bannerbannerbanner
полная версияЛаьмнаша ца дицдо

Магомет Абуевич Сулаев
Лаьмнаша ца дицдо

Полная версия

Керим къаьрзинчу бIаьргашца Бакаран бIаьргаш чу хьаьжира: «Ткъа хьо, мукъна, хIун деш вара хIетахь?» – бохург дийшира Бакара цуьнан бIаьргаш чохь.

– Бакъду, со хIетахь барт хоьттучийн могIарехь а вацара. Сан и аьтто хилла. Со арабевлла лела бандиташ-обаргаш схьалецар тIедиллинчу бIон коьртехь вара… – Дела гуш ву-кх, – Бакара хьалатесира шен мажделла оза ши куьг. – ХIapa ши куьг, кху зудчун а кхардан дог доцуш, цкъа а бехдина ма дац ас йа лаьцначунна тоьхна а, йа цхьаьнггара а кхаъ баьккхина а…

– Цундела Iуьллу-кх, гуьйриг санна, йа даьхни а, йа ков-керт а, йа дIадиллина ахча а доцуш, – йукъаIоьттира Хьулимата.

– Сацахьа!.. – куьг ластийра цунна, кIеда вела а къежна, Бакара, – «цундела» суна йелла шортта пачхьалкхан йаккхийра орденш йу… Тоьур ма ду иза а.

– Тоьур ду… – Iад ца Iapa Хьулимат. – ЖIаьлийн кочахь кхозийла и хьан орденш… Чуваше муха хьажийра хьо?.. Хьайл дуккха а лахарчу комендантан гIоьнча а вина, муха латтийра?.. Цигара а, хорма охьа а йуьллуьйтуш, муха лаьллира?.. Цхьа а кхин бахьана а доцуш – нохчо хиларна!.. Хьан… орденш!.. – ца соцура Хьулимат.

– Дийца витахьа, xIaй зуда, – хIинца баккъал тIечевхира Бакар зудчунна. Хьулимат сецира. Керимна а лаьара иза IадIойла. Цо хаьттира Бакаре:

– ТIаккха хьо муха висира хIетахь… айхьа нах ца бойуш а… йа хьуо ца вуьйш а?..

– Нах-м байина а хир бу аса а тIом бечохь: ас ма элира хьоь, со бандиташ схьалецар тIехь долчу бIон коьртехь вара. Вовшашна кхийсарш нисйеллачохь схьавуьйш а, дIавуьйш а хуьлура. Амма бандит лаьцна ваьллачул тIаьхьа цкъа а ас цунна йа тоьхна а, йа законехь ца богIу кхин тайпа ницкъ а бина бац. Амма хIетахь суо ца вуьйш висарх тахана тамаш-м бо аса. Кхуьнан кхарда дог дац-кха хьуна, – алийтал цуьнга шега а – тхешан аппарате суо балха дIавоьдуш а, кхеран цкъа Iодика а йина бен араваьлла вац-кх со цкъа а! – элира Бакара.

– Бакъ-м, дера, ду! – тIечIагIдира Хьулимата. – Чухула духу коч-хечий хуьйций, тIе, портфел чу сухарш а, чухуларчу бедаран кхин цхьа чкъор а дуьллий бен, ара-м, дера, ца волура…

– ХIетахь муха дара аьлча, – Хьулимате и сацош куьг а ластийна, дуьйцура кхин дIа а Бакара, – Iуьйранна хьаькам вара – сарале «халкъан мостагI» хуьлура. Ас лецначу бандитийн гергарчарех цхьана-шинна дагадеънехьара со шайгахь цхьана дийнахь хьошалгIахь хилла бохург йаздан – билггал лаьцна хир вара-кха со а… Суо муха висна а ца хаьа суна!.. Бакъду, цхьанна а айса вас а йина мостагI вацара сан… Цу тIехь цатам хилира сан невцана… Сурупин Анатолина. Цо чубохкийтинчу Зебилин дас а, кхечара а цхьацца йаздина хиллера цунна. Иза чу а воьллина, таллам беш, кхин а гучудевлира Анатолийс бинчу талламца тоьпаш тоьхначу иттех сов стагна цо чекхдахаза дисина протоколаш а… ХIетахь лелориг ша йерг а мел йоккха беззаконие йелахь а, протоколаш чекхдаьхна хила дезара. Анатолий, цкъа бехха таллам а бина, «особко» кхел а йина, тIаьхьо, тоьпаш а тоьхна, вийра… Тоьпаш-м хIетахь денна а йеттара…

– И муха хуьлура?..

Бакара, жимма са а даьIна, дийцира:

– Хьалха, 1935-чу а, 1936-чу а шерашкахь, тоьпаш тоха кхиэл хилларш, иштта дукха ца хуьлучу хенахь, уьш буса, цхьана хьуьн чу а буьгий, цигахь чекхбохура… Ткъа 1937-чу а, 1938-чу а шерашкахь уьш тIех дукха хуьлура. Цундела, уьш гена ца буьгуш, дукха хьолахь эцца гIалина кIел, Соьлжа йистехь йолчу – «Тыртово роща» олурий-те цунах? – хьуьн чу а буьгий, цигахь дIабохура. ТIехволучунна герз долу хазахь а, олий, цкъа хьалха хабар даржадора цига йуххерчу гIалгIазкхийн станицехула цу хьуьн чохь эскархой бу Iамош, герга ма гIерта, олий… Со цкъа а ца хилла тоьпаш тухучаьрца дакъалоцуш. Амма сан а дийзира цкъа и гIуллакх ган. Суна цкъа тIедиллира, лам чохь лецна бандиташ шина грузовикахь цига охьакхачабар. Уьш, охьа а кхачийна, бухахь тхоьга хьоьжуш Iачу коменданте Алейсенкога кара дIабелира ас – спискаца. Массо а вара тIехьа куьйгаш дIа а дихкина…

– Барий уьш баккъал а бандиташ, мукъна? – хаьттира Керима.

– Наггахь верг-м хила а тарлора, амма дукхахберш цхьа пекъарш бара-кх… Шаьш мича буьгу а, стенна буьгу а ца хууш… «Бандиташца уьйраш йуй, уьш болу меттигаш схьа ца йуьйций» бохуш, лецна… «налоган» терахь кхочушдеш…

– ТIаккха?..

– Бухахь, бай тIе маларш а, даарш а хIиттийна, шайн кад а молуш, Iаш бара Алейсенкоца болу НКВД-н хормехь кегийрхой а. Цара и мисканаш дIахIиттийра могIарехь дитташна хьалха… Шаьш а могIарехь дIахIиттира царна дуьхьал. Алейсенкос, шена йуххехь лаьтташ кхин шиъ НКВД-н эпсар а волуш, буьйр кхайкхийра: «Советан мостагIашна йина тоьпаш туху кхиэл кхочушъе!»

Мисканашна тIеетта йолийра тоьпаш… тапчанаш… Бийла а буьйлуш… Вовшашка забаре дешнаш а кхуьйсуш, тIейеттара… Цхьацца-шишша шаьш болчохь охьаоьгура пекъарш… Цхьаболчара Деле кхойкхура: «Йо, АллахI, Хьо гуш ву-кх!.. ХIун ду-те xlapa?»… Цхьа къона ламанхо, жима стаг, диттах а тевжина – хIинца а иза йуьхь-дуьхьал лаьтта суна, – вега а веш, воьлхура, нисса схьа тIе а хьоьжуш. Суна йуххехь маузер а карахь лаьттачу, вайнахах волчу, НКВД-чо, воьлуш, мохь туьйхира цуьнга:

– Хьо-х нохчо ву!.. Эхь а ца хетий хьуна велха!.. – аьлла, цо шозлагIа, хьалхачул нийса хьажош, тоьхначу маузеро охьавиллира иза а ша волччохь…

Ойлане вахара Бакар, Керим a Iapa гIорийна.

– Гой хьуна, – юха а дийца волавелира Бакар. – Цул хьалха а вацара со сайн балхах Iехавелла лелаш, амма эццигахь дуьйна дог делира сан сайн балхах а… сайх а!.. Хьалха сайна гергахь аса хIиттийна цхьацца бехказлонаш эццигахь сан дIайайра: суна гира – со а оцу боьхачу гIуллакхан декъашхо хилар… Байинарш, хьалххехь кечдинчу оьрнашна чу а кхийсина, тIе латта а хьаькхна, къайлабаьхначул тIаьхьа, НКВД-хой йуха а бай тIе охьахевшира дисина малар чекхдаккха. Бийла а буьйлуш, забарш а йеш, дIамуьйлура. Соьга а кад кховдийра, суна йуххе нисвеллачу, маузер карахь хиллачо.

– Баркалла!.. Молуш вац! – элира ас.

– Делахь, суна бехк ма биллалахь, – аьлла, соьца гIиллакх лоцуш, букъ а берзийна, цо дIамелира шен кад.

Ас ойла йора: «Ца хаало-те цунна хIинцца шегара даьллачуьнан къаьхьалла а, цул тIаьхьа ша мел лелочун гIиллакхан бухбацар а»… Цигара гIала вухавогIуш, айса-сайга барт хоьттуш веара, со цIа кхаччалц: «Дика ду: ахь ца вийра цхьа а… Ахь ца йалийтира маузер а… Амма и цхьаъ, мукъна, и вилхина жима стаг, «ма вехьара аш и аьлла, кIелхьараваккха хIунда ца хьаьжира хьо?» – хоьттура ас сайга… «Хьо а ву, уьш санна, нахбайархо!» – элира сан даго. Амма: «Ахь и аьллехь а – и вийна хир вара… Хьо балхара дIа а воккхур вара», – бохура вукху ойлано. «Делахь-хIета, хьоьгахь герз а дара, – ахь и маузер карахь йерг а, Алейсенко а, цуьнца хилла важа ши эпсар а, тоьхна охьа хIунда ца виллира циггахь, цул тIаьхьа, кIелхьарволийла дацахь, айхьа хьайна а тоьхна, вала йиш а йара хьан-х?» – бохура сан даго. «Стаг вац хьо!.. Коммунист а вац хьо!»… – тIечIагIдора ойлано.

Бакъду, ас и динехь а, тIаккха а гIуллакх ца хуьлура: ас сайна тоьхначул тIаьхьа а и нах, ца кхоош, байина а хир бара, цу тIе, иштта велла волу со а кхин тIе а бехвеш, суна тIехула, сан гергарнаш а, соьца уьйр мел хилларш а, хьийзор бара, хIаллак а бийр бара, гIенах а гина доцу цхьа боьха гIуллакх тIе а кхоьллина. Оцу буса наб ца йира аса, Iуьйранна а йуучух ца кхийтира: доллучу хIуманах а – йуучух а, дахарх а, сайх а, доьзалх а – чам байнера. Iуьйранна балха веанчул тIаьхьа а вехха Iийра кабинета чохь ойла йеш, и дерриге Сталине хьалайазде-те бохуш. Амма, нахана а хуург, суна а дика хаьара: и дерриге а лакхара охьадогIуш дуйла а, и тайпа кехат, Сталине кхачале, Ежовн каракхочур дуйла а, цул тIаьхьа суо тIепаза войур вуйла а. ТIаьххьара а диснарг цхьаъ дара: кхин хIумма а ца деш, сайн цIа а веъна, доьзале цхьа доцца кехатан цуьрг а йазйина, айса-сайна а тоьхна, кхин дIа бех ца луш, йуккъера дIавалар… Чекисташна йуккъехь иштта динарш а бара хIетахь! Амма соьга иза а ца даделира: доьзалх а къахийтира… ХIун хаьа, кестта дерриг а диканехьа хийцалой – бохург а, дагадеара… Иштта айса-сайна ца тухуш а висира. И бехк-м… бу сан! ХIетахь дуьйна, со вехаш велахь а, суо стаг а ца хета суна, йа коммунист а ца хета сайн даг чохь!..

Йуьхь цIийелира Бакаран:

– Со а лай ву-кх вайн махкахь, вай массо а санна, – ойлане соцунгIа хилира. – Эххар а, бакъ ма ду хьуна, – йуха а волавелира Бакар, – аса сатийсинарг хила доллу моттуьйтуш, хаам кхечира: Ежов лаьцна, законехь доцурш леладарна!.. Цул тIаьхьа, кестта лаххьийна чу а боьхкина, байира, хьуна, кхузахь а и беззакони мел лелийнарш: Алейсенко а, и санна хилла кхиболу НКВД-н белхахой а, иштта дуккха а. Доккха са даьккхира аса а, кхечара а… Амма тхуна моьттинарш бакъ ца хиллера. Ежовн метта хIоттийначу Берияс а изза план йуха дIайолийра. Бехк боцурш чубухкура, бойура – тохара санна, амма тIехулара йолу законан хорма кхочушйар хьалхачул мелла а луьро хоттура: протокол, дуьззина хIоттош, чекхдаьккхина хила дезара; лаьцначо, шен бехкана мукIарло деш, кIел куьг таIадар массо хIуманал а деза лорура. Амма иза цуьнга таIадойту гIирс хIинца а тохаралерраниг бара… Бакъду, хIинца лаьцначунна йеттар Iорадалахь, талламхошна а балха тIехь таIзар хуьлура: цундела царна а хIинца Iеминера, буха моьнаш а ца дуьтуш, йетта. Ткъа лаьцнарг, шен бехкана мукIарло деш, протоколана куьг а таIош, къарвелла ваьллехь, цунна вен кхиэл йан атта хуьлура. Къар а ца луш, мел ницкъ барх а, мукIарло ца деш, чекхваьллачунна дукха хьолахь, вен кхел ца йеш, хан тухура, и ара ца валийта.

– Ткъа хуьлурий ишттанаш? – хаьттира Керима, шена камерехь бина ницкъ дагабеъна.

– Наггахь хуьлура-кх! Цигахь бен ницкъ мел хала белахь а… Масала, хIетахь лаьцна вара Республикин къона прокурор а, нохчийн йаздархо а волу Мамакаев Мохьмад… Барт хатта ша кхин цкъа а чувигначохь цо талламхочунна йуьхьа тIе, стоьл тIера схьаэцна, шекъачудуттург тоьхнера… ша цуьнга эццигахь, тапча а тоьхна, вейта дагахь, дуьненах а догдаьлла, кхин дIа и ницкъ лан кIорда а дина. Амма и ца вийра: когаш а, куьйгаш а дихкина, карцер чу а кхоьссина, кхин цкъа а йиттинера, церг а йоккхуш, аьтту куьг а лазош, цхьа пIенда а бош. Мамакаевс, вукху дийнахь ша меттавеъча, талламче аьллера: дIайазде ас хIинца массо хIуманна а даре до хьуна!

 

– Тоххарехь дан дезара… Тхо а, хьуо а кху тайпана холчу а ца хIиттош, – аьлла, эццахь самукъадаьллачу, йалх класс бен чекхйаьккхина а воцчу талламчо, кху гIуллакхах шена хьаькамашкара хин болчу хастамах воккхавеш, хаза а хеташ, хецца дIайаздира шена йаздархочо – тIе, прокуроро! – мел до и тамаше мукIарлонаш:

«ХIаъ, 1933-чу шарахь дуьйна а со член ву Нохч-ГIалгIайн республикехь подпольни болх бечу буржуазин -националистически тобанехь. Цо тIе а диллина, аса эккхийтира 1934-чу шарахь Шара-Аргунера ГЭС a, Гуьмсера йогIу тIемалой тIехь болу цIерпошт а… Со оцу организацина 1933-чу шарахь Тифлисехь шен хIусамехь йукъаоьзнарг вара гуьржийн троцкист Шота Руставели, цуьнца цхьаьна оцу чохь вара Бакохара мусаватист Сабир а, Мирза Фетх-Али Ахундов а»… Талламхочо, дукха чIогIа хазахеташ, дIайаздора Мамакаевс мел бохург: цуьнан организацин, дистина догIу хи санна, шорлуш йогIура… И дара цунна оьшург, ткъа иза историца цанисдалар а, йа ур-атталла, лаьцначуьнан хенаца цадагIар а талламчин тидам боцуш диснера. Мамакаевна-м сихха ша воьйла лиъначух тера дара, кхиберш бех а ца беш…

Лазийначу куьйга Мамакаевга халла куьг а таIадайтина, талламчо протокол лакхарчарна тIе дIадаьхьира, Мамакаев, цо даре дарна совгIат деш, дикачу камере а ваьккхира, кIеда мотт а белла, шортта йуург-мерг а хьалха хIоттийна. Мамакаевна дика хаьара шен «йалсамане» дукха йахлур йоцийла… Эххар а, ши де даьлча, сенвелла талламча чувелира, уллохь ши кано а волуш:

– Куьйгаш а дехкий, йуха дIавига карцере!..

– Шайна лаахь со ве! Амма ас хIинца кхин хIуманна а даре дийр дац шуна! – аьлла, дIахадийнера Мамакаевс.

Мамакаев тIаккха, йоккха хан а тоьхна, ца вуьйш висира… Ткъа xIeтахь даре дина сан нуц Анатолий Сурупин вийра!

– И муха хилира?

– Анатолийс а, даре ца деш, дикка хан йаьккхира, амма цуьнгахула байинчу нехан цо йаздаза, чекхдахаза бухадисина дуккха а протоколаш гучудевлча, ца къарвелча ца волура иза. Кху папки йуккъера кехаташ, суьрташ ду цо соьга, ша виэн вуьгуш, къайлаха схьаделла…

– Муха?

– Гой хьуна… Дехо-м ду и дийца!.

– Дийцахьа!.. Вайша паргIат ма ву, – дийхира Керима.

– Гой хьуна, вен кхел хилла волу стаг чалтачо вуьйчохь кхоъ пачхьалкхан белхахо хила везаш ду: прокуроррий, НКВД-н дежурни эпсар, йа коменданттий, лоррий. 1938-чу шарахь а НКВД-хь нах байар, 1937-чу шаре ца кхачахь а, дукха хуьлура: иттанашца, ткъаткъаннашца xIop кIиранах, йа баттахь. Цундела уьш, хьалха санна, хьуьн чу а ца кхуьйлуш, оцу НКВД-н гIишло чохь бойура – дийнан делккъехь, белхан заманахь, билгал динначу цхьана дийнахь. И де тхан цигахь, хьан-хьанна а хууш доцуш, тхайллахь «прокуроран де» ( «прокурорский день») олуш дара. Оцу дийнахь баттахь цкъа прокурор набахте ван декхарехь ву цу чохь Iедалан белхахоша закон нийса лардо, йа ца лардо хьажа а, лецначийн аьрзнашка ладогIа а. Амма вайн цигара прокурор цу дийнахь нах бойуш хьажа вогIура НКВД-н гIишло чу.

– УьйтIахь бойура уьш?

– XIaн-xIa! НКВД-н гIишло чохь, шозлагIчу этажа тIехь… 32-чу цIа чохь… Бодане уче йуззий, неIарехь лаьтташ хуьлура, йуххехь каной а болуш, шайна воьн кхел йинийла а ца хууш болу, шаьш хIунда лецна а ца хуу нах, прокурор вогIу бохуш, цунна тIекхача дагахь, цуьнга шайн арз дан кечбелла. ЦIе йоккхий, чувуьгура. Стоьлана йуххехь ирахь лаьттачу НКВД-н эпсаро, циггахь кресли тIехь Iачу прокурорна хьалха тоттура папка. Чувалийнарг дIахIоттавора леррина йинчу гIопастана тIехьа.

Прокуроро, кехаташ тIе а хьоьжуш, хоттура цуьнга: цIе, фамили, вина шо, мичара мила ву… Анкетан хаамаш… Ша хиттина ваьлча, прокуроро цуьнга сов сиха дIакхайкхадора цунна вен кхиэл йина хилар, тIаккха стоьлана кIел кнопка таIайора иштта сиха… Лаьцнаверг бухавоьдура. И буха кхоччушехь, подвалехь герз долура, кхин цхьанна а и хаза йиш а йоцуш. НКВД-рчу лоьро, акта кIел куьг а таIош, чIагIдора и тоьпаш тохарна велла хилар. Цул тIаьхьа буса, чу хи а хоьций цIанйора подвал. ЦIийша дуьзна хиш биргIанаш чухула Соьлжи чу хоьцура… Декъий кхано дIадухкура оццу кертахь… Уьш шортта дохку-кх, хьуна, цигахь хIинца а, Чеховн парк йолчу майданахь!

– Маржа-йаI! Ма ца оьшуш хIума йу-кх кху дуьнен чохь адам! – йуха а эккхийтира Керима маццаха ша аьлларг.

– Учахь неIарехь рогIехь лаьттарш шек ца бовлийта, чувигинчех цхьаццаверг вукху неIарехула йуха араволуш а гойтура. Цхьана ишттачу дийнахь со вара сихха оцу учи чухула воьдуш. Цу неIарехь лаьттачарна йуккъера сихха суна тIехилира цхьа тишвелла, беркъа, йуьхь а йистина, лаьцна верг. Суна ца вевзира иза. Цо нохчийн маттахь соьга шабарца сиха элира:

– Со Анатолий ву… Людмиле дIалохьа хIорш… Со 32-чу цIа чу вигнийла а хаийта…

Йуха сиха шен метте дIахIоьттира иза. Йовлакхан йуккъехь цо соьга хIетахь схьакховдийнарш цуьнга ихна Людмилин кехаташ а, берийн суьрташ а хиллера, даима цо шеца лелош… Иза хIинца вац кху дуьнен чохь… Амма сан декхар ду, иза мел ледара нуц хиллехь а, валале стага дина весет кхочушдар. ХIинццалц и кхочушдан аьтто ца болуш, айса уьш Людмилин кара дIакхачо дагахь, лелла со… Эрна… дуьне гездеш… ХIинца ас доьху хьоьга и кхочушдар… Хьо кестта цIа кхочур ву… Хьуна кестта гур бу Нана-даймохк… ЦIахь валлал ирс сан ца хили… Со хьакъ а вац… Со хьакъ а вац… – дош а ца алалуш аз хедалора Бакаран, – вайн Даймахкахь дIаволла… Можа бIаьргнегIарш охьадахара, кемсан буьрттигал даккхий, сирла тIадамаш охьахьаьвдира можачу чукхеттачу беснешна тIехула.

ЦIЕХЬА!..

Бутт а балале деара Тавсолтега Керимера кехат: Эскиной дIа а кхечи, шех Райисполкоман председателан заместитель а вина, шун цIенойн гIайгIа беш а ву, кхузахь дика ду, цIа дуьйла бохуш. Бакаран кост ша кхочуш дина а бахара, цуьнга маршалла а лора.

– Миска йаI – Бакар: ша цIа а ца кхечи и, тIе цIеран маршалла а ца кхечи цуьнга! – элира Селитас: цхьа кIира хьалха Бакар дIавоьллинера…

ЦIехьа сахьийзар кхин а алсамделира Тавсолтин а, цуьнан шина йоьIан а. Джейрана кест-кеста чувалавора иза, дувалах а тевжий, малхбузехьа хьоьжучуьра. Джейранна нохчийн мотт Iамош вара Тавсолта, сихвелла, амма нохчийн дешнаш хала Iемара:

«Балкхаройн, кхарачойн мотт атта ма бара… шуьнчо-м… мотт кагбийр бу», – олура Джейрана.

1958-чу шеран июнехь пропуск каракхечира. ХIинца уьш кхузахь сецош хIума дацара. Амма башха атта а ца хетара, шаьш дехха къахьегначу, шайн дахарх цхьа дакъа дIадаьхьинчу, кху йуьртах а, кхузарчу дог дикачу адамех а довла. Селитина цкъа а ца дицлора: цкъа кхеран луларчу дов даьллачу шина казахах бехке волу жимахниг кхана Iуьйранна вукхуьнан кетIахь лаьттара, и араваларе хьоьжуш, коьртара баьккхина куй лаьтта охьа а биллина – и шена къинтIера ваккха. Де доло а, йуучух кхета а бакъо йацара церан, адаман бехк шена тIехь а болуш. Йурт а тохарчул дикка къегинера: цуьнца кхеран а дакъа дара.

XIopш кхуза балийнчу шарахь хиллачух тера а дацара кху йуьртан таханлера сибат. Керла клуб а, детсад а йинера. Кхеран урамехула доьду арык, шордина, цуьнан шина a aгIop моггIapa хьаладаханера кхара дийгIина таьллаш. Тохара электросерло Казах-куьле а, Абайн совхозе а, кхуза а, кхечу луларчу колхозера йалош хиллехь, хIинца Казах-куьлехь хIоттийначу йоккхачу электростанцера, хазачу аьчган бIогIамийн белшаш тIехула догIучу нуьцкъалчу телашца кхочура и кху йуьрта а, массо гондIарчу колхозашка а. ХIетахь жагIа бухкуш бина хилла Абайн совхозе боьду некъ а, хIинца, коьртачу трассах дIакхетталц асфальт йуьллуш, шорбинера.

Тохара хIорш охьабиссийнчу жимачу станцера дуьйна схьадалийна аьчган некъан га а даьхьнера лурчах Джамбулехула Абайн совхозе кхаччалц: цигахь хIинца свеклаш а йоьра, тIе шекардоккху керла йоккха завод а йиллинера. ЦIерпоштан станци а йуьртана герга оьзнера. Ца йовззал хийцайеллера, къаьсттина тIаьххьарчу кху деа-пхеа шарахь, кхузара меттигаш а, йарташ а. Делахь а шаьш бинчу махке болу безам нуьцкъала бара.

Хала садеттара хIинца йижарша а: Баш-лаьмнаш, Яьсса, Эскиной… школа… Дада-бIар… Анна Львовна! – уьш дерриг, йух-йуха дуьхьалтуьйсура царна. «Анна Львовна! Йуй-техьа и хIинца? ХIун хилла-техьа цунах?».

ХIокхара 1947-чу шарахь дахьийтинчу кехатана жоп деара цуьнгара цкъа: майра а лаьцна, марда а велла, цхьа йисина ша бохуш. Цул тIаьхьа дахьийтинарг жоп доцуш дисира. «Кхоьру хир йу-кх иза а… бехк бац», – аьлла, xIapa шиъ а сецира, кхин ца йаздеш. ХIетте а, хIинца чIогIа дагаоьхура шайн хьоме хьехархо. Тавсолтина-м цкъа а ца хетара Эскинойхь доцург вахар а. ТIаьхьарчу деношкахь йух-йуха гора цунна гIенах, ша цIа а кхаьчна, Эскинойхь лелаш, амма самаваьлча, дIаса а хьожий, доккха садоккхура: Джейранна ца лаьара, шен йурт, гергарниш а битина, «генарчу махка» дIайан.

– ХIун вон ду шуна кхузахь? ПаргIатдаьхна… Дахар а шайн таделлачу хенахь дIа хIунда доьлху?.. Шух цхьаберш хIинца бухарчу тхол а дика беха… Лаахь… кхин ца тарлахь, ши йоI дIа а йахийтий… хьуо кхузахь сацахьа. Хьайн цIахь! – бохура Джейрана майрачуьнга.

Тавсолтас корта лестабора:

– Джейран! Дика дац зудчо, шен майрачо бохург а ца деш, шениг дийцар!

XIopа сарахь лоькхура Нурседас Джейранан лерехь Кавказан исбаьхьаллех эшарш… ТIаьххьара а цIенош а доьхкира… вуно дорах, амма Тавсолта реза вара оцунна а… Джейран тIетахьара…

– Дика ду, реза ца хилахь, йухайогIур хьо… Нуьцкъала хьо цигахь хьан сецор йу? Цкъа дIа, мукъна, йолахьа… Цкъачунна, хьажахIотта, – дийхира Тавсолтас.

Джейранан корта жимма aгIop бахара, ойла йеш, цуьнан Iаьржа бIаьргаш раз севцира. Эххар а:

– Дика ду, мегар ду! – йелакъежира и…

ТавсолтагIар новкъа баха станце дукха адам деара. Кхеран а, Джейранан а гергарнаш, бевзарш: Довлетжанов, Луценко, Кульджан, Айгерим шен майрачуьнца, лулахой…

Августан йуьххьерчех суьйре йекхна а, мела а йара. Довлетжановс, тIе а вахана, Тавсолтин куьг а лаьцна, казахийн маттахь элира:

– Шу деза тхуна. Эша а оьшу. Шу Iийнехь, хаза дара. Делахь а, дахаза Iаш дац шу. ХIун дийр ду… тхуна бехк ма билла!

– Баркалла! Баркалла! – корта лестабора Тавсолтас.

– Шух муьлхха а вухавагIахь, оха везаш тIеоьцур ву. ХIинца шу бухадисча а, тIаьхьа ца хетара. Вай мерза даьхкира… Кхузахь шуна а вон дацара, – тIетуьйхира Луценкос а.

– Баркалла… Иза а бакъ ду… шун мохк а, халкъ а вай цхьаьна йаьккхина хан а йицлур йац! Бакъду и, дахарна а кхузахь аьхна дара… Амма, хIокху кийрана хьаам хилац-кх ша кхоьллинчу лаьмнашкахь бен! Тхан цIехьа керчина ойла сацалур йац, Кавказан тархех дIакхетталц! Шуна баркалла! Вон доцуш дика а дац, дика доцуш вон а дац: шу тхуна девзина дика ду. Дуьйла шу а тхо долчу хьошалгIа! Оха гойтур ду шуна тхаьшна шу мел деза! – элира Тавсолтас, «тхо» боху дош олуш, шена йуххерчу Джейране а хьожуш.

Генарчу махка, гуш доцчу ирсана дуьхьал йаха хIинца сацийна йаьлла Джейран а лаьттара эсала йелакъежаш.

ЦIерпошт схьакхечира. Веъна, схьахIоьттира, хьуьхь а воьлла, тIаьхьависина Аскеров Джатыбай. ЦIийвелла, сихлуш, толкха а лелхаш, Тавсолтин куьг а лаьцна, шайн маттахь бохура цо, гонах а хьоьжуш:

– Тавсолта-агIа, Селита-куль, Нурседа-джан! Шу схьакхалхийнчу дийнахь аш дуьххьара станцера кхуза беъна къаьхьа некъ дагабогIу суна. Ирча де дара и. Сан гуьнахь а доцуш, и соьгахула хилира. Цул тIаьхьа а хIокху Нурседа-джанна цхьацца вас йелира соьгара. Бехке ву со… со чIогIа тешнера сайга шух лаьцна дийцинчух. И харц хиллера. Бакъдерг тIаьхьо хиира… ХIетте а бехке ву со. Амма, цхьабакъду, декхарийлахь-м xIapa а ца йисира, – Нурседига хьаьжира иза.– Делахь а, къинтIерадовла!

Тавсолтас маракъевлира иза:

– И-м хIума дацара! Масане эккха дахарехь… XIapa а Iаь хир йацара, цхьа йиш-маIаш йоцуш… Хьо а вала тхуна къинтIера, тхоьгара хиллачу цатамана!

Селитин бIаьргаш лешира. Нурседас, йела а къежаш, дена хьалхха куьг кховдийра Аскеровга.

– Молодец! Молодец! – бохура Аскеровс, цуьнан куьг а дегош.

ТавсолтагIар вагона тIе бевлира. ЦIерпошт, и аре йекош, хIокхеран а цIарах ша кху мехкан Iодика йечуха тера, цIогIа тоьхна, йолайелира. Вагонан корах ара а хьаьжна, Тавсолта велакъежира. Цуьнан даим буьрсачу йуьхьа тIехь и велакъажар, берийнчух тера, сирла къегара.

– Кхуьнан цIогIа а хIинца хаза ду!.. Марша Iолда, Iодика хуьлда шун! – цIеххьана, шен коьртара схьабаьккхина куй ластийра цо. Массарна а тамаше хийтира чо а божаза, амма, киса санна, кIайбелла цуьнан горга корта дуьххьара, шайна берзина байча…

ЦIерпошт дIайахара, хIаваэхула, чIабанах тера йухатесна, бехха Iаьржа кIур а текхош. Малх чубуьзира. ХIаваъ сихха Iаржлора, амма стигалхула йоьлху мархаш йехха лийпира гуш боцчу маьлхан зIаьнаршлахь, шайн йистош дашо басахь йогуш.

III. ДИКАНАХ ДОГ МА ДИЛЛА

ДЕКЪАЗА ЦIАДЕРЗАР

ЦIерпоштахь эххар а цIа кхаьчначу нохчашна вокзалехь, шайн вагонна дуьхьал нисделла, «ГРОЗНЫЙ» боху дош гичахь, дог тохалуш, мерза хийтира. Шира доттагI йуха вайча санна, серлайелира Тавсолтин йуьхь.

Катоьххна кхечарел хьалха охьабиссира Тавсолтин доьзалш: цунах тасайелла, цунна тIаьххье Джейран, тIаккха Селита, царел а хьалха – Нурседа. Амма шаьш цIакхачар хазахетта айаделла долу церан дегнаш цу-сохьта йуха а Iовжийра, шайна вокзале дуьхьалбаьхкина, маршалла хоттуш, шаьш цIакхачарца декъалбеш, Iедалхойх цхьа а тайпа векалш шайна ма ца байннехь. Селитас, лере а таьIна, Нурседе кIуон элира: «Ур-атталла Казахстанехь а вайна-м дуьхьал ма баьхкира»… Тавсолтин йуьхь цIийелира, Джейранна хьалха эхь хетта: «Вай йухадаьхкина хазахеташ цхьа а воцчух тера ду», – дагатесира цунна. Амма цу сохьта цхьа оьрси тIевеара царна:

 

– Шу дуй БерсановгIар?.. Со Керима ваийтина шуна дуьхьал…

Керима, ша дуьхьал ван йиш а ца хилла, йаийтинчу кира кхоьхьучу машенахь Тавсолтин доьзал станцера Эскинойхьа новкъа белира… ГIалех арабовлале дуккха а урамашкахула хьийза дийзира: цкъа кхузахь – тIаккха дIогахь латта аьхкина меттигаш нислора кест-кеста, тIеман заманахь окопаш санна. Малх гIушлакхе гIертара. Шоферца хьалха чу хиъна вогIу Тавсолта а, тIехьа дIанисбелла цуьнан доьзалш а тидаме дIасахьуьйсура гондIа: уьш массо а бара, ур-атталла Тавсолта а тIехь, шайн Республикин коьрта гIала дуьххьара гуш. Вокзалан майданара машен шоферо хьалха Беликовн тIай долчухьа йерзийра: Соьлжан можачу тулгIешна тIехь, къорза истангаш санна, малхехь сийна-Iаьржа бос лепаш, дIашершара мехкадаьттанан йаккхий хьоькхнаш. ТIай тIехула а девлла, аьрру агIорчу урамехула дIадахара. Моторо цхьа-ши хьоршам а тоьхна, машен сецира тIулгех боьттинчу лекхачу пена уллохь. Шофер, охьа а воьссина, капот а йиллина, моторан сакхт лаха хIоьттира. ТIулган пена тIехь леккха хьалабахна, тIулгах бина, цхьа Iаьржа боккха адаман корта байра Тавсолтина. Йуьхь а йара Iаьржа, оьгIазе.

– И хIун йу?.. – хаьттира цо шофере.

– Муха… «хIун йу»… Ермолов ву-кх… Паччахьан инарла… XIapa гIала дуьххьара дIахIоттийнарг…

– ЖIаьла ду, – элира Тавсолтас.

– Муха… «жIаьла»?.. Ас ца боху хьоь – паччахьан инарла! Адам ду!.

– Сан ден жIаьла дара – «Ермол», – элира Тавсолтас. Шоферо, вела а къежна, куьг ластийра: «Хьо-м кхета а ца воллу» бохучу маьIнехь – цунна ца хаьара, лам чохь нохчаша, паччахьан цхьаболчу, шайна дуьхьал леттачу инарлийн а цIерш, уьш къонахий хилар гичхьана, шайн кIенташна а тохкуш хиллий: «Сипсо», «Боккало», «Паскоч»… Амма Ермоловн цIе дукха хенахь дуьйна а ламанхоша шайн жIаьлешна лора…

Моторан сакхт шоферо дIа а нисдина, машен хIинца трамвайн некъана уллохула йоьдура – «Трамвайни тIай» долчухьа. Цхьана-шина куьпах тIехйаьлча, йуха а сецира Нефтяной институтан маьIIехь. Шофер охьа а воьссина, йуха а мотор талла хIоьттира. Тавсолта цеце хьалахьоьжура цигахь лаьттачу, болатан гIортораш тIехь леккха хьалайаханчу, хи дIасадоькъучу бIаьвне. БIаьргашца и йустуш, лакхара дуьйна и охьавогIуш, когашка кхечира. Когашкахь нисйина, йеакIов йехий гIайракхаш гина, царна тIехь Iаьрбан йоза дайна, цецваьлла, тIехилира и. ГоратаьIна деша хIоьттира:

– Сан да!.. Берс! – мохь белира цуьнга. Горавахна, хьераваьлча санна, сиха, шен ницкъ маббу чурт схьаийзо вуьйлира Тавсолта. Схьа ца даккхалора. Цецваьлла тIевеара шофер.

– Ахь хIун леладо? И мегар дац. Стенна оьшу хьуна и?

– Сан ден чурт!.. Сан ден Берсин чурт ду и!.. – мохь хьоькхура Тавсолтас. Машен тIера, цецбевлла, чухьуьйсура Джейран, Селита, Нурседа, тIехбуьйлу нах а соьцура. Шоферан йуьхь цIийелира – иза кхийтира:

– Тавсолта! ХIинца и дан мегар дац. ТIаккхахула вухавогIyp ву хьо…

Тавсолта деша вуьйлира кхечарна тIе йаздинарш а:

– Тхан йуьртахойн чарташ ду уьш!.. Шу адамаш дац! Шу жIаьлеш ду! –тIекхохкавелира и бехк боцчу шоферана. Иза эсала, цIий а велла, лаьттара:

– Тавсолта! Сан бехк бац!.. Тхан бехк бу!.. Шу кхин йухадогIур дац, уьш шуна кхин оьшур а дац моьттура тхуна, – Тавсолта кхето а, теван а гIертара ма-хуьллу оьрсийн шофер: цунна дагадеара, шега а дакъа лоцуьйтуш, уьш кхуза схьакхехьар. Йуха а ден чурта тIе а вахана, гора а хIоьттина, цомгашчу берана санна, тIе куьг хьоькхуш, дехха доIанаш дира Тавсолтас. Урамера нах, севцца, тийна хьуьйсура.

– Баккъал а йоккха хьакхалла йу и оьздангаллина гергахь а, цкъа а уьш кхин йухабоьрзург ца хиллехь а! – элира царна йуккъерачу, йеха кIайн маж йолчу воккхачу стага оьрсийн маттахь. – Веллачу стеган кошца къийсар адамалла дац!.. – аьлла, дIавахара и.

Бисинарш а, бист ца хуьлуш, меллаша дIасабекъабелира. Шоферо мотор йуха а меттайалийна машен хIинца сихха гIалех болучу боккхачу урамехула дIайоьдура. Тавсолта, вист ца хуьлуш, йуьхь кхохкийна, корта а оллийна вара: иза когашкара коьрте кхаччалц вагийнера гинчо: «ХIетте а шайл тхо лахара а лору-кх цара… Аса-м дийр дацара и санна дерг цкъа а! Делахь а… церан а… хIун бехк бу?.. Уьш а бацара реза… Заманан хьу йу-кх!.. Делан кхиэл йу-кх массо хIуманан а!.. Йо, АллахI! Айхьа диначунна муьтIахь йе ахь сан ойла!» – цуьнан карзахйевлла ойланаш эххар а тийра мелла а… Машен, гIалех ара а йаьлла, хIинца Нохчмехкан йоккхачу шерачу аренгахула дIаоьхура.

PeгIa охьатеIа малх хIинца а бовхха лепара. Тавсолта тидаме дIасахьоьжура.

Массанхьа а цхьаъ хета и стигал, кхузахь шен бен доцчу шатайпа къаьсттинчу сибатехь дуьхьалхIуьттура цунна. Морзин басахь цуьнан сийна лепар а, дIо шурин чопанах сийса мархийн йистош а, церан кура дIашершар а, тоххара хьалха шена гина, кхузахь бен кхин цхьанхьа хилла а доцу, сурт хетара Тавсолтина. Бакъду, шерачу арара лома кхаччалц дуьхьалйетталу моггIара дийгIинчу диттийн баьццара раьгIнаш, хьалха кхузахула хилла йацара. Амма Эскинойхьа бирзинчу новкъа девлчхьана шена мел гург Тавсолтина, йуха а хьалхенгахь шена дайнна, «хIетахьлераниг» хетара: дIогара, Iинна дехьара, куьйса бохь болу лекха тарх а, хьуьлла орца ирзехь йух-йуххе даьлла тайна кхоъ акхтарг а, кху лаьттан и шатайпа мокха-Iаьржа бос а, некъан йистехула хьалайевлла кондарш а…

Машен, гу тIе а йаьлла, дIайоьрззучохь цIеххьана шайн некъ а хадош, дIаиккхина пхьагал а, дера, хийтира Тавсолтина «хIетахьлерраниг». Цецваьлла, велакъежира и: цунна цIенна дагадеара, маццах, цхьанхьа-м доьлхуш, кхузахь шайна иштта дуьхьал, некъ а хадош, пхьагал эккхар. Пхьагал хIинца, некъал дехьа а йедда, сийначу кулла кIел тебира, шера сира букъ кхаьргахьа а берзийна, шена xIopш ца гича, ша а ца го моьттуш. Шофер машен а сацийна, шен гIентана тIехьарчу шалго-тоьпана тIе кхевдира.

– Не надо! Убивай не надо! – тоьпан бух йухаозийра Тавсолтас.

– Ну, ладно! – цуьнга а хьаьжна, шоферо йуха дIайолайалийтира машен.

Йуьртана герга мел гIоьрти а, совбуьйлура Тавсолтин дагалецамаш, бIаьрг къарзош, дог карзахдохуш. Ганза а, дагадахканза а вуно дукха хан йолу цIенна дицделларш а, хIинца кIеззигчу хIуманах а бIаьрг кхетташехь, йуха дерриш а ма-дарра карладуьйлура: и некъан бердашца духдуьйлу самукъане шовданаш а, некъаца маьI-маьIIехь Iохку даккхий чхернаш а, геннара схьагу, амма даима гергахь хета, и къоьжа лаьмнаш а – уьш массо а, шайна чохь садолчу куьцехь, xIapa а вевзинчух тера леррина, шега хьуьйсуш санна, хетара Тавсолтина.

Яьсса-хи тIе а кхаьчна, Эскинойх чувулучу тIех бевлира хIорш: хIинца, гена йоцуш, дIо басахь, гучуйелира хьоме йурт.

– ЭлхьамдуьлиллахI! Хьо доккха де! – ша Iаччохь хьалакхоссавелира Тавсолта! Хин йисттехула боьдучу новкъа машен аьтту агIорхьа дIайоьрззушехь, ЦIен-берд а гучубелира: цIеххьана схьахьаьлхинчу генарчу жималлин гIаларташ, гондIа мел дерг хьулдеш, пардо лецира къеначу бIаьргашна хьалха. БIаьргаш а севцца, меттах ца хьара Тавсолта. Хиллачун суьрташа, роггIана дуьхьалхIуьттуш, сихха вуханехьа идавора иза, шен дахаран йуьххье. Цунна шайн машенан гIовгIа а ца хезара хIинца, некъаца сихха тIехтуьлу йуьртан цIенош а ца гора. Амма шайн цIеношна хьалхха машен сецча, цIеххьана самаваьллачух тера, тохавелла машенара ша-шах охьаиккхира и. ГондIаранаш ца гуш, меллаша, тидаме керта хьаьжира тамаше догучу бIаьргашца. ТIаккха, ша волччохь, горавахана, цомгушчу доьзалхочух санна, хьастаме, къахеташ куьг хьаькхира цо лаьттах. Йуха, цхьа гIорза схьа а эцна, ирахIоьттира. И бIаьргаш хьалха а йаьхьна, лаг тIе таIийра, гонах ирсе бIаьрг кхарстош. Вела а къежаш, хьалха лаьттара Керим.

1  2  3  4  5  6  7  8  9  10  11  12  13  14  15  16  17  18  19  20  21  22  23  24  25  26  27  28 
Рейтинг@Mail.ru