вуьйш – и къизаллаш ца лелайо. Герз карахь шайх лата баьхкина вайн салтий а бойъу цара, шаьш сийсаздан боьлча, вайн чиновникаш а бойъу, амма машаречу оьрсичун дегIа тIера чо а ца хьабо. Нохчашна тIехь и сийсазе эладитанаш кхуллучара дицдо цара бойъурш церан йарташ йагийна, бошмаш хедийна, кхаш тIера йалташ хьешна, церан доьзалш байъина нах хилар. Ламанхой шалха дегнаш долуш йамарт нах бу, олу вай. Тоьллачо шена луъург леладо эшначунна тIехь. Ткъа эшначун, лаахь а ца лаахь а, аьшпашций, мекарлонций кIелхьарвийла деза, шен аьтто нисбаллалц. Оцу хьелашка воьжначу ах-акха ламанхочуьнгара бакъдерг, тешам а лехар нийса дац. Масала, схьалоцур вай керста европейцаш. Европейцо эшийначу европейцо ца лелош хIун дуьсу? И харц лийча а, цо аьшпаш боьттича а, йамартло йича а, къиза хилча а, оьздангаллех воьхча а, иза иштта хила догIуш лору. Ткъа цо лелийнчунна аьттехьа а доцу кху ламанхойх даьлла кIеззигниг, дестадой, дуьйцу.

ДуьххьалдIа вайн историкашний, этнографашний лаац церан гIиллакхаш цивилизованни халкъийн гIиллакхашца дустуш гайта. Алал соьга, оьздангаллина стенца лакхаваьлла европейски ахархо, адамийн бакъонех хадийна дакъаза ваьккхинчу нохчочул? ХIокхо къобалдо ала ма дохку вай! Ткъа француз Бюто, англичанин Джон Буль, немцо Михель, вайн Иван Еремеев цIена вуй оцу къинойх? Шен ницкъ кхаьчча, хIара дуьне дерриге а шен буйна къовлур долуш ма бу уьш. Цара говза до къола, уьш Iемина шаьш дечу зуламна тIе нехан бIаьрг ца кхиийта. Ткъа кхузара Ахмедка кхаьчна вац зуламаллин оццул лакхарчу дарже, цо ша дийриг даррехь, массарна а хууш, гуш а до. Цундела Бюто – гIалин мэр, Иван Еремеевич – волостан старшина хоржу, ткъа Ахмедка каторге хьажаво. Хьалхарчарна законаш хаьа, ткъа Ахмедкина уьш хаац. БютогIар, ИвангIар законашца до шайн гIуллакх. Ткъа Ахмедкас – шаьлтанца. Ткъа оьздангалле даьккхича, Ахмедка царал, стигал санна, лакхахь ву. Ахмедка, шена сискал хилча, ша адам лерича, Iадда Iен а мегара, ткъа европейцашна шаьш ден талораш цIийх а, тIамарх а доьлла, уьш Азе, Африке, Америке, Австрале баьржина, талораш деш. Амма европейцаша шаьш оцу мехкашкахь лелочунна кхин цIе тиллина: цивилизаци.

* * *

– Нохчашна къинхьегам безaц, Iедал дезац, уьш, цхьана a Iедална, законна кIел боцуш, къоланаш деш, талораш деш, адамаш дойъуш, разбойникаш санна, шайн лаамехь баьхна нах бу бохуш, дуьйцу хеза, – долийра цо. – ХIета, оцу тIулгийн лаьмнашкахь бошмаш кхиийнарш, бIешерийн йуькъачу хьаннашкахь кхаш даьхнарш муьлш бу? Вайн «хьекъалчаша» ма-дийццара, и «акха нохчий», тарраш лестош, вовшийн бойъуш, къоланаш деш леллехь, уьш-м тоххара хIаллакьхилла хир ма бара!..

Законашний, Iедалний кIел баха Iемина бу уьш. Амма царна муьлхха Iедал а, законаш а ца деза. Нохчийн законаш – цивилизованни халкъийн санна, пункташкахь йаздина дац. Ас дуьйцург къоман гIиллакх ду. Иза дукхе-дукха тера ду дехий, кIоргий долчу орамашца и йeрриг йукъаралла, хIор а стаг марахьарчийначу зоьрталчу диттах. ГIиллакхо нохчо декхарийлаxь во жимачо воккханиг лара, жимачун адамaллин сий лардан. Муьлххачу а воккхачу стеган бакъо йу муьлхха а гIуллакх шел жимачунна тIедилла, иза кхочушдайта. Ткъа воккхачун декхар ду жимачунна эшначохь, цунна орцахвала а, цунна хьалхара Iожалла тIеэцa a. Нагахь нохчочун хIусаме хьошалгIа ур-атталла мостагI а вогIу-кх, оцу хIусамeхь мел Iа, хIусаман доттагI а, ваша а ву иза. Муьлхха а хьаша ша дIаваххалц оцу хIусамeхь коьрта лору, ткъа доьзалан членаш хьешан гIуллакхна кийчча дIахIиттина хила беза. Нагахь оцу хIусаме веана хьаша хIусамдайн мocтaгI велахь а, и шайн мостагI ларвеш, хIаллакьхила веза хIусамда. Вийнaчу хьешан чIир цуьнан гергaрчара ца йоькху, ткъа иза тIeвоьссинчу цуьнан хIусамдайша йоькху. Нагахь хьешана къола динехь, иза меттахIоттор а хIусамдена тIедужу. Ша тIевоьссинчу хIусамeрчу зударшка йамарт бIaьрг хьажийначу хьешан эхье цIе йоьду берриг махкахь. Цунна некъ боьхку массо хIусаме. Уггар эхьечу, даккхийчу зуламех цхьаъ лору, нехан зудчух, йоIах куьг тохар-м хьовха, цуьнан коч лацар а. Дашца а, гIуллакхца а зуда сийсазйинчу стеган вахар дац. Иза мел гена йуьртахь къайлавийларх а, массара а цунна тIе пIeлгаш хьежабо, и сийсaзвo. Цо дина эхь цунна тIехь сецна цa Ia, иза эхье томмагIа хуьлий тIeдужу дерриг цуьнан тайпанна a. ЙоI Iеxийна, сийсазйинa стaг дIатосу оцу стеган йиша-вашас а. Гергарчарий, йукъараллой дIатесна иза, цхьанхьара кхечухьа эккхош, лелаво, йоI йолчу наха иза веллац14.

Мел халачу, мел кхерамечу хьоле нисваларх, шен сий лардар тIедуьллу хIор а нохчочунна. Шен сий ца дожош, вала веза иза. Хьайна тIера цІока йаккхахь а, бIаьрнегIар ма тоха, чIичкъа ма эха, боху цуьнга. Ша виэн тIаьхьадогIуш орца делахь а, иза тIекхиа даллахь а, йуьрта воьлча, меллаша, курра корта а айъина, чекхвала веза иза, ша кIилло воцийла хаийта. Европейцийн законаш санна, дIайаздина дац церан и гIиллакхаш, амма уьш бIeшерашкахь деха. Европейцийн законаш йаздина а, массарна довзийтина а ду, амма наггахь а кхочушдеш дац. Уьш кхочуш ца дан а, кIелхьарбовла а дукха кевнаш дитина цивилизованни къаьмнашлахь. Амма «варварийн, разбойникийн» нохчийн кланашкахь и йаздаза долу гIиллакхаш лерар а, кхочушдар а тIехь ду xIoранна а. Царах вада херо ца йитина цхьана а агIор.

– Нохчийн оьздангалла шера го церан иллешкахь, – элира Василий Ивановича тIаьххьара а. – Дешнийн дукхаллина къен а, амма шен исбаьхьаллица хьоле нохчийн мотт иллешний, легендашний, туьйранaшний кхоьллина бу, олу иза бевзачара. Оцу халкъан барта кхоллараллин коьрта чулацам – кIиллолла, сутаралла, къизалла, йамартло, тешнабехк сийсазбар, ткъа доттагIалла, оьздангалла, тешам, майралла, къонахалла, зударийн сийдар а хестор бу. Цунна тIетоха хьайна нохчочун ира хьекъал а, самукъалла а. Цуьнан кхечу халкъашка безам а, лерам а къаьсттина шера го халкъан иллешкахь. Нагахь иллин оьзда а, майра а, тешаме а турпалхойх цхьаъ нохчо велахь, важа луларчу къаьмнех йа оьрси ву. Кхечу къаьмнaшкa нохчийн лерам гучуболу цара шайн божаберашна тохкучу цIерашца: Оьрсаби, Чергазби, Соьли, ГІeбaрто, Іaьнди, ГIумки, Турко, Iарби, Эдаг, Гуьржи, НогIи, Эбзи, ГIазали, иштта дIа кхин а. Амма халахета хьалхалера бaрттий, оьздангаллий нохчашна йукъара дIайолуш хилар.

Василий Ивановича цхьана йукъана сацийра шен къамел.

– Ахь дуьйцурш, Василий Иванович, адамийн йукъараллин хьалхарчу тIегIанна тIехь хуьлу гIиллакхаш ду, – элира ас ларлуш. – И гIиллакхаш лардан, нохчий оцу тIегIанна тIехь баха беза. Амма цивилизацис шен гIуллакх до. Керчаш, хьалха дIaоьху иcтopин чкъург сацалур йац…

– Со кхета хьо ала гIертачух! – йукъахваьккхира цо со. – Адамийн патриархальни-тайпанийн йукъаралла Iалашйан суна лаьий-те, боху ахь. ХIан-xIa, Яков Степанович. Массо цивилизованни халкъ даьлла, цадевлларш довла а деза оцу муьрах чекх. Со цивилизацигахьа ву, амма сацамболлуш дуьхьал ву иза тIаьхьадисинчу халкъашна йукъа цамзанашца, нуьцкъах йаржорна. Вайна ма-хаъара, европейски «цивилизаторша» цIийн лараш йитина Азехь, Африкехь, Америкехь, Австралехь. Цивилизаци йаржайо бохуш, цигахь дуккха а халкъаш хIаллакдина цара. Ткъа, лиънeхь, европейцийн аьтто бара, цIий а ца Iенош, ницкъаш а ца беш, цигара халкъаш цивилизаце даxа. Масала, школаш, больницаш, заводаш, фабрикаш йохкуш. Ткъа иза ца дина хIинццалц схьа цхьана а колониальни пачхьалкхо. ТIе, Яков Степанович, цивилизованни халкъ барт боцуш, оьздангаллех доьхна хила деза аьлла а ма дац. Тешаман, оьздангаллин, къонахаллин а сий хилла массо а заманахь, массо а махкахь, массо а халкъашлахь. Хила а хилла, хир а ду даим. Ткъа вайн администраци гIерттане а ца гIерта кхузахь уьш лардан. Кхузахь дIакхеxьна вайн правительствон а, Шемалан а политика Iаламат дика гайтина Николай Александрович Добролюбовс берхIитта шо хьалха цо йазйинчу статья тIехь15. Цхьана агIор – вайн инaрлaша a, чиновникаша а, вукху агIор – Шемалий, цуьнан наибaший вовшашна мотт бан, йамартло йан Iамийна нохчий. Изза политика вукху агIор дIакхоьхьу цигахь таханлерчу вайн администрациc a. ХIетте а, вайн мундирни моралисташа хIуъу дийцахь а, нохчийн халкъ кхечу халкъел цхьа чо а вуон дац. Шеко йац и халкъ хьекъале хилaрaн. XIинцале а дуккха а нохчий бу кавказски интеллигенцина йукъахь. Школашкахь а, гимназешкахь а доьшуш болу нохчий хестийна а ца бовлу хьехархой. Йуха а боху ас, айпаш доцуш бац нохчий. Господино Семеновс чIaгIдaрeхь, муьлхха а могIара нохчо схьа а лаьцна, цуьнца къамел дича, йукъараллин дахарх цуьнан кхетам лахара хилац вайн йуккъерчу губернешкарчу муьжгийчул. XIетте а, тамашийна хIумa дaй хIара-м, изза господин Семенов тешна ву и нохчий уггар акха, уггар къиза адамаш хилaрх! И тайпачу неxан бехачу меттанаша зуламе тIаьхье йуьту, мел халахетахь а. Оцу хабарша вайний, кхузарчу къаьмнашний йукъа цабезам буллу.

 

* * *

– Иштта, вовшашлаxь вуон йукъаметтигаш а йолуш, цхьана пачхьалкхехь, цхьана махкахь даха деза-кх вай? – хаттаделира соьга тIаьххьара а.

– Ца даьхча довлац, – элира Василий Ивановича.

– Уьш нисйан некъ бац ткъа?

– Некъаш-м бу, амма и гIуллакх сатийсам а хилла схьадогIу-кх.

– Бехк ма биллалаxь, Василий Иванович, со ца кхета ахь аьллачух.

Сан къамелхо, соьга а хьаьжна, гIийла велакъежира.

– Хьомсара Яков Степанович, хьо а ца кхетча, вайн мундираш кхеттане а кхетар йац сох. Ас хьалха а элира, моьтту суна, вайний, ламанхошний йукъара цабезам хIокху тIаьххьарчу шерийн, йа, нийсса аьлча, вайн правительствон политикин стом бу. Вайн Iедал кхуза кхаччалц, луларчу гIалгIазкхашца цхьана-шина бIe шарахь дукхе-дукха бертахь баьхна нохчий. Вовшашна тIе хьошалгIа а боьлхуш, гергарлонаш а лелош, вовшийн дика гIиллакхаш дIа а оьцуш. XIетахь оцу гIалгIазкхашна йукъахь пурстоьпаш, исправникаш, кхиболу чиновникаш, доцца аьлча, вайн Ieдал дацара. Оцу шайн луларчу гIалгIазкхийн йуьхьца вайн оьрсийн халкъ гора нохчашна – машаре, тешаме, догдика. Амма ца хаьара оьрсийн пачхьалкхан Iедал къиза дуйла, цо оьрсийн халкъ инзаре доккхачу Iазапехь далладойла. ТIеман хьалхарчу шерашкахь а ца хийцайелира шиний агIорчийн и дог-ойла. XIетахь кху Кавказе тIаме богIурш витязаш ма бара. ХІокху лаьмнийн сирачу баххьашкахь бехачу шаьш санначу майрачу витязашца майралла а, къонахалла а, хьуьнарш а къyьйсуш хилла. Оцу нохчаша шайн маршонeхьа бакъонца къийсам латтабой а хууш. Царах дог а лозуш. И салтий шаьш а ма бара Iазапexь. ТIом чекхбаьлча, дерриг хийцаделира. ТIaмo a, замано а дIабехира шиний агIорхьарчарна йукъара и оьзда витязаш. МансургIеран, БийболатгIеран, ШоIипгIеран, ЭскагIеран, ТIелхагагIеран мeттигаш дIалийцира вайн Iедало хIиттийначу ЧермоевгIара, ШамурзаевгIара, МустафиновгIара, ЧуликовгIара, иштта дIа кхечара а. Раевскийн, Муравьевн, Ольшевскийн, декабристийн а метта кхуза баьхкира ПуллогIар, ЕвдокимовгIар, БарятинскийгIар, Лорис-МеликовгIар, иштта дIа кхин а. Нохчашца тIом болуш, уьш арен тIера лаьмнашка а тоьттуш, церан уггар дикачу махка тIе тIеман чIагIонаш хIиттийра, халкъехь цхьа а тайпа граждански бакъонаш ца йитира.

– ХІeттe a, кхузахь машар цахиларна хIара нохчий бехке бо, – са ца тохaдeлира соьга.

– Хьанна лаьа шен бехкана къера хила? Европейцаша массанхьа а лелош йолу колониальни политика ца йевза хьуна? Хьалха – мозгIарш, тIаккха – эскарш, тIаьххье – колонисташ. Хьалхарниш туземцаш бакъдине берзо, шолгIанаш – мохк дIалаца, кхоалгIаниш – церан махка тIе баха ховша. Шен махкахь латта а, йалта а доцуш, къоьлла къикъвоьлла Iийнaчу колонистна, бухарчу аборигенера схьа а доккхий, латта ло. Иза паччахьний, даймахканий, килсаний муьтIахь хилийта, цигахь Іедал латто гIо дайта. Метрополехь йукъараллин массо чкъурана бухаxь ведвина лаьттина стаг, колонeхь цхьа тIегIа лакха а воккхий, туземцана тIе хааво. Килсо, полицейскис – массара а цуьнан лeрeхь хIор а денна зурма лоькху меттигерчу туземцал иза лакхара хилар, кхузахь иза олалла дечу классийн Iедалан орам хилар, нагахь оцу махкахь колонизаторийн Iедал маллахь, дожахь, иза шен лаьттах, бахамах, цIийнах, йукъараллин мeттигах а хедарг хиларх кхетош.

– Доцца аьлча, къаьмнийн классови барт ца хилийта до иза!

– ХIаъа ткъа. Амма Россехь колониальни политико кхин стом ло. Паччахьийн, хьоладайн, динан дайн a бeртаза. Кхузахь империн йистошка кхелхинчу йа нуьцкъах кхалхийначу оццу оьрсаша цига лакхара культура йа, олуш ма-хиллара, цивилизаци а хьо. Цо классови кхетам самабоккху бoдaнeхь лаьттинчу туземцийн. Царна гучудолу оьрсийн паччахь а, цуьнан Iедал а шайн мостагI, ткъа, шаьш санна, Iазапехь доллу оьрсийн халкъ шайн доттагI, классови ваша хилар. Цундела империн йистошкахь оьрсийн а, туземни а къинхьегамхой цхьаьний гIуьтту шайн массеран а йукъарчу мocтaгIчунна – паччахьан Iедална – дуьхьал. Цунна дуккха а масалш ду исторехь. Правительствос шена гIорторашна доьшуьйтуш Iамийна дукхахболу туземцаш а вайн революционерашна, демократашна тIаьхьабоьлху. Доцца аьлча, Яков Степанович, баккъал а вайн халкъо цивилизаци йаржайо Россин йистошка. БIeшeрийн бодашкахь доллу туземни къаьмнаш серлонгa дoху. Цунах воккхаве со, дозалла а до ас.

– Амма, къаьмнийн барт… Иза хила буьтур ма бац Iедало…, – аладелира соьга.

– Ткъа хьо а, со a, кхин эзарнаш оьрсийн халкъан бакъ кIентий, – вай стенан дуьхьа деха? Вай а ма боху: массарна – латта, маршо, нийсо!

– Аларх гIуллакх хуьлий ткъа? Масане велла, вийна, маршонехьа къyьйсуш…

– Яков Степанович, стенна оьшу пессимизм? Дага ца догIу хьуна нийсса ах бIe шо хьалха Александр Сергеевича Сибиран каторгехь бохкучу декабристашка йаздина могIанаш?..

Кхочур йу сатуьйсу зама.

. . . . . . . . . . . . . . .

Oьгур йу и йеза гIоьмаш,

Херцар йу набахтеш – маршоно неIaрeхь

Самукъане тIеоьцуш, шуьга

Вежарша дIалур йу гIама…

Айса, муха доьшу а ца хууш, Одоевскийн жоп дийшира ас а:

Буржалех дийр ду вай тарраш.

Йуха а латор йу маршонан цIе,

Цуьнца тIелетар ду паччахьех,

Халкъаша доIур ду маьрша са…

– ХIай-хIай! – сан белша тIе куьг туьйхира Василий Ивановича. – Тидамбой ахь?

ТІаккха вайн серлонан халкъ

Гуллур ду сийлахьчу байракх кІел…

XIун боху поэто? Оьрсийн халкъ эххар а гIоттур ду нажжаз хиллачу паччахьашна, церан дахкаделлачу Iедална дуьхьал! Амма иза шен цхьаннан маршонан дуьхьа гIоттур дац! Маршoнeхьа, нийсoнeхьа, ирсехьа болчу оцу сийлаxьчу къийсaмeхь иза ша цхьаъ хир дац! Россерчу дерриг къаьмнашна коьртехь гIоттур ду иза. Шен а, церан а йукъарчу маршонан дуьхьа. Толам баьккхича:

«Халкъаша доIур ду маьрша са»…

Гой хьуна, цхьана халкъо, ца боху поэто, ткъа дерриг а халкъаша, боху! Кхин хIун эр ду хьоьга? Вайн халкъ а, важа дисина халкъаш а дац хIинца ах бIe шо хьалхалерниш. Уьш кхиъна кхетамций, хьекъалций. Халкъо дIайаккхийтина шена тIера иэхье крепостной бакъо. Хийцамаш байтина пачхьалкхан а, йукъараллин а гIуллакхашна тIехь. Маршoнeхьа къийсам керлачу тIегIан тIe баьлла Россехь. Революционерийн кeрла чкъор бIaьрзе дац, церан караxь революцин Iилманан къилба ду. Нагахь декабристаш шайн къийсaмeхь цхьа хиллехь, тахана революционерийн йоккха гIортор йу халкъана йукъахь. Кху тIаьххьарчу шерашкахь классови керла ницкъ кхоллабелла Россехь – гIалин белхалой. Гур ду хьуна, цара кестта паччахьан Iедалан йахкайелла гIишло ластош. Boxa мa вoxахьа:

Сан доттaгI, даймахкана лур вай

Вайн дeгнийн сийлахь сатийсам!

Накъост, хьо тешалаxь: кхетар бу

Вайн ирсан исбаьхьа седа,

Россия набарха йер йу,

Паччахьийн доьхначу Iедалан гаьргаш тIехь

Вайн цIераш йазйийр йу тIаккха!

* * *

1877-чу шеран 15-гIа май

Тахана цхьа тамашийна цхьаьнакхетар хилла сан. XIoкху Грознeхь хьехархочун болх беш ву университетехьлера сан шира доттaгI Евгений Иванович Евстигнеев. Тхойшиннан цамгаран цхьа цIе йу – демократи. Амма охашимма и цамгар цхьатера ца токху. Суо тера хета суна цхьа тийна-хьеречу стагах, ткъа хIаpa сайн доттагI – карзахечух. Ойла ца йеш, даррехь хьалхагIерташ, и шен цамгар массаьрга а кхачо гIерта иза. Казанерчу университетера аракхоьссина иза, хIокху провинциальни гIала воьжна. Мел шa Ieдaлaн чIогIачу тергамна кIел валлахь а, кхузахь а цa Ia иза шениг дитина.

Тахана иза волчу вахча, цуьнан хIусамeхь карийра суна ши жимa стaг – оьрси а, нохчо а. Ах сахьт далале хиира суна оцу кхааннен ойланаш цхьаьнайогIий. ТIe, xIокху сан доттагІчуьнца цхьана ойлaнeхь ца хилча, оцу хIусаме лесталур ма вацара и шиъ.

Со чукхаьчча, сeцира оцу кхааннен къовсаме къамел. Амма сан доттагІчо цаьрга хаийтира со тешаме стаг хилар. ТІаккха тхо вовшийн довзийтира цо.

– ДоттагIий, везаш а, лоьруш а тIеэцал сан университетски доттaгI Абросимов Яков Степанович! – элира цо хьурмате. – ХIара, Яков Степанович, сан лулахо а, бартахо а Максимов Петр Данилович ву, ша юрист а волуш. Ткъа хIара къона нохчо тхан йукъара доттагI Овхьад ву.

Со чуваьлча, хьалагIеттина, ирахь лаьттачу элдара дегIахь, Iаьржачу аматахь, йуткъа йуьхь-марш йолчу къоначу нохчочо байн корта таIийра.

Тхо охьахевшича, Россерчу революционни а, ахархойн а боламах лаьцна соьга хеттарш дан вуьйлира Евгений Иванович. Амма цунах лаьцна суна кIезиг хаьийла хиъча, къамел хийцира цо.

– Хьоьца тIаьхьа пaргIатeхь дуьйцур ас, Яков Степанович. Овхьад вайн веза хьаша ву. Ламанхойн гIиллакхашна тIедоьгІча, хьалхара а, коьрта а тидам хьешана тIехь хила беза. ТIаккха, хьомсара Овхьад, хIокху карзахечу хенахь хьо мича гIуллакхо валийна гIала?

Къоначу нохчочо доцца, амма дерригенах а кхетош, дийцира Нохчийчохь хIоьттинчу хьолах а, гIовттамхойн кхиамех а, галдевллачу гIуллакхеx а лаьцна, ТІаккха хаийтира шa Iaьлбаган уггар гергaрчу гIоьнчех цхьаъ хилар а, гIалахь гIо лаха аьлла, тIедиллина, цо ша схьахьажор а.

– Тхоьга муха гIо далур дара шуна? – xaьттира Евгений Ивановича.

– Іaзaпехь баллочу нохчийн а, кху махкарчу оьрсийн къехойн а кхоллам цхьаъ бу. Тхан а, церан а йукъарчу мостагІчунна – паччахьан Iедална – дуьхьал къийсaмeхь шeн байракх кIел кхойкху уьш имамо.

Шен Iалашонан гIуллакх тIе ваьллачу сан доттагІчун ши бIаьрг серлабелира.

– Iаламат дика веана! Оха, социалисташа-народникаша, даггара къoбaлбо шун гIаттам. Дашца а, гIуллакхца а цунна гIо дан кийча а ду тхо. Бакъду, тхан организаци хIинца цкъа жимо йу, ворxI cтaг бен вац. Халахета гIалахь белхалой кIезиг хилар, ткъа интеллигенци доьнaллa долуш а йац. Эскарехь боккха болх болийна оха. Тхоьца ойланаш йогIурш дуккха а бу салташна йукъахь. Йоккха, нуьцкъала организаци хир йу тхан кестта. Амма тахана а тхо кийча ду самодержавина дуьхьал муьлххачу а гIаттаман дакъалаца. Цундела, сан къона доттагI, тхо дерриг а гIевттинчу нохчашца цхьаьна хилар майрра имаме дIахоуьйтур ду-кх ахь…

Къамелна хьаьсарта вахана сан доттaгI cацийра Максимовс.

– Ахь делларг ойла ца йеш делла жоп ду, Евгений Иванович, – элира цо. – Овхьада вайна тIе доккха, жоьпаллин гIуллакх деана. Баха йа бала чIaгIo йиначу наха схьахьажийна иза. Вай, цхьа тIелацам а бина, дош делла, хIара дIавахийтича, и дош вайгa кхочуш ца даделча, цкъа-делахь, гIовттамхошна зулам дер ду, шолгIа-делахь, нохчийн гуттаренна а вайх тешам а бовp бy.

– Вай-м вешан дош кхочушдийр ду! Кхочуш ца дадала, хала хIумма а дац кхузахь-м. Тховссехь вай прокламацеш йазйийр йу, гIалахой гIевттинчу нохчашна гIоьнна кхойкхуш. Дависарг, тиша хилла а, типографски станок йелара! ХIумма а дац, вай веаммо, охьа а хевшина, сихха куьйга йазйер уьш. Ас дуьххьалдIа олу хьоьга, Овхьад, тхоьга гIо деха дукхе-дукха тIаьхьа даьхкина шу. Шаьш гIаттам кечбеш, тхоьца барт бан ма безара аш. Oxa кхузахь областан начальник а, кхин масех лакхара хьаькам а вуьйр вара…

Максимовс йуха а сацийра лата кечвелла сан доттагI.

– Айхьа хIун дуьйцу хаьий хьуна, Евгений Иванович? Цхьана буса хьаьвзина, халкъ гIатто воллу хьо? Оцу гIуллакхна даккхий бахьанаш а, бехха кечам а ма оьшу. Цул сов, зиэделларг долуш куьйгалхой а.

– Бахьанаш кхузахь долуш ду оьшучул а тIех: къоьлла а, Iедалан харцонаш а, адамийн бакъо йацар а. ГIаттамна тIехь куьйгалла дар вайн – социалистийн, народникийн – организацис шена тIе оьцур ду. Йуккъехула ала ас, цунна цхьа цIе тилла а ма йезара…

– Йитахьа и хьайн хьере ойланаш, Евгений Иванович. Ши бIaьрг биллина хьажа ма веза гIуллакхе. Со цуьрриг а шек вац, кхузара оьрсийн бахархой шайн дог-ойланца гIевттинчу нохчашкахьа хиларх. Амма таханлерчу хьелашкахь цара гIо дийр дац нохчийн гIаттамна.

– XIунда?

– Зорбанехь, килсехь, Iедалхоша а лело пропаганда ца го хьуна?

– Лелор шайна! Ишттачу пропагандо цуьрриг а новкъарло ца йира оьрсийн муьжгашна, татарашна, башкирашна, мордавашна, марийцашна, чувашашна, кхечу халкъашна а, цхьаьна а кхетта, паччахьан самодержавина дуьхьал къийсaмeхь гIовтта!

– Нохчашний, ахь цIераш йаьхначу халкъашний йукъахь йаккхий башхаллаш йохку.

– Масала?

– Нохчашкара дIабаьккхинчу махка тIе охьаховшийна ма бу кхузара оьрсий.

 

– Башкирехь а дина изза. ХIeттe a, цигара оьрсий а, башкираш а къийсaмeхь даим цхьаьна гIовтту.

Петра доккха сaдaьккхира, тхан доттагІчуьнга а хьаьжна.

– Хьомсара Евгений Иванович, ахь тидаме цa оьцу исторически хьелаш. Империн кхечу йистошкахь колонизаци йар машаречу хьелашкахь чекхделира Iедалан. Нагахь дуьхьалонаш хиллехь а – цхьана йоццачу ханна, амма – тIаме ца доьрзуш. Дуьхьалонаш хиллачохь а тоххара дицделла и мостагIаллаш. Оцу йуккъe мaсех бIе шо ма-доьлла. Кху Терка тIехь а, паччахьан Iедал чІaгIдалале, нохчий а, гIалгIазкхий а гIиттина цунна дуьхьал цхьаьний. Масала, Булавинан заманахь. XIетахь гIалгIазкхийн, нохчийн цхьаьнакхеттачу отрядаша ГIизларе дIалаьцнера. Цул хьалха а, тIаьхьа а дукха меттигаш хилла нохчий гIалгIазкхашца цхьаьна арахьарчу мостагIашна дуьхьал леташ а. Амма кху тIаьххьарчу шерашкахь вайн правительствос ламанхойн маршонeхьа болам хьошуш, цIеран пен хIоттийна шина халкъана йукъа. Шина а aгIop бIe эзарнаш адамаш дайъина. МогIара ламанхой, оьрсийн ахархой. Ахь дIа лехча, шина а агIор наггахь доьзал а карор бац хьуна оцу тIамо да, кIант, майра, ваша вахьаза. И тIом а, вовшашна йина чевнаш а цу шина къоман бехкенна ца хилла. Олалла дечу классийн, церан Iедaлaн а бехк бу берриг а…

Амма, суна хетарехь, вайн идеях герз дина гIатта а, халкъаш а, адамаш а маршонeхьа къийсамна цхьаьнатоха, уьш хьалха, толаме дига ницкъ кхочур берг а йеккъа цхьа пролетарийн класс йу. ХIeтталц кхиамза хир йу, аьлла хета, вайн дуьхьалонаш.

– ХIета, ахь дийцарехь, Петр, тахана вай – социалисташа-народникаша а, ахархоша а – латто къийсам эрна бу-кх?

– Ас ца аьлла иза. Маршoнeхьа къийсам а, цуьнан дуьхьа лайнарг а эрна довр дац. ХIор а гIаттамо, хIор а революцис, шаьш эшахь а, лестaйo, кегйо олалла дечу классийн гIортораш, кeрлачу къийсамашна Iамош, кечдо халкъаш.

ГІеттина Овхьад, ши куьг тIехьа а диллина, чухула дIасаволавелира. Максимовс дийцинарг керла дацара цунна. Оцу тIехь ойланаш ша а йинера цо. Максимовна хуъучул ца хаахь а, Марксан, Герценан, Чернышевскийн белхаш а бешна цо. Амма цунна догдилла ца лаьара хIокху гIалахойн гIоьнах.

– Делаxь, xIокху къийсaмeхь цхьа дуьcy-кx тxo…

– Ца дуьсу. Россерчу йерриг губернешкахь маршонeхьа къийсаман цIераш йу хьалалеташ!

– Ас-м кху агIор, боху.

– XIун дийр ду ткъа, Овхьад, иштта нисделла исторически хьелаш. Кху некъехь тхан аьтто нислац шуна а, тxайна а ма-ттов гIо дан. Областан администрацис хьалхе йаьккхина. Грознe a, Hoxчийчоь а дуккха барамехь эскарш оьзна. Цхьана агIор – гIалин къехой чIогIачу тергамна кIел латтабо, вукху агIор – гIалахошна а, гIалгIазкхашна а йукъахь пропаганда лелайо нохчашна дуьхьал. Оцу пропагандехь йоккха меттиг дIалоцу туркошца болчу тIамо. Цо боккха Iаткъам бина оьрсийн бахархойн кхетамна. Цкъа-делахь, шина а пачхьалкхан агIoнгахьара бакъонца бац хIара. Шина а правительствон Iалашо мехкаш дIалецар, кхин халкъаш лолле дерзор йу. Амма, вукху агIoр, паччахьан правительствон Iалашо мел догцIена йацахь а, хIокху тIамо гIо дийр ду Балканера къаьмнаш туркойн феодалийн Iазапна кIелхьара маьршадаха а, царна шайн йозуш йоцу пачхьалкхаш кхолла а. И хууш лета вайн салтий доггах. Ткъа вукху агIор, изза тIом нохчашна дуьхьал керла козар йу Iедална. Нохчий туркошна гIоьнна гIевттина, церан хьадалчаш бу бохуш, эладита леладо. Цунах тешарш а, цатешарш а хуьлу. Амма цатешачарна а лаац нохчашкахьа гIо даккха. Кхузара муьлхха а гIаттам туркошна гIо хуьлий хаьа. ХIара паччахь а, цуьнан Iедал а мел къиза делахь а, цхьана дийнахь а кхузахь туркой хила лаац. Султанан Iедал кхул а къиза, кхечу динах, къечу къомах хилaрна. Килсо а до шен гIуллакх. Шен делах а, килсах а ваьккхина, ша кхечу дине верзорна а ма кхоьру муьжги. ТIe, оццу туркойн гIоьнца нохчаша шаьш ца дайъахь а, кху махкара шаьш дIадахарна а кхоьру. Ишттачу дуккха а бахьанаша сецор бу кхузара бахархой шух дIакхетарх.

Овхьада, шен метта охьа а хиъна, куьйгаш стоьла тIе дехкира.

– Шуна ма хаьа, Петр Данилович, тхуна тxaьшна тIехь цхьаннен олалла ца дезийла, – элира цо меллаша. – Тхо оьрсийн паччахьна, цуьнан Iедална дуьхьалдовлар оьрсийн халкъ цадезар, цуьнца мостагIалла хилар а ма дац. Даим санна, вайн йукъарчу маршонeхьа гIевттина тхо хIинца а.

– Тхуна и хууш ма ду, Овхьад.

– Шуна-м хаьа-кхий иза, Петр Данилович. И бакъдеpг хаа деза гIалахошна а, массо оьрсашна a. Тхуна хаьа Iедалхоша а, килсо а нохчашна дуьхьал лело акха пропаганда. Цунах тешна гIалахой гIалина гонах чIагIонаш йан боьлла. Со кхета, ахь дийцинчу бахьанашна гIалахойн аьтто бац, герз карахь гIевттина, тхан гIо лаца. Кху махкарчу оьрсийн бахархошка тхан халкъах бакъдерг дIакхетадейша. Дийцийша цаьрга тхоьгара къиза хьал, тхан a, церан а кхоллам а, сатийсамаш а, Iалашонаш а цхьаъ хилар. Нагахь гIала дIалаца тхан аьтто нислахь а, царна цхьа а тайпа кхерам цахилaрaх кхетабейша уьш. Тхо оьрсийн халкъана дуьхьал ца гIевттина, ткъа паччахьан Iедална дуьхьал гIевттина, оха машаречу бахархошца, зударшца, берашца, къеначаьрца ца бо тIом, ткъа паччахьан эскаршца бо.

ХIокху къоначу стаге а хьоьжуш, ойла йора ac: дависа, хIара санна, дешна, кхетам болуш масех бIe стаг велара оцу маршо йезачу къонахчу халкъан. ТIаккха ма гатте хир йара кхузахь паччахьан хьадалчашна!

– Ас йуха а боху шуьга, – дуьйцура Овхьада, – тхуна политически а, моральни а гIо дан ницкъ a, aьтто а бу шун. Бахархоша гIалина гонах йен чІaгIонаш совцор карательша Нохчийчохь дечу къизачу таIзаршна йоккха дуьхьало хир йара. Шуна ма хаьа, хьалха тIом болуш эзарнаш оьрсийн салтий а, эпсарш а цхьаьна нохчашкахьа бийлар. Хаьа, цхьа а тайпа шалхо йоцуш, уьш майра тхан маршонeхьа летар а, эгар а. Хаьа, нохчаша уьш мел чIогIа лорура а. Шена дина дика ца дицлучу тхан халкъо, ша дуьненахь мел ду, шeн дaг чохь ларбийр бу оьрсийн халкъан и сийлахь кIентий. ХIара тхан гIаттам болабеллачу йуьххьехь Герзель-гIопера кхоъ оьрсийн салти ведда тхан агIор. Цхьаъ вийна, шолгIаниг лаьцна, кхоалгIачун аьтто баьлла тхох схьакхета. ХIинца гIовттамхойн цхьана отряда тIехь куьйгалла деш ву иза. Майра, хьуьнаре командир! Оцу масало гойту таханлерчу оьрсийн салташна йукъахь дуккха а тxox доглозурш хилар. Салташка а хаийтийша, оха латто къийсам вайн йукъарчу маршонан дуьхьа, вайн йукъарчу Iазапдаллорхочунна дуьхьал хилар, тхайгахьа бевлларш оха, тхешан нанас бина вежарий, бIaьхаллин вeжaрий санна, беза тIеоьцург хилар.

Максимовн хьекъалечу дуьхьалоно сацийнера а хаац, йа Овхьадан довхачу къамело йийсаре лаьцнера а хаац, амма, мухха делахь а, цIий сиха сан доттaгI Евгений Иванович а леррина ладоьгIуш Iара.

– Дика ду, Овхьад, – элира Максимовс. – Тхешан ницкъ кхочург, тхешан аьтто берг дерриг а оха дийр ду, ала имаме.

– TIаьххьара а цхьа масех дош ала пурба лойша суна, – Овхьадна тIевирзира Евгений Иванович. – Леррина дIа ойла йича, баккъал а Iаламат халачу, чолхечу хьелашка нисделла тхо. Ахь боху, бахархошка гIалина гуонах чIагIонаш йар сацадайта. Дика ду. Амма, гIала дIалаьцча, имам а, цуьнан гIоьнчий а шайн дaшaх бухур бац, гIовттамхоша наx бойъур бац, талораш а дийр дац аьлла, тIе хьан лоцу? Хьо цивилизованни стаг а, тхан воккха доттaгI а ву, Овхьад. Хьох теша тхо, амма бисинчех теша хала ду-кх…

Къона нохчо курра бIaьра хьаьжира сан доттагІчунна. Дош алар совнаха хилар гойтура оцу хьажаро. Иза ша а дара тешаман закъалт.

– Хьомсара Евгений Иванович, – вистхилира изa пaргIатчу озехь. – Имамо Iaьлбаг-Хьаьжас дешна дац университеташкахь. Суна хетарехь, цунна, уьш хIун йу а хаац. Амма, шен ткъe йалх шо бен дацахь а, европейски академикашна хIун йу а ца хуу, шабашха масех университет чекхйаьккхина цо. Дуккха а баланаш Iийшина цо, Нохчийчоьнний, Макканий йуккъехь деxаш долчу халкъашкара къиза Іазап, царна тIехь латто харцо, цара маршоне сатийсар гина цунна. Имамо Iаьлбаг-Хьаьжас университетехь дешна дац, иза дипломат вац, амма цуьнан дош лакхара а, чIогIа а хир ду муьлххачу а паччахьан, дипломатан дашал. Нагахь тхан наха, хIокху гIалахь-м хьовха, муьлххачу мeттeхь а машаречу адамна зулам дахь, шуьга кхиэл йайта, сайн лаамехь шуна тIевогIур ву-кх со.

ПаргIат, амма цхьа а тайпа хьийзораш доцуш къоначу нохчочо аьллачо шеквала меттиг ца буьтура имамой, цой шайн дешнаш кхочушдийриг хиларх. Суна чIогIа лаьара цунний, хIокху сан доттагIашний гIо дан. Амма ас хьалххе сацам бинера, гIаланашкахь ца соцуш, даим дIа Нохчийчохь, гIаттамна гергахь, хила.

XV корта. ХАЛА КИРТИГ

Baьш йуха хьешийта лаьттахь

Болий вай йуха а гIаттам?

ХIан-хIа! Сан доттагIий, харжа –

Толам йа къийсамехь Іожал!

Ш. Петефи. Эшаман эхь

1

Лоха тхов, кегий кораш долчу Iеламханан цIенойн хьешан цIа чохь поппаран маьнги тIе а, цIенкъа а тийсинчу кузашний, истaнгашний тIехь, морзах бохуш, когаш чуччубоьхкина а, настарш тIе хевшина а, луьстта тарвелла Iара ткъех стаг. Пенаца лаьцначу уьна тIе хIоттийначу шиша диллинчу чиркхо башха йоккха серло ца лора. Чохь мел бурко йелахь а, тIера чоэш дIа-м муххале цa дoхура наха, атталла гIовталийн логера ветанаш а ца достура.

14В. И. Немирович-Данченко. Вдоль Чечни. «Русские ведомости», 1888 г., январь-февраль, № 27–28.
15Н. А. Добролюбов. О значении наших последних подвигов на Кавказе. Журнал «Современник», 1859 г. № 11. Н. Добролюбов. Собрание сочинений. М., 1962 г., т. 5, стр. 430.
1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28  29  30  31  32  33  34  35  36  37  38  39  40  41  42  43 
Рейтинг@Mail.ru