bannerbannerbanner
полная версияКхолламан цхьа де

Абузар Абдулхакимович Айдамиров
Кхолламан цхьа де

Полная версия

Оцу чухула дІа неІ йолу дехьара цІа цІена а, мелла а чохь йийбар йолуш а у. Цхьаъ бен кор дацахь а, и ша дерриг ангали диллина ду. Поппаран терхешна тІехІоттийна масех пхьегІа йу, хьарчийна маьнги тІе йоьттина мотт-гІайба, пешахь йогуш йоккха цle a.

Ткъа дуьххьарчу боданечу цІа чохь, цхьана маьІІехь тІуьначу цІенкъа тесначу истанган бІегІага тІехь, хьарчийна тиша тужурка гІевланга а йиллина, дуткъачу йургІанна кІел когаш мере оьзна Іуьллуш зуда йу. И адаман овгол бегабора. Хезара вовшехйеттало цергаш. НеІарх, корах а чу хьоькху шийла мох эттІачу йургІанах чекхбуьйлу. Шелло меженаш дІахьулйан гІерташ, йургІа тІеуьйзу цо, амма а кхечахьа деллалой, ков долу. Сихдина садоьІу. ДегІ дегадо. ДегІа тІехь хьацар ду, амма цунна шен кийрахь ша болуш санна хета.

– Шеллуш леш йоллу-кх… Везан Дела, хьан болх бу-кх… Дависа хьо дуьненан… Букъа тІехьа йургІа таІо стаг мукъане а велара…

ХІан-хІа, цхьа а вац цунна орцах вала. Маилан маьхча Асвад эвла йуккъе ваьлла, цуьнан зуда Себила а суьйранна бежанаш оза ферме йахана. Товханна чухула охьа цІийна тІехьа цхьа ши адам луьйш хеза.

Сихдина доІу са йуха а оьзна, йеттало цергаш тІетта а таІийна, Занус ладугІу. Цунна девза оьрсийн а, гІиргІазойи а маттахь дешнаш лехьош цхьаьнца къамел дан гІертачу Асвадан гІоргІа aз.

«Кхайкха-те со цуьнга? – ойла хуьлу Занун. – КІел мох хьоькхучу йургІа таІадойтур дара-кх. Йа, хьанна хаьа, сох къа а хетта, шайн чуьра деана, суна тІе йургІа таса а мегий цара-м…»

ЙургІанан маьІиг дІа а тосий, корта гучубоккху Занус. Хи чу Іоьттича санна, хьацар доьлла йуьхь. Цунна тІелетта Іаьржа месаш. Кхохкийначу бІаьргаш чохь лепа чухІиттина бІаьрхиш. ОьгІазе шок йетташ, товханна чухула охьахьоькхучу мохо сихха шелдо йуьхьа тІера хьацар. Арара гІовгІанаш дІатоь.

Занус шен корта йуха а йургІанна кІел буллу. Йуха а уьйриг хилла горгделла цуьнан эгІаза дегІ дегадо, йуха а йеттало цергаш, садеІар чехкадолу. Коьрте цхьа башха ойланаш хьийза, бІаьргашна хьалхахІуьтту бес-бесара суьрташ…

…Генахь йисина йина йурт. Цигара исбаьхьа Іалам. Школехь доьшуш даьккхина ирсе ворхІ шо. Жимчохь дуьйна цунний, Маилний йукъахь кхоллабелла безам. ЦІеххьана иккхина тІом. ХІетта ткъайасна шо кхаьчна Маил шен лаамехь фронте вахар. Зану коьртехь а йолуш колхозехь вовшахтоьхна мехкарийн звено. ТІом толамца чекх а баьлла, Маил цІа а вирзина, цуьнца цхьаьна хІусамехь гуттаренна а йаха охьахаа ша сатийсар. Курскана уллохь шена чов хилла аьлла, Маилера деана кехат. Масех бутт баьлча цхьа ност йоцуш, некха тІехь орден, медалаш йолуш винчу йуьрта иза цІаверзар. Шаьшшинна вовшийн дуьххьара гина буьйса…

Иза дара Занун доттагІ Асет йолчохь. Іасанашна тІе а тийжаш, неІарх чоьхьаваьлла Маил, дуьхьал хІоттийна лаьттачу гІанта тІе охьа а хиъна, Іасанаш улло пенаца дІа а хІиттийна, вела а къежна, Зануга хьаьжира. Зануна гора шена хьалха хиъна Іен оза, Іаьржа йуьхь йолуш, Іаьржачу месашна йуккъехь сирделла чоьш долуш жима стаг. Маил хийцавеллера. БІаьргаш а бацара, хьалха санна, самукъане. Мел иза лачкъо гІертарх а, царна чохь гІайгІа гора Зануна.

Зану, охьахаа ца кхеташ, ирахь лаьттара.

–ТІаккха, Зану, хьан гІуллакхаш муха ду? – хезира цунна Маилан хийцаделла аз. БІаьрхиша тІехула марха тесначу Занун бІаьргашна хьалха шалхадуьйлура Маилан сурт.

– Хьо йист ма ца хуьлу? – бохура Маила. – Ирахь ма латта, охьахаа.

Зану йоккхайера цІа чохь шаьшшиннал сов кхин адам цахиларх! Шен берриге а ницкъ тІебахийтина, ца йелха гІерташ, къурдаш деш, шеддаш логехь сецадора цо. Амма ницкъ кхачалуш лаьттара. Цунна гора, мацах цкъа самукъане, могаш, каде хилла, ткъа хІинца цхьа ност йоцуш, дуьненан самукъанах хаьдда, хеназа къанвелла цуьнан хьоме Маил. ХІун дийр ду цо? Хьан хьостур ду цуьнан доьхна дог? Цуьнан-х да-нана, йиша-ваша а дац.

Занус, ша йолччу охьа а лахйелла, шина а куьйга корта а лаьцна, дагна маршо йелира.

– Хьо хІунда йоьлху? – воьхна хьаьвзира Маил. – Йа со дийна цІаверзар хаза ца хета хьуна?

– Маил… Хьуна и лазам болучул, со йеллехьара… Ac xIyн де хьуна?…

Зану йоьлхура. Цуьнан дог хьааре ладоьгІуш, вист ца хуьлуш цхьа хан йаллалц Іийра Маил.

– Уьш ма дийцалахь, Зану, – элира цо эххар. – TIoм – тІом бу. Цигахь чов хуьлу, вала а ле. Суна цхьанна хилла ца Іа хІара лазам. Миллионаш байъина, бойъуш бу. Миллионаш, со санна, заьІап хилла, хир болуш а бу. Ткъа сан ност а, сан са а хІун йу? Со хІаллакьхуьлуш, чекхбаьлла хили белара хІара къиза тІом.

Муха йолу а ца хууш, сиха чекхйелира гуьйренан и йеха буьйса. Цул тІаьхьа ши бутт баьлча, Маиле йахара Зану. Йеххачу хенахь дІатесна лаьттина цуьнан ков-керт цІинйира Занун тІаламечу куьйгаша. Керла бахам вовшахтухуш цаьршинна гІо дира доттагІаша а, Занун дас-нанас а. Цаьршинна-м иэша а ца оьшура и бахам. Шаьшшиъ цхьаьна хилчхьана, дерриге а дуьне шайн долуш санна хетара. Моьттура, ирс шаьшшиннан карахь ду, шайна цкъа а, цхьа а тайпа сингаттам, бохам а хир бац. Амма, стага ца лехарх, ца бехарх, ла ца дегІарх, иза ша тІекхочуш хиллера. Иза кхечира, цушиннна кхаьчна ца Іаш, дерриге а халкъана.

…ЦІемза, шийла 1944-чу шеран февралан ткъе кхоалгІа де. И доьхна деана кхаарин де. Хиндерг массарна а къайлехь лаьтташ бина и беха цхьана беттан некъ. Генахь бисина Даймохк. Мичахь бу а, дийна бу – бац а ца хаьа маьІ-маьІІе дІасабаржийна гергарниш, йуьртахой.

Маилан хеназа кхалхар…

Легашка хорам хІоьттинчу Занус йуьхь тІера йургІа дІатесира.

– Маил… Кхин гур вац-кх суна хьо…Кхин гур вац-кха… Дех-ненах, йиша-вешех хилларг а ца хаьа… Массарех хаьдда, цхьа йиси-кх cо…

Зану шен ойланех йукъахйаьккхира, чІогІа неІ тІе а тухуш, чувеанчу Асвада. Ша уьйзу са, шен дего дегІ сацо гІерташ, къовлайелира Зану, марваша цІа чу веача. Амма Асвад, кхуьнга вист ца хуьлуш, дехьа чу велира. Цхьаъ шегара хьал хоттуш вистхилча а, шен цамгарна маслаІат хир долуш санна хетара Зануна. Цуьнан къоначу, могашчу дегІана дуьххьара кхетта цамгар йара иза. Нагахь хІара йахлахь? Дуьххьарлерчу дийнахь а уьш иштта ида боьлча, тІаьхьа хІун хир ду?

Шина цІенна йуккъера неІ йеллайелира. Сехьа чу ваьлла Асвад, цкъа-шозза чухула дІаса а волавелла, тІаккха Зануна улло охьалахвелира. Зануна хааделира цо шен букъа тІехьа йургІа теІош. Иза тоьира мискачу зудчунна там бан.

– Зану, – меллаша, цхьанна хазарна кхоьруш санна, кхайкхира Асвад.

– XIyн бах ахь, кІант? – йургІанна кІелхьара хьала а ца таьІаш, жоп делира Занус.

– Дехьачу йалахьа. Хьоьга дан къамел дара сан.

Асвад, кхин хІумма а ца олуш, шайн цІа чу вахара.

Асвад пхийтта шо воккха вара Маилал. Шен деншичин кІант фронтера цІа веача, цунна Зану йалош, бахам меттахІоттош а дика хьийзира иза. Кхуза схьакхаьчча а, хала хан тІехІотталц Маилан дола а дира цо. Амма, тІаккха кІез-кІезиг хераволуш, эххар а, дІатесира. ТІамехь а, Іожаллина хьалха а атта ца вуху стаг, амма къеллина хьалха ца вухуш дукха къонах ца волу. Ткъа Асвад къонахашца вагарван стаг а ма вацара.

Махкалла а, мацалла а ца лайра Маилан заьІапчу дегІо. Цкъа узар дина а, цкъа латкъам бина а, шен дагара ца хоуьйтуш, халонех къурдаш деш, хІара санначу боданечу, тІуьначу цІа чохь салтийн чоина кІел тийна дІакхелхира иза. Цхьа волчу гергарчу цхьана стагах къаьстина Зану, буо санна, цхьалха йисира. Къона нус цхьа йита ца лиира а хаац, йа цуьнан къоначу ницкъах шайн ков-кертахь дечу гІуллакха тІехь пайдаэца лиънера а хаац, цкъа цхьана дийнахь веанчу Асвада шайн хІусаме дІайигира иза. ХІетталц, урамехь тІекхаьчча, а цуьнга чомахь вист ца хилла Асвад оцу дийнахь дуьйна дика вара цуьнца. Себила цІахь йоцуш меттиг нисйелча, цхьа кана ахьар, йа хьаьжкІаш, йа мукх, шаьш йууш йисча сирла чорпа луш а меттигаш йогІура.

«Кху шийлачу цІа чохь, тІуьначу цІенкъахь, гуьйриг санна Іуьллучу сох къахетта хир дац-те цунна, – ойла йора цо. – Дехьа, довхачу цІа чу а йигна, йовхха чорпа а малийна, маьнги тІе йижор йац-те…» ТІаьхье кхин ойла гІертара коьрте. «Нагахь со цаьршинна совйаьлла хилахь? Со иштта цомгаш кІелйисарна кхерабеллехь? Майрачуьнга со арайаккха а аьлла Себила балха йаханехь? Дехьа чу а кхайкхина, марвашас со йитахь? Везан Дела, тІаккха со мича йаха йеза! Со хьанна тІетовжа йеза! Со хьанна хьашт хир йу. Шаьш шайн синошна а хІун дийр ду ца хууш бІарзвелла ма хьийза массо а. Суна сайн нах карабаллац, со царна тІекхаччалц кху, чохь йитахьара…»

Уьйриг хилла коьрте хьаьвзинчу оцу ойланаша Занун дегІа тІе хоршин керла чарп тесира. Кегийрачу тІадамашца беснешна тІехула догІанах охьахьоьлхура дуьра бІаьрхиш. Садукъо санна, логехь соьццра кийрара арагІерта йелхаран къурдаш. Амма… амма маршо йала ца йеза делха гІертачу дагна? Кийрахь сацо беза, тІехтаса гІерташ, кІеж туьйсу бала…

Зану дехьа чу йогІург хиларх догдиллина, Асвад, йуха а сехьа чу а ваьлла, цкъа-шозза йовхарш а тоьхна, цунна улло охьалахвелира.

– Зану…

– ХІун боху ахь, кІант?

– Хьо дехьа чу ма ца йели?

Асвада, цуьнан коьрта тІера йургІа меллаша дІа а тесна, тІе хьацар тесна догучу хьаьжа тІе шен шийла куьг диллира.

– Хьо йоьлхуш ца хилла?

– ХІан-xIa, хьацар ду иза…

– Дехьа чу йалахьа цхьана сахьтана.

– Ас хІун дийр ду цигахь?

– Хьоьга дан къамел дара сан, – Занун хьаьжа тІе летта месаш дІахьаькхна, нис а йина, беснеш тІе масазза а куьг хьаькхира цо.

Зану меттахъхьайра. Амма, цхьана сохьтехь тІex лаьттинчу хоршано чуьра са дІадаьккхина, лозуш гІелделлачу дегІо аьлларг ца дора.

– Дехьа чу йала гІора дац-кх соьгахь, кІант. ХІинца а хорша тІера йалаза йу со. Айхьа аьндерг кху чохь алахьа, ас ладугІур ду хьоьга…

– Корта вуон лозу хьан? – коьрта тІе йуха а куьг диллира цо, – хьо дехьа чу йалайелча, дика-м хир дара.

– ГІатталур йац-кх со…

– Ца гІатталахь, хІун дийр ду ткъа. Кхузахь эр ду ас-м сайна ала луург, – аз хийцира Асвада… – Гой хьуна, Зану, суна ваша а, хьуна хІусамда а иэшаре ца хьожуш, Делан Іожаллица Маил дІакхелхина. Мел шена дукхавезарг валарх, висинарг ца ваьхча ца волу. Хенан йохалла велларг а вицло. Стага зуда а йалайо, зуда маре а йоьду. Ткъа хьо къона а, хаза а йу. Майрачуьнца цхьана шарахь бен ца йаьхна хьо. Майра веза хан йу хьан.

 

«ХІан, хІинца хуьлуш доллу со кхийринарг, – даг чу тесира Зануна, – йита а йитина, со арайаккха воллу хІара…»

– Амма маре йаха а, зуда йало а хала хан йу хІара. Ас-м баттахь а, шарахь а тхайца кхобур йара хьо, тІаккха тхуна а кІордо там бу хьо. Кху чуьра оха арайаьккхича тІе йаха меттиг а бац хьан. Хьайн нах мичахь бу а, дийна бу бац а ца хаьа хьуна. Цхьаммо а, къахетта, тІелоцур ала меттиг а бац хьан. ХІора а воллу шен дегІ хене ца даккхалуш.

Мел леррина ладегІарх, хІинца Зануна ца хезара марвашас дуьйцург. ХІинцале а цунна ша оцу шен йургІанан тІелхигца, чуйаха хІусам а йоцуш, йерзинчу стигланна кІел цхьанхьа йоьжна Іуьллуш гopa.

– Ас хІун дан деза, со мича йаха йеза?! – шен бертаза узарца мохь белира цуьнан.

– КІелхьарйала цхьа некъ бу хьуна, Зану. Хьо соьга йерза йеза…

Шен дегІа тІе кхехкаш долу хи тоьхча санна, йагийна, шен хьаьжа тІе диллина Асвадан куьг дІа а кхуссуш, метта кІегар охьахиира Зану. Цкъа а ца хилча санна, тІепаза йайра дегІа тІера хорша. Мацалла гІелйина овкъаран баса йирзина оза йуьхь, даІ санна, цІиййелла йогура. Цунна гора, мокха цергаш гучу а йаьхна, цхьа кІанцІар жІаьла санна, къежаш, шега хьоьжу Асвад, цуьнан эхь дайна стешха ши бІаьрг а.

Зану шена тІекхета йоллуш санна хетаделла, Асвад шершина йухахилира. Амма зудчун дагахь кхин дара. Оцу йоццачу йукъана цуьнан бІаьргашна хьалхахула хьийзаш чекхдийлира и тІаьххьара масех шо. Школан шераш… шен а, Маилан а безам… иза фронте вахар, цуьнга ладоьгІуш, цунна бохам хиларна кхоьруш, и цІа верзаре сатуьйсуш, кийра ша боьллича санна, ша текхна ши шо; ност йоцуш иза цІаверзар… Асет йолчохь шаьш цхьаьнакхетар, цуьнга маре йахар; цІера даьхна де а, малхбале цхьана беттан некъ а… везарг кхалхар… Маил веллачул тІаьхьа, зуда цІера масазза йолу,

Асвада шен йина терго…

– Асвад! – дегочу озаца дуьххьара цуьнан цІе йаьккхира Занус. – Хьо ма-варра ца вевзаш, таханналц кху хьан тхов кІел буьйсанаш йаьхна ас. Кху керта йогІучу дийнахь йелла хилла йелара со. Иэхь ца хета хьуна сан йуьхьа дуьхьал хьажа? Сан цІийнда-х хьан ден шичин кІант, хьан ваша вара. Цуьнан коша тІе доьттина хи а ца дакъаделла. Хьуна со мила йу моьттура?

Асвада шен йолу-йоцу майралла тІегулйира.

– Сацайе и хьайн муцІар! – тІечевхира иза Зануна.

– XIaн-xIa, Асвад, ас сайн муцІар сацор йац, ткъа хьайниг сацор йу. Хьуна хьайн маьхча Маил вицваларх, суна ца вицвелла иза. Вицлур а вац, суо Делан эхарта йаххалц, – Занус шен дага тІе буй туьйхира. – Иза-м кху чохь вай, Асвад. ХІуна хІун моьттура? Со къона хиларх, цхьана шарахь бен майрачуьнца цхьаьна цайахарх, со майра везаш лела-м ца моьттура хьуна? Со, цІийнда а велла, йиша-вешех а йаьлла, гІаддайна, цамгаро а лаьцна, кху хьайн сени чохь охьайоьжча, ас сайн сий а, оьздангалла а йухкур йу-м ца моьттура хьуна? Бакъ дац, Асвад, хьуна моьттург! Сан кийрахь детталург-м нохчийн зудчун, оьздачу зудчун дог, пхенашкахь кхехкарг нохчийн цІена цІий дуй! Амма хьан дог a, цІий а шеконехь ду!

– Сацийта ца боху хьоьга, йилбаз! Цхьанна хозуьйтур ду ахь.

– Хезан шена! Дависарг-йаІ, ас, тІе а йаьлла, мохь тоьхча, дуьненна а хезар долуш цхьа лекха лам белара, адамашна ма-варра вовзуьйтуш, хьо дІакхайкхо! Иэхь хетар дарий хьуна? Дацара, КъорІанора-кх! Иэхь хета йуьхь а, йахь а мичахь йу хьан!

Зану, шен тужурка тІе а йуьйхина, дегочу куьйгашца шен йургІа а, истанг а дІахьарчо хІоьттира. ТІаккха, царна тІехула къевллина бухка а бихкина, уьш шен ги а тийсина, сонехь Іуьллу ша дечке лело жІоммагІа кара а эцна, арайала кечйелира иза.

Асвад кхеравелира. ХІинца арайалийтахь, цо-м иза нахала воккхур ву. Цаьршиннан хилла къамел цхьанна хазахь, иза велла дІаваллалц цуьнгахь безам хир бац цхьана а стеган. Зударшна, тІехула тІе, гергарчу зудчунна, йамарт хиларал доккха иэхь ма дац нохчийн. Иштта стаг, тІулгаш детташ, къиза вуьш, йуьртах а, махках а воккхуш хилла. Ткъа несана йамарт хилла бохург дуьйцу хезна а дац. Кхеро йеза хІара.

– Ахь хІун до? – Занун некъ лецира цо.

– ХІун до бохург, хІун ду? Арайолу-кх. Кху хьайн йамарт цІа чохь со кхин дІа а йуьсур йу-м ца моьтту хьуна?

– Арайаьлла, стенга гІур йара хьо? Хьуо дагайоьхна Іаш бу-м ца моьтту хьуна нах?

– Дуьне доккха ду. Сайн Іожаллина меттиг миччахьа а карор бу суна. Кху чохь йалар а сийдоцуш хета суна. Ткъа нахах жоп ахь ма ло. Хьо санна, боьха дац адамаш…

– Ас хьоьца йинарг-м забар йарий

– ХІаъ, оьзда забар йу иза-м!

Ша бохург ца хуьлийла хиъна Асвад ша лелийнарг кхечу агІор дерзо гІоьртира.

– Хьо нах безаш йу бохуш, хезнера суна. Цундела хьо зиэн гІоьртира co…

– Зиэйелин хьуна?

– Со тийши наха дуьйцург бакъ цахиларх. Хьайн сал-пал охьайилла. Вайшинна йуккъехь хиллачу къамелах лаций цхьана а адаме цкъа а бага ма гІаттайе. Нагахь ахь цхьа дош аьлла меттиг хаалахь, ас аддамна хІума ца хоуьйтуш, са доккхур ду хьан. Охьайахка хьайн гира хІуманаш!

Занун гира йургІа а, истанг а схьадаккха дагахь, тІе куьг кховдийра Асвада. Амма, цхьа гІулч йуха а хилла, Занус, куьг тІехьа а дохуьйтуш, жІоммагІа хьалалецира.

– Сох куьг ма Іотталахь, ас, диг тоьхна, корта батІор бу хьан! Хьан несалара со дІайаьлла, суна хийра стаг ву хьо. Некъ бита суна!

ОьгІазаллех буьзна, цІе санна, богучу Занун бІаьргаш чохь бохалур боцу сацам гина Асвад, кІилло йуьстах а иккхина, дехьа чу велира.

Мийра тоьхна неІ дІа а йиллина, арайаьллачу Зануна, лергашкахь дера шок йетташ, дуьхьалкхийтира Іаьнан тІаьххьарчу денойн шийла тІуьна мох.

Асвадан кертара арайаьлла Зану урамехь йехха лаьттира, ша мича гІур йу ца хуьуш. Хелипат дагайеара. Амма иза йуьртан дехьа йистехь гена йара. Цига дІагІерта дегІехь ницкъ бацара. Цхьа-ши цІа дехьа тоьли чохь Іаш долу бераш дагадаьхкира цунна. Царах воккхахволу кІант Решед дечке баханчохь цкъацкъа ЗанугІаьрца нислора.

И буьйса оцу берашна йуккъехь а йаьккхина, шолгІачу дийнахь

Іуьйранна хьалххе Хелипат йолчу йаха дагахь, шен мотт-гІайба ги

а тоьхна, новкъа йаьлча, ша хІун до а ца хууш, эвлал арайелира. ХІор а дІа тосучу гІулчаца дегІ гІелдала доладелира. Гира мохь беза бацахь а, амма кийрарчу балано, кІез-кІезиг саттош, букархьовзийра нийса букъ. Цунна ца хаалора цІеххьана тІеделха доьлла, раз йуьхьа дуьхьал деттало шийла догІа, дегІах чекхбуьйлу шийла мох. ДогІанах а ийна, беснешна тІехула комаьрша охьахьаьлхинчу бІаьрхиша хІоттийначу дахкаро долчу тІе а кхолийнера цунна и йочане де.

Урамехь дуьхьалкхеташ стагга а вацара. Массо а шен-шен хІусаме воьллинера цІемзачу дийно. Диттийн дерзинчу гаьннашна тІера охьалиэдара догІанан мела тІадамаш. Мотталора, уьш а шеца цхьаьна, къаьхьа бІаьрхиш Іенош, доьлху. Ткъа Зану хьалха дІайоьдура. Цо хІинца тергал а ца бора хатт, ца ларйора когара хІетталц ша леррина ларйина Маилах йисина хохолаш а. Иза хьалха дІайоьдура, амма стенга йоьду шена а ца хаьара.

Стенга гІур йара иза? Асвада ма-аллара, цхьа а вацара иза шайн хІусаме йаре сатуьйсуш. Вац цхьа а йуьртахо а, гергарниш а. Цхьа волу цхьа йуьртахо марваша Асвад а йамарт хили. Мичахь бу-те бисинарш? Ца хаьа. Хьаьнга балхо беза дагна Іаьткъина къаьхьа бала? Вац цхьа а.

«Вац цхьа а. Сайн нах лоьхуш, бІаьргаша йуьгучухула дІайахча? ХІан-хІа, тІаккха а гена гІур йац. Баттахь шозза вогІу комендант нохчашка куьйгаш таІадайта. Иза ван ши де бен ца дисина. Куьг таІо шена тІе ца йеача, цунна хуур ду хІара йедда йаханийла. ТІаккха тІаьхьа орца доккхур ду. Йа орцане а ца хьоьжуш, хьалха тІекхаьчначу милцочо йухайалор йу. ТІаккха, хан тоьхна, Сибрех йохуьйтур йу…

Зану, йуьртал ара а йаьлла, шакъаьстина лаьттачу гу тІе хьалайелира. Кхузахь нохчийн кешнаш дара. Дуьххьара дІавоьллинчу шинна-кхаанна гІевланга хІиттийна халла къаьсташ тІе цІераш а, терахьаш а йаздина шога тІулгаш дара. Жимма тІаьхьо беллачеран гІевланга йоьгІна ІандагІан дечкаш. Царна тІера йозанаш тоххара дІадайна. Ткъа дисинчу кешнийн гІевлангахь йоьгІна хІумма а йац. ТІе буц йала а кхиале, бицбелла оцу баьрзнашна кІел берш. Церан тІаьхьенаш дІайевлла, йа мацаллина Іохкуш йу. Белларш дагабогІучохь дац дийначийи хьал.

Кешнийн баьрзнашна йуккъехула хьийзаш йоьду иза. ГІевланга боьгІна гІамаран лоха тІулг а болуш, тІаламечу куьйгаша боккхачу безамца хьаьхначу кошан борзана тІехь соцу цуьнан ши бІаьрг. Цигахь дІавоьллина цуьнан хьоме Маил. Цунна тІейогІу иза даим а, шена бала базбелча. Кхузахь Маиле далхадо цо шен дог. Цуьнан бІаьргех Іенначу мелачу хиша кхиийна оцу кошан борза тІера йушанан корсам.

Зуда цкъа кошан гІевланга охьалахло, тІаккха, цхьа дуьхьало хаьддачу хих тера, цІеххьана мохь олий, барз мара а къовлуш, цунна тІейужу. ХІан-хІа, иза зударийн цІогІане йелхар дацара. Дуьххьара баьллачу маьхьарна тІаьхьа хезара беха узам. Шен садукъдала доьлча, логе ка а детташ, гІайри тІе тесначу чІеро санна, бага а гІеттош, йуьхь сенйелла, халла сауьйзура цо. ДегІера ницкъ эшар дара а хаац, йа йелхаро дог хьаийна дара а хаац, амма зудчун йелхар, тІаьхь-тІаьхьа лагІлуш, эххар а дІатийра.

Йакъайеллачу баца тІе деттачу догІано кІеда татанаш дора. Ши бІе метр бен гена йоцчу школехь бехха горгали бийкира. Цуьнан зов дІатен а кхиале, зевне маьхьарий а детташ, школа чуьра арахьаьлхира бераш. Амма Зануна уьш цхьа а гуш а, хезаш а дацара. Цунна ца хаьара, школина уллохула ша тІехйолуш, корах арахьаьжначу Николай Кузьмична ша гинийла а, тІаккха, араваьлла иза, шена тІаьхьахьоьжуш хІоьттина лаьттинийла а, хІинца иза, Іасанна тІе а тийжаш, оцу догІанехула кешнашка хьалагІерташ вуйла a…

«Маил, сан хьоме Маил, ас хІун де-те? – бохура Занус шабаршца ша-шега. – ХІунда ца йели Дала вайшинна цхьаьний Іожалла? Гой хьуна со, цхьаъ бен воцчу хьан маьхчин йамартлоно ара а йаьккхина, тІетовжа верас воцуш, кху доьхначу дийнахь хьо волчу йеана? Деле со йехахьа, Маил, дІайигахьа со кху къизачу дуьненара.»

ЦІеххьана цуьнан даг чу иккхира воккха стаг Іабдул-Іаьзам. Цхьамма цуьнан цІе йоккхуш, ша цунна тІехьоьхуш санна хетаделира цунна. Меллаша хьала а нисйелла, куьйгех летта хьаьрса поппарш а ца гуш, уьш бистинчу бІаьргех а хьаькхна, шен йуьхь мажйира цо. Воккха стаг дагавеача, цхьабоккха мохь шен гира охьабоьжча санна, сапаргІатделира цуьнан. Ша а цецйуьйлура иза хІинццалц шена Іабдул-Іаьзам дага ца варах. Иза ма ву дан амал доцуш кІелвисинчун гІо деш. Цуьнан гІийлачу хІусаме ма йоьду хІинца Зану санна, массарех хаьдда йисина зуда, байлахь дисина бер. Зударийн гергарниш лоху, бераш, Іедалца гІайгІа а бой, берийн цІеношка дІало. Зануна дуккха а ма хаьа цо дина дика гІуллакхаш. Иза тешна йара шена и нийса некъ Маила гайтина хиларх.

Оцу ойланаша дІалаьцна Іачу зудчун белша тІе цхьамма дайн куьг диллира.

– Ахь хІун до, Зану, кху доьхначу дийнахь кешнашна йуккъе а хиъна? –кІеда-мерза бехкашдаха вуьйлира иза. – Бистина ши бІаьрг, хотташа йуьзна йуьхь, ткъазйевлла бедарш. XIaн-xІa, кхузахь цІанлур йац хІорш. Йало, дІога татолна тІе а гІой, хьайн йуьхь-куьг дила.

Зану, дуьхьало ца йеш, йист ца хуьлуш, татол долчухьа дІайолайелира.

Шена хьалхарчу коше леррина хьежа хІоьттира Николай Кузьмич. Цунна шера девзира Маилан каш. Шина фронтовикна, шина заьІапхочунна йукъахь чІогІа гергарло тасаделлера цига нохчий балийначу дуьххьарлерчу деношкахь дуьйна. Амма цунна ца хиънера Маил цомгаш хилар а, иза дуьххьалдІа мацалло кІелвитина хилар а. Цунна ца хиира иза вала воллучу хенахь а. Маил дІавуллучу дийнахь нахаца цхьаьна кху кешнашка веара Николай Кузьмич, амма, баккхийчу нахана ша кешнийл чоьхьаволийла ца лаьийла а хиъна, арахьа сецира иза.

– ХІаъ, доттагІ, декъаза хили хьан Іожалла, – элира цо, доккха са а даьккхина. – «Даймахкехьа! Сталинехьа!» бохуш, шийла автомат хьалха а лаьцна, фашисташна тІе хийла атаке ихна хир ву-кх хьо. Иштта – эзарнаш нохчийн кІентий а. Мила ву-те хьуна а, хьан жимачу халкъана а бохамна харц дош аьлларг? И хаттар ахь дукхазза а дира соьга. Ткъа суна ца хаьара хьуна жоп дала. ХІинца а ца хаьа. Амма, хуур ду. Хено къастор ду дерриге а. Бехкеволчуьнга луьра жоп доьхур ду. Цунах тешалахь… Ткъа хІинца паргІат Іилла хьо.

Догдоьхна Николай Кузьмич, Іасанна тІе а тийжаш, Зануна тІевахара. Йуьхь-куьг дилина а йаьлла, шен йуьхьах йургІанан маьІиг хьоькхуш йоллура иза.

– Гой хьуна, хІинца цІанйели хьо. Дийцал хьайна хилларг.

– ХІумма а ца хилла…

Занун бІаьргаш йуха а хих дуьзира.

– Бакъ дац и. ХІуъу хиллехь, а цхьа цатам хилла хьуна. Суна цкъа а ца гина хьо иштта гІийла, догдоьхна.

– ХІумма ца хилла, Николай. Дуьххьал дІа са а гатделла, Маилан коша тІe хІотта йеанера со…

– Ткъа мотт-гІайба стенна лелайо ахь гихь?

Шен бІаьргех хьаьлхина хиш къайладаха дагахь, карара диг охьа а дожийна, иза схьаоьцучуха охьатаьІира иза.

Цкъа ойла хуьлура цуьнан шена хилла бохам цхьаьнгге а ца бийца. Амма зудчунна кийрахь сецо тІех беза бара цуьнга кхаьчна бала. Ша иза балхийча, жимма а синна паргІато хир йолуш санна хетара. Ткъа мила ву цул тІаьхьа, Николайна санна, Маил везнарг? Цхьа а вац. ХІуъу хилахь а, дуьйцур ду цо. Амма Зануна Іаламат кІезиг хаьа оьрсийн мотт. Ткъа цуьнгара бала балхо-х ненан мотт а тоьур бац.

 

– Чуйаха меттиг боцуш йисина со…, – элира цо, беснеш тІера бІаьрхиш пІелгашца дІа а хьоькхуш.

– И бохург хІун ду? Хьо марваша волчохь Іаш йу, ма элира ахь селхана. Цо ара-м ца йаьккхина хьо?

– ХІан-xIa! Нохчийн закон дац хьаша йа гІаддайнарг а чуьра аравоккхуш. Уьш шаьш а халла бохкура…

– Ткъа хьан хьайн гергара нах бац?

– Бу. Амма мичахь бу а хаац.

– ХІаъ, хьо-м царах хаьдда лелий. Дицделлера суна. Мичахь бу хиъча а, царна тІегІойла а ма дац хьан, – ша-шега луьйш санна, элира Николай Кузьмича. ТІаккха цІеххьана, эсала вела а къежна, тІе а вахана, Занун пхьарс лецира цо. – ХІумма а дац, Зану! Чуйерза хІусам йоцуш а, меца а йуьтур йац вай хьо. Йало, Зану, ийза ма ло. Дика денош тІекхаччалц оха тхайца кхобур йу хьо. Цхьадика, кху некъехь цхьа уборщица балхара дІайаьлла тхан. Цуьнан метта балха йохуьйтур йу ас хьо. Ткъа хенан йохалла гергарниш а карор бу. Ас дош ло хьуна, мацца а цкъа хьо а эцна хьан нах болчу хьошалгІа ваха. Хьанна хаьа, шу-м шайн махка цІа дерза а мегий. Дийнна халкъ махках а даьлла дукха латта йиш йац. Гур ду хьуна, тІом чекхбаьлча, дерриге къасто аьтто нисбелча, партис шаьш цІа дерзош…

Занун йуьхь, ша шен нахана тІекхаьчча санна, цІеххьана йекхайелира.

– Маила а олура иза. Ткъа Маил цкъа а харц ца лоьра…

– ХІаъ, Маил догцІена стаг вара. Шена тІехь мел къиза харцо йинехь а, иза тешара и гІалат нисдийриг хиларх. ХІан, уьш хьехор дац вай. Йала, цІа доьду вайша. Хьо тхан кора уллохула тІехйолуш а гина, Машас хьо чукхайкха ваийтина со.

Занус шен дегІа тІехула бІаьргаш кхарстийра. ТІеда, хотташа йуьзна бедарш. Ги тесна тиша мотт-гІайба. ДегІ а дац цІена. Довхачу цІа чу ма- йеллинехь, йуха а кІамдала доьр ду иза. Шаьшшиъ ишколан кевне кхаьчча, Зану сецира.

– Николай, ахь чІогІа сапаргІатдаьккхи сан. Хаийти cо цхьа йоцийла. Ас цкъа а дицдийр дац тахана ахь сан догъэцар. Баркалла!

– Хьалхе ду ахь суна баркалла ала. Нагахь санна мацца a цкъа дерриге а вайн дегнаша ма-боххура нислахь, тІаккха эр ду вай вовшашна баркалла.

– XIaн-xIa, Николай, хІумма а хьалхе дац. Дуьззинчу шарахь зийна оха шу. Ткъа хІара хала шо бІешеран новккъа ду. Шаьш халонехь бохккушехь, кхузарчу цхьаболчу оьрсаша а, гІиргІазоша а, узбекаша а доккха гІо до тхуна. Иза дицдан йиш йац тхан. Ахь суна тахана динарг доккха вошалла ду. Баркалла хьуна, Николай. ХІинца арайаьлла, ас сайна цхьанхьа хІусам тарйийр йу.

– Муха? Хьо тхоьца Іен барт ца хилла вайшиннан?

– Шуьца Іийр йу бохучух гІуллакх хир дац сан. Амма, ахь со балха йахийтахь, суна берриге дика болх бинарг ву хьо.

– Ой, хьуна тхоьца Іен ца лаахь, ас школехь хьайнна Іен жима цІа лур ду хьуна.

Занус гІайгІане корта хьовзийра.

– ХІан-хІа, Николай. Со-м хазахета а Іийр йара шуьца. Суна сайна а атта хир дара. Амма шена луург дерриге дан а ца тарло.

– ХІунда?

– Ши бахьана ду суна новкъарло йийриг, – Занус доккха садаьккхира, – цкъа-делахь, гергара стаг а воцуш йолу къона со, нохчех дІа а къаьстина, йуьстах йаха охьахиъча, наха цхьа эладита кхолларна кхору. ШолгІа-делахь, массеран а боцу аьтто сайна а лехна, дІакъаста а ца лаьа. Массарех хирриг хир сох а.

Николай Кузьмича ойла йира. Занус далийна бахьанаш нийса хийтира цунна.

– Ткъа мичахь Іен йоллу хьо?

– Іабдул-Іаьзам волчу а йахана, цунах дагайер йу со. Хелипатан хІусамехь Іен а мега.

– Іабдулла Іаламат дика стаг ву. Цунах дагайала мегар ду. ХІун ду а хаац, иза гича, сайн да гича санна хета суна. ТІехула тІе, и миска, хьо санна, шен нахах хаьдда висина а ву. Амма цхьа хІума тІедуьллу ас хьуна. Суьйранна тхайца пхьуьйре йар. ХІинца цкъа-м аьшпаш боьттина кІелхьарвер ву со Машас бартбеттарх. Делахь хІета, йуха вайна галлалц!

Зану, дІа а йолайелла, йуха а сецира.

– Николай, – йистхилира иза халла хезаш. – Ткъа co… со балха маца йола?

– Кхана Іуьйрре йогІур йу, хьомениг. Цунна сапаргІат хила. Дерриге а суьйранна дуьйцур ду вай. Ой, маьІІаргонна вицлоpa-кx co! Хьо йогІуш Іабдул-Іаьзам а, Берса а валавехьа. Ас а, Машас а, чІогІа дехар деш, кхайкхина, ала. Башха шуна бан там-м бац тхан, амма йерг даккхийдеш лур йу.

…Ткъа стигал, кхоьлина, йухайерза ца туьгуш тІейоьлхура. Некъа йистехула охьадолчу хорша буркъаш туьйсуш, керчаш, хьере хьаьлхина йоьлхура мокха Іовраш. Амма Зануна хІинца ца хаалора и шийла догІа а, мох а. Цхьа сахьт хьалха йазйелла йегош хиллачу настаршна чу ницкъ беанера, ког байбеллера, паргІат доІура са а.

– Зану! Ца йогІуш ма Іелахь! Іабдул-Іаьзам а, Берса а валавелахь! – хезира цунна тІаьхьабетта мохь.

Занун бІаьргех хьаьлхина хиш беснешна тІехь догІанах дІаийра. Амма уьш цхьа сахьт хьалхалера хиш дацара. ХІинца иза йоккхайерца йоьлхура. Муха ца йоьлху? Иза хІинца цхьа йац. Ткъа, хьанна хаьа, Маила ма-аллара, хІинца Николайс ма-чІагІдарра, иза-м цхьана дийнахь шен дех-ненах, йиша-вешех а кхетта, Даймахка цІа йерза а мегий…

XI

Ги тесна тІоьрмиг а, коча тийсина таьлсаш а долуш, берзина когаш тІуьначу лаьттах а бетташ вогІу Мансур, лекха гу хадош, шина берда йуккъехула чекх а ваьлла, гун вукху агІонна тІеваьлча, хьалха гира хІетта сенарш этІо доьллачу стоьмийн дитташа хазйина узбекийн йоккха йурт.

ШолгІа де ду и шиъ гІаш Наманганера схьавогІу. ШолгІа де а чекхдели. ДІабуза лаьмнашна тІе базбала гІерта малх а. ШолгІа буьйса а тІекхаьчна йаьллера. ШолгІа буьйса хилла а ца Іа цаьршимма некъ бен. Тахана бархІалгІа де ду и шиъ луларчу областера схьаваьлла. Карасура Намангане цІерпоштца веана и шиъ, ткъа бисина беха некъ берриге а гІаш бина. Бакъду, гІалара аравала а, араваьлча, Караташе боьдучу новкъа вала а ца хууш, Наманганехь ши де дайна цаьршиннан. ТІехула тІе, дІа ког мел баьккхинчохь, бакъонаш хоьтту. Кхузахь атта вевза кавказхо. Хьо кавказхо велахь, нохчо йа гІалгІа, кхарачай йа балкхаро хила ма веза. Хьо царах велахь, спецпереселенец а ма ву. Ткъа спецпереселенцан бакъо ма йац ша вехачу районера дІасавала. Спецкомендатурин бакъо а йоцуш дІасавалахь, ткъе пхи шо хан йу хьуна. Иштта ду Молотовс буха куьг йаздина закон. Цундела, дуьхьал мел кхеттачу муьлххачун а бакъо йу хьан документаш хатта а, хьо йуьрта чу ца вита а, йуьртах араваккха а. Амма Матин а, Мансуран а карахь бакъо йу. И шиъ Покровке воьду. Цигахь ву Матин ваша Халид, цаьршиннан цхьа кІеззиг гергара нах а.

Амма хала ду-кх къеначу Матина хІара гена некъ бан. Къаналлина тІе мацалла, цамгийла8. Пехашца йовхарш йу цунна. КІелвисина волуш лаьтта. Цхьаммо а машина сацайой ткъа хІара шиъ тІехао? Хьанна оьшу и ши тІуьйлиг? ХІумма а дац! Мухха кхаьчча а, дІакхочур ву и шиъ. Йиша-вешина, йуьртахошна тІекхаьчна, йицлур йу лайна халонаш. XIapa а йу-кх и шиъ шайх чекхвийлла иттаннаш йарташ санна йурт. Гомий урамаш. ТІе латта а тесна, нийса тхевнаш а тохкуш дина поппаран цІенош. Гуонаха поппаран баролашца гуо къевлина йуькъа бошмаш. Къаьсттина дукха йу кемсаш. Бакъду, хІара йурт йоккха йу. Тамаша а бу, райцентр йацахь.

Охьа чухьоьжуш Іачу Мансурна гира дехьа басахула меллаша ког боккхуш йуьрта вулуш воллу Мата. Къена велахь а, иза Іасанна тІе ца тийжа. Букъа тІехьа ши куьг а дуьллий, лохха назманан мукъам а беш вогІу иза. Наггахь, саца а соций, бІаьргашна тІехула куьг а лоций, хьалха дІахьоьжу. ТІаккха а дІаволало. Цунний, Мансурний йуккъехь ши километр хиллал некъ бу. И некъ цхьана сохьтехь бина Матас. Иза бІаьргана къайлаваллалц хуий а Іай, тІаккха тІаьхьавоьду Мансур. ХІинца а, иза йуьрта вулуш воллуш гича, хьалагІеттина, шен ларчанах тасавелира Мансур. Ларча-м йайн йу. Кхузткъе итт шарахь дуьненахь ваьхначу, шовзткъе пхийтта шарахь къахьегначу къеначу Матина бисина бахам и бу. Наманганехь жоьлгаша лачкъийна цо оццул леррина Іалашдина духар а: даточу бустамашца кечдина Іаьржачу исхарин чоа а, дато доьхка а, хьеса кІужалшца кечйина кІайн башлакх а, бухаройн боьмаша куй а, кІеда ши маьхьси а. Шо хьалха оцу духарца йара детица кхелина шаьлта а. Амма иза хІорш махках бохучу дийнахь, цхьана майорл хьажийта ло аьлла, Матегара схьа а эцна, шен йукъах йихкира. ХІинца къеначу Матин атталха духар а дац. ИэттІа, калда а йаьлла кхозу тІаьххьара гІовтал, аьхна хеча а, тІергІан пазаташ а, калош а. Йукъах дихкина гата а… Цхьадика, Іаламо къинхетам бина, хІара денош маьлхе, довха а даьхки. Иштта а ца хиллехь, хІун дийр дара цаьршимма. Новкъахь даьхначу денойх дукхахйолу хан йерзинчу стигла кІел йоккхуш ма ву и шиъ. Милцоша буса вокзалан залашна чохь а ца вуьтура. Чайханщикашна а ца дезара хІара мезаша дуьзна ши адам. Мезий-м гуш а ма дацара. Матина йовхарийн цамгар йара. Сих-сиха йогІучу йовхаршца цо дІатуьйсура йуккъе цІийн пхенаш а хІиттина соьзе шат. Йуххедаьккхина лелош даьсса консервин гІутакх дара цуьнан. И йовхарш йара вокзалехь а, чайханахь а, цІерпоштан вагон чохь а нахана и шиъ совваьккхинарг, цушиннах адам къехкарг. Делахь а, дерриге адамаш а ма дац вуон. Адамалла йерш дукха ма бу. Цара дІатарвора тхов кІел, paгІy кІел. Нагахь, цхьа хІума а лачкъийна, вадахь олий, цаьршиннан документаш шайга дІа а оьций.

8Цамгийла (диал.) – цамгар
Рейтинг@Mail.ru